ЖаIфара хIора Чиллин беттан 23-чохь гулбо шен кхетамехь болу накъостий, церан гIоьнца дIахьо ша вехачу Заркъехь я шахьарахь Iамманехь Оьрсийчоьнан векалтна хьалха гулам. Вайнах Сталина махкахбахарх а, Юккъерчу Азехь цара лайначу баланех а, баларех а дуьйцу жигархоша. Иштта Iорадоху Кремлан лаамца Нохчийчохь лаьттинчу шина тIеман дараш а.
Кхушара, аьлча а, ши бутт хьалха ЖаIфар коьртехь а волуш, Iамманехь хIоьттина митинг а, цуьнан декъашхой а, уггаре хьалха лидер а емалвеш масситтаза къамелаш дира Соьлж-ГIалара дIа Кадыровс а, дуккха а кхечу цуьнан гонерчу наха а.
ТIаьххьара а Кадыровс ЖаIфар сийсазвеш дийцира, иза нехан бала кхача вац, геннарчу Нохчийчоьнан-м муххале а, шен гIиллакх дацарца, ЖаIфар шен да велча, цунна тIе хIоьттина вац, аьлла.
Оцу къамело меттахваьккхина Урдунера нохчо. Цо Ютубехула жоп даржийна. Иза данне а дац Кадыровна товр долучех.
Кадыровс цул совнаха элира мехкан телевизионехула ЖаIфаре, хьо оццул къонах велахь, ша Iаммане хьуна тIаьхьа кема доуьйту, кхуза тхан хьаннашка восса, тIом бер вай, хьовсур хьоьгахь мел къонахалла йоллу.
Бегашена а доцуш гена даьлла могIарчу Урдунерчу вахархочунний, дерриг а дан а карахь ницкъ болчу, шех дуккха а наха «паччахь» олий цIе йоккхуш волчу Кадыровнний дов.
Кхераме дуйла Нохчийчоьнан администраторца и тайпа юкъаметтиг лелор, шен дахар кхерамехь дуйла хууш ву ЖаIфар. Амма адам цкъа бен леш а дац, ша ца кхоьру, элира цо Маршо Радиоца къамел деш.
Ша вуьззина бакъ хета Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин цIарх тIамо бохийначу шемахошна социалан гIодечу болхахь волчу ЖаIфар ИсмаIаил Халил ЖаIфар Айгунна.
Кхеташ ду, ша карахь боккха ницкъ а болуш ву, ЖаIфар кхиболу могIархой саннарг бен вац, аьлла, къарлахь тамаша бу Кадыров а.
Цундела, халахеташ делахь а, шинна юкъаметтигаш къастаелла олийла дац, ЖаIфара дош тIаьххьарниг а дуьсуш тахана. Конфликтан чаккхе ларъеш Iа вуно дукха нохчий Урдунехь а, ерриг Малхбалехь а, Европехь а, Iамеркахь а, ша Нохчийчохь а.
Источник: radiomarsho.com