Хьомсара вежарий, йижарий!
Тоьарду! Сийлахьчу Нохчийн Меттан вай хIинццалц дайина сий, хIораммо а, ваьшна ма луъу, цхьа дош нохчийн маттахь – кхо дош оьрсийн маттахь олуш бийцар, вай ненан мотт вай цIена цабийцахь кхерам бу, вешан мотт боцуш вай дисарна.
ООН-ас, ЮНЕСКЕ-га таллам байтича – дийцаре даьккхина ду, нохчийн мотт белла барна, дуьненан юкъарчу, Гиннессийн жайни юкъахь, дукха хан ялале карорна кхерам бу, – аьлла.
Ца лаьар-кха Нохчийн Къам, Къилба-Седан Кавказера: – Убайхаш, Абадзехаш, Натухайцаш, Шапсугаш – ишта кхин дIа а кегий къаьмнаш санна, дуьненчуьра делла, лар йоцуш дIадолуьйла !!!
Кхайкхам бу, тахна-тховса дуьйна, кхин дIа йолчу ханна, Даймахках, цуьнан маттах доглозчара, бийца беза вайн вешан цIена Ненан мотт.
Берс-Шайхас, Ушурм-Шайхас, Тайми Биболатас, Мадин Жаьммирзас, Адин Сурхос, Жумин Акхтулас, Исмаилин Дудас, 3айтан Шихмирзас, Эвтархойн Ахьмадас, Бенойн Бувайсхар, Обарг Зелимхас, Автoрхан Iабдурахьманас, Шамсуддин Iаьрбис, Обарг Хасухас, Абун Мохьмадас, Хьамидан Iабдул-Хьамидас, Сулейманан Ахьмадас, Айдамар Абузарас, Джамалхан Зайндис, Iабдул-КериманIусманас, Мусин Джовхарс, Iелимсолтан Имамас, – шайн дахаран новкъахь, лаккхара мах хадош, сий дина, бийцина, буьйцуш бу вайн Нохчийн Мотт, дуьненчохь бовзийтина а бу.
Кхузахь ала догIу, Польшехь, нохчийн къоман дуьненаюкъарчу Конгрессехь, Халидан Ахьмадас шена дош делча, Нохчийн маттахь шен къамел дар, вистхилар массарна хезна ду, хаамин гIирсашкахула. Халидан Ахьмадас, ша нохчийн маттахь конгрессехь а, ишта, (14) доьйтталг1ачу майхь, (30) ткъе уьтталгIачу июлехь Ичкерийн министрин а, парламентан а кхеташонашкахь динчу къамелехь масала гайтина вайна, нохчийн мотт кхин долчу къаьмнашна дIахезаш хилар а гайтина.
(20) ткъех стаг гулвелчохь, цу юккъехь кхоьчу къомах стаг нисвелча, гIиллакхехь дац нохчийн маттахь дийцича, цунна, вай хIун дуьйцу хуур дац олий, вистхуьлчо шен къамел оьрсийн маттахь дора, шен къоман меттан сий дойура.
ХIинца-м, ахь къамел дешшехь и къамел гочдеш хаамий гIирсаш бу.
Вайн Нохчийн Къоман истори ю шуна, амма бакъду, кхин дIа а истори хуьлийла лаахь, вай вешан ненан маттахь дан деза къамел, вешан къамелехь, вовшашца бийца ца беза оьрсийн мотт, ингалс мотт, немцой мотт, французин мотт, буьйцуш, ларбан беза ненан мотт, ас ца боху интеграци хила ца еза оцу къаьмнашца, церан диканиг, тоьлушдерг, вайн доцург схьаэца деза цаьргара.
Вайн варий дайша, ларбина, Iалашбина, хазбина, тобина, моз санна марза бина, вайга схьакхачийтина нохчийн мотт, вайн бакъо юй иза балийта, вешан тIаьхьенашка и дIа ца кхачош!
«… Хазнашлахь хазна ю,
Ненан мотт къоман,
Ненан мотт мел беха,
Къам дуьсу даха.
Ткъа нагахь мотт шен лахь,
Къам, лей, дlадола,
Ненан мотт бицбинарг
Сийсазво наха…»
(Арсанакъин Шайхи.)
