Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Н1аьвло аьлларг

 

Bildergebnis für Докудаев ахмед

Кхечунна лер, хетарх, моттарх, тардаларх наханна т1ехь доцург дийцар - доккхачех къа лоруш ду. Цхьанна - м т1ехь долу сакхат, кхечуьнга дийцар, иза а - шен лайна ца магийна Везачу Дала.
Тахана, Аллах1ан г1оьнца, хаамийн г1ирсаш бу дуьненчохь кхоьллина. Мел боккха ницкъ бу и. Дела резавеш пайда эцахь, г1о-орца а хуьлу, амма шайт1анна луург дича, адамашна шех доккха зе-зулам а долу цу хаамийн г1ирсех.
Хаамийн г1ирсашкахь цхьаболу «ночий» сих-сиха вовшашна луьйш хаъло. «Дадала, хьан дела1! Ма меттахь а, дог1уш а аьлира ахьа иза!» - олуш, цхьанна - м ч1ог1а луьйш билгалвелларг, хестошверг а хуьлу, иза дозалла лоруш.
Нохчийн дахаран низамехь (1адатехь) мел деса а, к1илло а лору — кхечунна лер.
Нахана луьйшверг, нохчаша:

«Багахула мох оьхуьйтург,

нехан беша т1улгаш кхуьйсург,

шен б1аьргахь йоллу х1ума ца гург,

зудчун мах беш, тоьшаллийна ца магийнарг,

чохь са а долуш, велла лорург,

хьаьлакхоьссича охьа ца йог1ург,

ч1урам цамгар шеца ерг» - олуш, билгалвоккху и саннарг.

Bildergebnis für жаворонок на дороге
Лакхахь вай юьйцу вон цамгар шеца йолу Ц1ака хиллера, говр йоьжначу ворданахь хьаьаш а йолуш, уьш хьерахь ахьа воьдуш. Арахь ло а долуш, 1аьнан зама яра иза. Ворданахь вог1учу Ц1акина, эрна арахь, некъа йистехь, лайлахь хиъна 1аш н1аьвла ц1е йолу олхазар дайна хиллера. Н1аьвлах г1азкхаша Жаворонок олу. Иза к1еда аз а, коьртахь ира к1уж а болуш, адамашна зене а доцуш - жима олхазар ду.
И н1аьвла долчу ша нисвелча: «Х1ай, н1аьвла, хьо хун деш 1а кху некъайистте а хиъна? Цхьамма т1улг кхуссур бу хьуна. Иза кхетахь, лазо а, дала а тарло хьо. Д1адала кху некъайисттера, цхьамма хьайна бохам бале» - элира, цуьнга Ц1акас.
Ц1акас аьлларг шена хезча: «Суна х1унда кхуссу т1улг? Со адамашна зуламе а, зене а ма дац. Кху новкъахь воьдург а, вог1ург а нисвелча, цуьнан ворданахь йолчух йоьжнарг кхоллуш — хене дала г1ерта со. Ша д1ахоуьйту хьуна, ва Ц1ака! Стаг а, къонах а волчо - шена т1улг кхуссур а бац. Стогалла а, къонахалла а шеца йоцучо кхоссарх — иза суна кхетар а бац. Диканна ца боху ахьа иза. Сан бала а кхаьчна, хьо соьга къинхетаман б1аьрга хьожуш хилча, ворданахь долчу галичуьра куьйга эцна, хьаьаш тосур яра ахьа суна — соьгара мацалла йузо. Д1аг1о хьо воьдучу»-олуш, ша оьг1азе а долуш, Ц1акина жоп делира н1аьвло.
Н1аьвло деллачу жоьпо, ша цуьнга аьлларг дош доцийла хаийтира Ц1акина. Н1аьвле ала х1ума а доцуш, иза д1авахара цигара. Н1аьвла сецира цу некъайисттехь, Делера шена хьанал рицкъа хиларе сатесна.
Х1ай, нахана луьйш волу, лай, д1ахаълахь: нахалахь мах лахара а хир бу хьан, Аллахьана гергахь къилахь а ду иза.
Везачу Дала лардойла вай: нахана лерах а, хетарх, моттарх, тардаларх адамна т1ехь доцург дийцарх а!

Хучин Ахьмад.