Нохчий Оьрсийчоьнах дΙакъастар тΙечΙагΙдеш, 12 шо хьалха Гезгмашин-беттан 6-гΙачу денна Нохчийчоьнан Маршонан Де аьлла цΙе тиллира Нохчийн Дерриг Къоман конгрессо. Цул тΙаьхьа ши бутт баьлча хаьржира къомо шен лидер Дудаев ЖовхΙар президентан дарже а...
ХΙора шарахь а кху дийнахь вайн къоман доккхахчу декъо даздора де, шаьш шайна яьккхинчу маршонах дозалла а деш. Хуьлура тΙеман гайтамаш, халкъан гуламаш, ловзарш, синкъерамаш.
1992-чу шарахь, дуьххьара Маршонан де даздечу барамийн хьеший бара гуьржийн хьалхара президент Гамсахурдиа Звиад, Прибалтикера лидерш, Москохара политикаш, шайлахь, масала, тΙаьхьа нохчашна духьал дуккха а гома къамелаш дина волу Жириновский Владимир а тΙехь волуш.
Нохчийчохь шолгΙа тΙом боьдуш а болуш, 2002-чу шарахь, Ичкерин Маршонан Де лачдоккхуш, оцу денна кхи цΙе тиллира мохк Кремлан олалле юхаберзош леллачу Кадыров Ахьмада – Республикан Де. Оцу кепехь иза даздойту махке тахана мехкан администратор волчу цуьнан воΙа Рамзана а.
«Тхоьга институттехь аьлла, ГΙали юккъехь хΙуттучу гуламе дуьйла, ца водахь, дешарх воккхур ву, амма сайн лаам хилча-м гΙур вацара со цига, адам алссам дара аьлла тΙаьхьа яржор йолчу статистикан терахь дузуш ваха веза-кх, - элира кху денца доьзна Маршо Радиоца къмел динчу Соьлж-ГΙаларчу цхьана студента.
...Ичкери дамар-дарце ерзийнехь а, Маршонан Де даздо дуккха а нохчаша, къаьсттина махкал арахьа бехачара.
Дийнан дозаллах лаьцна Лондонера дуьйцу Ичкерин дозанал арахьарчу куьйгалхойн лидер волчу Закаев Ахьмада.
источник: radiomarsho.com