Азербайджанехь Iийначарна дагдогIур ду, президент Гайдар Алиевс ши бутт хан тоьхна, шайн пачхьалкехь кирилицера тIера латиници тIе яьккхира графика. Жайнаш, хаъмин гIирсаш, туькний цIерш, пачхьалкхан урхаллера шадолу хIума, къоман метта тIе даьккхийтинера. Куьйгалхошка дIахьедар дина хиллера, ца ларор волу куьйгалхо балхара дIавала везарву аьлла.
Низмехь, и шадерг кхочуш а дира цу пачхьалкхехь. Тахана доккхачу баркаллийца, хьахаво цу махкахь Гайдар.
Дикка вай муьлхачо а ладоьгIча, шиммо, вовшашца буьйцу мотт, я нохчийн маттахь, я оьрсийн маттахь боцуш карбо вайна.
Ца оьшу, бехказлонаш леха, вай дай-наной, вай шадерш кхиийна цу къизачу, харц "Коммунистин систему". (Автобус чохь, я трамвай тIехь хьо велахь а, башхо а йоцуш, нохчийн маттахь вовшашка вистхила ца вуьтура оьрсаша (говорите по русски олура).
Суна, цхьа нохчо воьвзина кху аренца, вай кхоллинчу Делора буьйцу цо вайн ненан мотт мерза, цIена, хаза, эр дац-кха аша цо (22) ткъе шина шарахь (Коммунистин режимехь, Красный молат заводехь) къахьегна, оьрсий белхлошна юккъехь, Соьлжа-ГIалахь.
Ненан мотт
"...Моз санна мерза бу, ша безачунна,
ламанан шовданал цIена бу и,
хьомечу езаре ахь буьйцуш,
бека и шех хуьлий хьан деган мерз..."
(Арсанакъин Шайхи)
Нохчийчохь, Iилманчас, Iаьрби Вагаповс, ша, миллион дош долуш дошам (словарь) вовшахтухуш ву боху. Дуьненчохь, мел даккхийчу а къаьмнин хааделла дац-кх ишта жайна, ма доккха совгIат ду и вайна, Дала диканца бекхам бойла цунна.
Вай ца боху шуна, оьрсийн мотт хаа а, я бийца ца беза, аса тахана а буьйцур бар иза, оьрсешчул а цIена а, хаза а.
Нохчийн мотт – ненан мотт аьлла цIе тохна бу-кха вайн къомо, ткъа алийша вежарий, йижарий ненал хьоме хIун ду кху дуьненчохь.
Н а н а с, бераллехь вай хьоьстуш, муьлхачунна а хийлаза а олуш ма хезна: –«Дижалахь жиманиг мерзачу набарца, гIатталахь жиманиг кIоргечу хьекъалца, мерза наб кхетийла жимачу кIорнина. Дижалахь бабиниг, дижалахь дадиниг, мерзачу набарца дижалах диканиг» – олий, вай мерзачу набарна товжош, нанас олура аганан илли, ткъа и декар дог хьоьстуш, Iехош, вайн нохчийн маттара илли.
Мотт
Кхо эзар гергга мотт
Дуьненчохь бу тахна къастош,
Азаллехь царах цхьаъ
Нохчашна бийца кхачийна.
Ш у м е р а н, У р а р т у н
Зайлйозийн къайленаш йостуш,
Бехаш бу Нохчийн мотт
Халачу вайн дахарх ийна.
(Хьамирзин Заурбек)
Нохчийн къоман бала кхочуш, вайн меттан хазна езаш волчо, дикка ойла ян еза, нисдан деза, ца дича ца дендерг.
Бийцарна тIаьхьа бен ца догIу бийца хаар.
Цхьанне а ца хезна, цхьанан къомо, шаьш, шай мотт буьйцуш, нохчийн маттахь дешнаш олуш, ткъа вай хIунда буьйцу неханиг, моз санна буьйцуш а мерза вешаниг хилча.
Самадовла хIай нохчийн мотт безарш!
ИбраьхIим-Хьаьжин Iаббазан IабдуллахIан воI Iабдурахьман.
Чеченпресс, Отдел писем