Эзар бархI бIе кхузткъе пхоалгIачу шарахь Дай баьхна латта дитина, вайн нохчийн къомах цхьа дакъа, Хонкара махка дIакхелхина. Цигахь хилларш, лелларш истори агIонаш кегийнчара, шайн тептаршкахь яздина ду. Яхь йолуш, луьрачу, къизачу дахаран хьелаша дахчийна дегнаш чIагIдина , Даймехках хаьдда, хIинца а бехаш бу цигахь нохчий, ДегIастане сатуьйсуш. Царалахь, цхьаьнан нохчочух, шу пурбанца, цуьнан доццачу дахаран некъах ду тхан хIара яздарш.
Чардакх олучу шахьарахь. бурканах ловзучу туркойн берашна юккъера схьа а ваьлла чувоьдучу дейттех шо долчу кIанте цхьаьна зудчо хаьттинера- «Зайнап муьлха цIа чохь ю?»- аьлла. « Хаац суна-м, со нохчо ву»-аьлла хиллера цу кIанта. Нохчийн маттахь шега цхьаъ хьаттича цу кIанта, «Шена нохчийн мотт ца хаьа»- аьлла хиллера. ТIаккха цу зудчо,-« Нохчийн мотт хьуна ца хаахь хьо нохчо вац» - олуш, техтохам бина хиллера пхийттара валаза волчу Медетанан Онлуна.
Оцу зудчо аьлла дешнаш дагах а кхетта, цара кийра Iовжийна, Медетан синкхетам самабелира. Нохчийн мотт Iамо, и бийца, язбан, деша Iалашо лецира цо. Нохчийчуьра, шена ненан меттан жайнеш а даийтина, нохчийн мотт Iамо вуьйлира Медет Онлу.
Ондда къа а хьегна, нохчийн мотт шена безарна Iамийра цо.
Дуьненан Iилманаш схьа а эцна, ханалчу дахаран марзонашка кхаьчна Медет, нацкъара ваьлла лаьттана вац ДегIастана боссина бала а болуш. Эзар исс бIе доьзаткъе девтталгIачу шарахь, сийначу цIарах богучу Дахмахкана орцах волу иза. Шегахь нохчалла хиларе терра, Медет вара даггара нохчийн къам маьрша хиларе сатуьйсуш, нохчий маршоне кхачо шен са ца кхоош къахьоьгуш.
Цуьнгара доьналла а, Медета дикалла а вай йийца ца оьшуш дуккха болчу нохчашна евзаш ю.
Ткъе шолгIачу стигалкъекъа баттахь, ши эзар кхойтталгIачу шарахь, Туркойн пачхьалкха Анкара олучу шахьрехь, тешнабехкаца, нохчийн къома мостаг1аша, вийра Медет Онлу. (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Иза вара Турцехь Ичкери пачхьалкха Лераме Консула декхарш кхочуш деш.
Медет Онлу хир ву вайн цIе йолчу къонахий мог1арехь -нохчийн къам дуьненчохь мел деха!
Дегнашка йовхо кхачарца тIеийцира оха, кху Г1уран беттан хьалхарчу дийнахь, ши эзар кхойталг1ачу шарахь, Заки Ахьмадан омарца, Спортан Депортаментан куьйгалхочо Т1ахин Руслана а, иштта Оьздангаллийна а, Дешаран а министар волчу Шерипан Иналас, Антверпен шахьарехь вовшахтоьхна, д1аяьхьина дуьненаюкъара паргIатчу лаамехь, хьуьнарш къовсаран турнир - Медет Онлуна лерина йолу . И турнир вовшахтухуш къахьегначара а, хьуьнарш къовса бехкинчу кегийрхоша а, цига хьовса баьхкинчу нохчаша а вайн къам маьрша хирг хиларе болу дагчура тешам тIечIагIбо, сина паргIато ло. Оцу белха мах беза бу. Кхин хIума ца хилча а, нохчийн къома мостагIчуьнга ойла йойтур ю цу вовшахкхетаро.Цу гуламо дуьненна а гойту нохчийн къоман шен бакъ болу турпала кIентий, мехкарий муьлш бу хууш хилар а, церан пусар дар а.
Дала, Шен дуьхьа лорийла и турнир вовшахтухуш хьегна къа а, иза дIахьош дакъалацар а. Кхузахь баркалла ала догIу, Белгийн пачхьалкха хьукматашна а, уьш нохчийн къома мухIажаршкахь долчу чолхе хьолах кхеташ хиларна.
Нохчийн къома маршоне даггара сатуьйсуш болчеран дегнашка хазахетар кхочуьйту, Заки Ахьмад коьртехь волчу Ичкери пачхьалкха куьйгалло, шайна кхераме доллушехь, цу пачхьлкхан бух ларбеш хьоьгуш долчу къино. Дуьйцуш-м хезнера, Ичкери пачхьалкха паспорташ деш ду бохуш. Дагна кхаъ хиларца тIеийцира оха Антверпенехь цхьаболчу нохчашна и паспарташ далар тхайна хиъча. Къаьсттина дегнаш даккхийдо, Медет Онлус Туркойн пачхьалкхехь беш хилла болу болх, цуьнна тешаме хилла волчу туркочо, Мухьамадас НуруллахIа Четина, даггара ша бийриг хилар хоуьйтуш, шена тIелацаро. Мухьамадана а, цуьнан накъост волчу нохчочунна Хуснина а Ичкери пачхьалкха паспорташ далар мехала хета.
ЧIогIа мехала хIума хета Ичкери пачхьалкха паспорт юкъадаккхар.
ХIинца къаьстар ву нохчех маршо багахь езнарг а, даггара иза къобалйийриг а. Бехказлонаш къобалъян бахьанаш леха хала хир ду кхузахь.
Лакхахь вай билгалдина а, билгалданза а Заки Ахьмад коьртехь волчу Ичкери пачхьалкха урхалло, шен гIоране хьаьжжина, нохчийн къам маьрша далийта лелочу бахьанаша дагна йовхо ло.
Тешам кхуллу кийрахь, нохчийн къам шен бакъонца йолчу Iалашоне кхочург хиларх, Даймохк, мостагIах паргIат бериг хиларх, халчу гечехь маршо ларъеш хьаннашкахь болу вайн вежарий маьрша бевриг хиларх!
Сийлахьчу Деле доьху, нохчийн къома барт хилийтар, маьрша хилре йолу Iалашо кхочушъяр, харцо эшош, бакъо толаяр.
Берлинера – Францера – Австрера - мухIажарийн къанойн тоба.
05.12.2013.
Cуьртан рагI