Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Муха хьийсабо Оьрсийчоьно Къилбаседа Кавказера нах ДАIИШ-е

Рейтеран корреспонденто Цветкова Марияс деношкахь даладо хIара масал.

Диъ шо хьалха Дагестанерчу Керла Сиситларчу 38 шо долчу Шарапуддинов СаIадна дуьхьал дов а гIаттийна, иза лаца кхайкхаво Оьрсийчоьно. Бахьана - хьаннашкарчу тIемалошца иза хилар.

ЦIеххьана хийцало дерриг а. 2012-чу шеран Iай, цунна цхьа тамаше некъ кховдабо ФСБ-но – иза Оьрсийчуьра дIаваха реза хилахь, лоцур вац, олий. Мелхо а гIодийр ду, бохура.

Иза тIемало вара. Герзашца къовлавелла а лелара. Иштта доллушехь, и некъ кховдийра цуьнга, боху дуьйцу ша Шарапудиновс. Шайна хьо махкахволийла лаьа, элира цуьнга.

Иза резахилира. Массех бутт баьлча цунна кхечу стеган цIарх керла паспорт даьккхира. Истамуле кеманна некъакехат а делира. Туркойчуьра Шема а кхьаьчна, «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхийтира иза.

Рейтерна Оьрсийчуьра иштта дIавахана 6 кавказхо карийна. Къаьсттина дукха бара бохуш дуьйцу цара Сочехь олимпиадана кечлучу Iедало шаьш санна Шема хьовсийнарш.

Ахшо хьалха Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан директоро Бортников Александра официалехь дIахьедира Малхбале тIаме вахана 2900 бусалба ву аьлла. Царех дукхахберш 20I3-чу шарахь бевлла Шемин дозанчу, боху Кремло.

ДАIИШ-ехь кхоалгIа мотт бу шен дукхаллица оьрсийниг, Iаьрбийнний, ингалсанний дIабевлча. Оьрсийчоьно уггаре дукха цига тIемалой кхачочу пачхьалкхийн могIаршлахь ю.

ХIинца Шемахь тIом беш хьийзачу Оьрсийчоьнан коьртачу мостагIех а бу цуьнан хилла махкахой.

Кремлан векалша бакъ ца до шаьш Оьрсийчуьрчу тIемалошна Шема баха некъ баьккхира бохург. Уьш шайн лаамца, ФСБ декъахь а йоцуш, бахана тIаме, чIагIдо низамхоша. Бортниковс «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанийн верасаш бехкебо, Оьрсийчу а кхочуш, нах цига дIакхийларна.

Путинан пресс-секретаро Песков Дмитрийс иштта бохура оцу хьокъехь: «Оьрсийчоьнан Iедало цкъа а ца кхаьбна террорхошца юкъарло. Я кхобийла а дац. Оьрсийчохь террорхой хIаллакбо. Иштта хилла а, хир долуш а ду даим».

Бортников а, Песков а мел бакъ ву я вац гойтуш ду шира а доцу Нохчийчуьра масал.

Соьлж-ГIалахь кхиина а, цигахь дуккха а дешна а ву Абдураманов Тумсо. Хьаькаман даржехь Iийна волчу цо Маршо Радиога зIенехула шегарчу баланах лаьцна дийцира.

Цхьана дийнахь гIалин юккъехула воьдуш цунах бIаьрг кхетта Iедалан дайх цхьаьннан. Эццахь дохадоьлла Тумсон хьовха, цуьнан мел болчу гергарчийн а дахар.

Абдурахманов Гуьржийчохь ву тахана шен доьзалца а, уллерчу нахаца а. Амма иза шайн куьйгакIелхьара ведда цига кхачар ца лайначу Нохчийчуьрчу хьукматаша цунах мостагI вина. «Исламан пачхьалкх» олучу тIеман тобанех дIа а кхетта, цуьнан могIаршкахь ву аьлла, Оьрсийчоьне лаца кхайкхавайтина иза.

Абдурахманов Тумсо можан башхалла бахьанехь а, терикъатIехь вацарна а тIаьххьара махках баьхначех велахь, стохка а лурчах а Туркойчуьра, Мисара, оццу Шемара хийла нохчо волура зIене.

Маршо Радион церан кхолламех дийцанний бен, кхин дан хIума дацахь а, дала орца доцчохь, эфирехь шайн къа-бала хьахор мукъане а пайде хиларе сатуьйсура кегийрхоша.

Амма цкъачунна дац оцу нахана орца карийна а, я бац карор ду ала меттиг а.

Источник: radiomarsho.com