Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Брюсселерчу дуьненаюкъарчу конференцин Оьрсийчуьрчуй, Нохчийчуьрчуй векалийн дIахьедар

 

Оьрсийчоьной, Нохчийн Ичкери Республикой машарх а, юкъаметтигийн принципех а лаьцна Барт бина 20 шо кхачарна лерина Оьрсийчоьнан, Нохчийчоьнан векалийн юкъара дIахьедар

Брюссел, 2017-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 15-гIа де

Оха, Оьрсийчоьнан юкъархоший, махкал арахьарчу Нохчийчоьнан Ичкери Республикан Iедалой, нохчийн юкъараллан векалший, 2017-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 15-г1а дийнахь Брюсселехь дIадаьхьна Москох 1997-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь Оьрсийчоьнанний, Нохчийн Ичкери Республиканний президенташа Ельцин Борисa a, Масхадов Асланa a Оьрсийчоьний, Нохчийн Ичкери Республиканий юкъарчу машарх а, юкъаметтигийн принципех а лаьцна Барт бина (кхидIа - Барт) 20 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар.

Цхьаьнакхетаран декъашхоша билгалдоккху 20 шо хьалха куьг а яздина, бIешерашкахь вайн халкъийн дуьхь-дуьхьал латтар дерзон болчу даггарчу лаамца лаккхарчу легитимечу Оьрсийчоьнанний, Нохчийчоьнанний векалша тIеэцна Барт вуно доккха маьIна долуш хилар.

Цхьаькхеттаран декъашхойн чIагIдо, Барт дуьненаюкъарчу принципипийн, низамийн буха тIехь хIоттийна а, Оьрсийчоьнан Федерациний, Нохчийчоьнан Ичкери Ресубликаний юкъахь машар, цхьабосса бакъонаш хилар къобалдеш, лулахойн юкъаметтигаш къастош, Оьрсийчоьний, Нохчийн Ичкери Республиканий, церан халкъашний юкъахь лелаш документ хилар.

Цхьаьнакхетаран декъашхой тешна бу, муьлхха а къовсам, ницкъ ца беш, кхерамаш ца туьйсуш къесториг хилар дIакхайкхош долу документ ша хиларе терра, Барт карарчу а, тIейогIучу а ханна Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а халкъашна доккха маьIна долуш хиларx.

Цхьаьнакхетаран декъашхоша билгалдоккху, Барт юкъаметтигаш къастош документ хилар a, цо, юкъахь къобалйинчу принципашца а, дуьненаюкъарчу низамца а догIуш, шина аг1онан з1енийн комплекс шоръян таро луш хилар a ( Бертан 3-гIа артикл).

Цхьаьнакхетаран декъашхоша дагахь кхобу, Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а халкъашна баккхий баланаш а бохьуш, эгна иттаннаш эзарнаш, халахетарца дагалоьцу, барам а боцуш дукха бахамна а, финансашна а зен а деш, вайн къаьмнийн демократин кхиар сацийна а, юхадаьккхина а болу Оьрсийчоьнан-Нохчийчоьнан тIемаш.

Цхьаьнакхетаран декъашхоша дIахьедо, историн тIегIанара Оьрсийчуьра авторитаран режим охьайоьссича маьршачу Оьрсийчоьнанний, маьршачу Нохчийчоьнанний юкъаметтигаш оцу Берта тIехь кхион оьшур дуйла.

Цхьаьнакхетаран декъашхоша баркалла олу Европан парламентан векалшна а, Дуьненаюкъарчу машарехьа болчу католикийн Pax Christi юкъарлонан Фламандерчу декъанна а, хIара цхьанакхетар вовшахтухуш гIодарна.

ДIахьедарна тIечIагIдина

Оьрсийчоьнан агIор:

Дмитриевский С.

Долгих А.

Илларионов А.

Кириленко А.

Пионтковский А.

Романов А.

 

Нохчийчоьнан аг1ор:

Закаев А.,

дозанал арахьарчу Нохчийчоьнан Ичкери Республикан Министрийн Кабинетан куьйгалхо

Докудаев А.,

Европерчу Нохчийн Ассамблеян президент

Мицаева М.,

Нохчийн Кегийрхойн «Нохчийчоь» цхьаьнакхетараллан секретар

 

источник: radiomarsho.com