Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Нохчашка-кхайкхам

chechenia

Д1адаханчу бIешерашкахь вайН дайша хаддаза Россина дуьхьал маьрша хила латтийначу къийсамашкахь, тахана нохчийн къомехь йолу хало санна, хала киртигаш Iиттаелла нохчашна тIе.
Гинарш а бу, цхьаболчарна дуьйцуш а хезна 23.02.1944 шарахь нохчийн къам, бехк-гуьнахь а доцуш Даймахках даккхар. Дийцарехь хала киртиг хилла нохчашна тIехIоьттинарг. Мацалло, цамгарша дукха синош дIаоьцуш, баларш хилла нохчашна юкъахь. Хийла нохчийн стаг, зуда, жимха, йоI, бер тIеваха коша барз боцуш, докъаза байна сибрех дуьгуш а, дIакхаьчча а.

Яккхий халонаш а, баккхий баланаш а лайна нохчийн къомо цу хенахь. Оцу халонашка, баланашка шайна тIехь толам ца боккхуьйтуш, гIиллакхах а, оьздангаллех а ца бухуш 13 шо даьккхина нохчаша сибрех-Даймахке сатуьйсуш, цуьнга болчу безамо дегнаш делхош, бIаьргаша мела хиш Iенош. Цу сибрех, шайна хийрачу мехкашкахь нохчаша гайтанчу цаIалло, доьналло вай къома лаккхара мах хадош, дешнаш алийтина кхечу къаьмнийн векалшка. Кху шарахь, чиллана баттахь 70 шо кхочу нохчийн къам Россис сибрех дахийтина.

И де а, бутт а, шо а вайн дайша, наноша, йижарша, вежарша цу хенахь лайна халонаш а, баланаш а-уьш дицдина Iьаш волу «нохчо» ма вахийла.
Тахана нохчашкахь долу доьхна, чолхе хьал вайн тидаме эцча, ша нохчо ву бохург, Iа йиш йолуш вац, шен чохь долчух кхачо а йина.
Даймахкал арахьболчу, нохчашка кхайкхам барца дерзо лаьа:
1. Даймахкал арахь болчу нохчашка доьху само яр, вовшашна юккъехь барт хуьлу агIо лахар, нохчийн гIиллакхийн а, оьздангаллийн а тергам бар.
2. Нохчийн къам, Даймахках даьккхина 70 шо кхачарна:
а) йилланчу меттехь вовшахкхетар;
б) белларш дагалоцуш мовлад дешар, сагIа даккхар, Деле къинхетам бар доьхуш доIа дар;
в) оцу меттехь мухIажарийн кхеташо дIаяхьар;
г) цу кхеташонехь нохчийн къомехь тахана хIоьттина чолхе хьaл дийцаре дар;
д) кхеташона сацамаш кхочуш бан мухIажарийн тоба кхоллар, цаьрга яла хьакъ йолу бакъонаш а луш;
3. Лакхахь бан лерина болчу белхашна кечамаш бан а, уьш дIабахьа а жигархой билгалбахар - компьютарх пайда а оьцуш.
4. Вайгахь болчу аьттонашка хьаьжжина соьмаш вовшахтохар. Лакхахь вайн ба гIерточу белхашна гIо а, сагIа а хир ду цуьнах.
Оха, мухажарийн жигархой тобано доьху нохчашка, хIара кхайкхам шаьш Iаьш дол-долчехь бицаре бар- шайна хетарг олуш. Доьху мухIажарий кхеташонехь дакъа лаца хьакъ болу векалш билгалбахар. Нохчийн къоман галдаьлларш нисда да вац кху доккхачу дуьнентIехь, вай-ваьшша доцурш. Шен къам нисдалийта бахьнаш леладар тIехь ду хIора нохчочунна, уьш кхочуш хилийтар, Делехь дуй а хууш.
Дала Ша реза волчу новкъахь барт бойла нохчийн къоман а, массо бусулба неха а!

 

Ларамца, мухажарийн жигархойн тоба: Хучин Ахьмад, Сахьабан Деналбек, Шамсуддин Сайд-Мохьмад, Iалавдин Рамзан, IабдуллахIан Iабдурахьман, Деловн Рамзан, ТIахин Мохьмад, Ижин Iимран.