Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Оьрсийчоьнан Конституцин Кхел: Доза къастош ца дохийна низам

Сацам бина баьлла, юхабоккхийла а дац…

Оьрсийчоьнан Конституцин кхело низамца богIуш лору Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза къастош шина мехкан куьйгалхоша тIеэцна сацам. Оцу маьIнехь жамI дIакхайкхорца ерзийна дозан хьокъехь ши кIира хьалха ладегIарш дIадахьна кхел цуьнан куьйгалхочо Зорькин Валерийс.

"Оьрсийчоьнан Конституцин кхело Оьрсийчоьнан Конституцица богIуш лору ГIалгIайн Республикан а, Нохчийн Республикана дозанаш билгалдохуш бина барт а, иза тIечIагIдина долу ГIалгIайчоьнан низам а", - билгалдоккху кхело шен сацамехь.

Конституцин кхело чIагIдарехь, хьашто яц Нохчийчоьнца долу доза къастош, ГIалгIайчохь референдум дIаяхьа.

Кхел ерзош цуьнан куьйгалхочо Зорькин Валерийс дIахаийтира: "Сацам бина баьлла, иза юхалиста бакъо а яц".

Конституцин кхеле кхачале…

2018-чу шеран Гезгмашин-баттахь шина мехкан куьйгалхоша, Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а барт хIоттийра шайн мехкийн дозанашкахь долалла къастаза юьсу лаьттан асанаш дозанца билгалйохуш.

РогIерчу ГIадужу-баттахь бертанна ратификаци йира шина мехкан парламенташа. Иштта низаме дирзира документ. Амма иза шеконе даккхира гIалгIайн массех депутато. Церан дехарца ГIалгIайчоьнан конституцин кхело, шен таллам а бина, мехкийн куьйгалхоша бина сацам а, тIеэцна низам а догIуш дац мехкан конституцица, референдуме даккха дезара дозанца доьзна хаттар, аьлла, къастийра.

Бахначу беттан 8-чу дийнахь Евкуров Юнус-Бека Оьрсийчоьнан Конституцин кхеле дийхира нийсо яр. Иза тешна вара ГIалгIайчоьнан конституци харц хиларх, ша тIечIагIбина сацам юхабаккха цуьнан бакъо яцарх.

АгIонашна хетарг


Оьрсийчоьнан Конституцин кхело Лахьан-беттан 27-чу дийнахь Евкуровн дехарца листира дозанах йолу шеконаш. ЛадуьйгIира шина мехкан Iедалан векалшка, парламентийн спикершка, адвокаташка, Оьрсийчоьнан Iедалерчу юристашка, коьртачу хьукматийн векалшка. Иштта, дош делира гIалгIайн юкъаралхоша къовсаме даьккхинчу лаьтта тIехь бIешерашкахь дай баьхначу орстхошка а.

Конституцин кхелехь президентан векал волчу Кротов Михаила элира, шена низамехь хета шина мехкан векалша бина барт а, иза тIечIагIбеш куьйгалхоша яьхна гIулчаш а. Оццу маьIнехь дара Инарла прокуратуран Конституцин Кхелерчу векало Васильева Татьянас а, Федерацин кхеташонан векало Клишас Андрейс а аьлларг а.

Нохчийчоьнан спикеро Даудов Мохьмада билгалдаьккхира ша кхелехь къамелдеш, шина махко барт беш юьхьаръэцна дозанашкахь бехачу нехан лаам, аьлла. ГIалгIайчоьнан парламентан куьйгалхочо Яндиев Мохьмада дийцира, ши мохк дозанца къастабелла бацаро халонга доккхура мехкийн йистонца бехачу нехан хьал, царна ца хаьара муьлха латта административан маьIнехь шайн ду я луларчу мехкан ду, ткъа оцо аха а, ялта ара а хьем бора бахархошна, аьлла.

Источник: radiomarsho.com