
Бисмиллах1ир-Рохьманир-Рохьими!
КАДАМАН КЕХАТ
Х1окху деношкахь нохчийчуьра ирча къаъ кхаьчна вайга. Махкар аренгахь долчу Нохчийн 1едалан куьйгалхочуьна Закаев Ахьмада жимох волу ваша Бувади кхелхана аьлла.
Цу сингаттаман дакъа цхьана Ахьмадера доьзалан кхаьчнаъ ца 1аш, Бувади вевзаш, везаш маьл хилачаьрна халхетарца дакъа кхочуш ду Бувади кхалхар.
Бувади вайна вовзарах, наха вийцарах, йахь йолуш нохчий къоман орцах лаьтташ, нохчий маршонан некъахь доккха дакъа лаьцна вара, шена болчу кхерамах, шен са а ца кхоош г1аролехь лаьттина къонах вара Бувади. Шен вешин Ахьмадан х1окху халача муьрехь мохк марша баккхар некъахь дикка накъостал деш хилла вара иза.
Мостаг1аша харцонца баьш болу т1е1ат1къам халонга а баьлла кхалхар хилла Бувадин.
Доккха орца даьллера Бувади коше верзош, Бувади нахан везаш оьшуш волуш дика стаг хилар билгалло йара, Бувадина ишта доккха орца далар.
Европехь Кхоьллинчу Нохчийн къанойн Кхеташона декъахоша кадам бо Ахьмаде а цера доьзалашка а, гергарчаьрга а.
Инна-Лиллах1и-ВА-Инна-Илайх1и-Радджи1ун!
АЛЛАХ1 ДАЛА-Гаьч дойла Бувадина!
АЛЛАХ1 ДАЛА-Йалсамане хьаша войла иза!
АЛЛАХ1 ДАЛА-иманца собар лойла цуьна ирсан дакъа кхочучаьрна а, доьзалашна а гергарчаьрна!
Амин!
Европехь кхоьллинчу Нохчийн
къанойн кхеташона хаамий г1ирсан Тобат
