Хийла вай вовшахкхеттачохь дуьйцуш, олуш хеза вайна: «Вайн дай оьзда, яхь йолуш хилла, цара вовшашца г1иллакх лелош хилла», - бохуш. Вай дозалла дарца дуьйцу къонахех, дикачу нахах лаьцна.
Амма иза дац тахана вайна юкъахь оцу тайпана дика нах ца бисина бохург. Делахь а, вайна мел халахеташ делахь а, х1окху т1аьхьарчу шерашкахь ч1ог1а лахбелла адамийн вовшашка болу къинхетам, баккхийчаьрга болу лерам, вовшашна юкъахь хаалуш ю эвхьазлонаш. И эвхьазлонаш хьакхало божарех а, зударех а. Уггаре а халахетарг ду, доьзалан ненах, х1усамненах хьакхалуш уьш хилар. Д1айаг1анчу хенахь шайн юьртахь я куьпах емалвора вуониг, къобалдора диканиг.
Массара лоруш болу нах хуьлура х1ора юьртахь а, куьпахь а. Юьртахь пхьоьханаш хуьлура, къоьжалло кхелина баккхий нах охьа а хуьйшуш, дика-вуо цара дийцаре дора. Суьйранна, малхбузу 1индаг1аш дахлучу хенахь, хаза хийист д1ах1уттура, цигахь кегийрхой вовшахкхетара, вовшийн безамах лоций дагара дуьйцуш. 1уьйранная дийна делккъехь йо1е вистхилар эхье лорура. Маьрк1ажал хьалхе йо1 маре йодахь, ядийнарг лорура. Массо х1ума а шен-шен кепехь дара. Наха х1ума аьндолчух ларлора. Буьйсанна буьртигахь хьаьжк1аш йохуш, т1арг1а къажбеш я нораш ц1андеш белхеш хуьлура, я синкъерам бора, хьеший баьхкича, церан Лерам беш.
Юьртахь зуда ялийна ловзар хилча-м, ерриге юрт бохург санна, цига д1агуллора. Нускале мотт а бостуьйтуш, лаккхарчу низамехь той д1ахьора. Бакъду, юьртахь даьлла тезет а долуш, цхьана дас ловзар-м муххале а дийр дацара, ур-аттала зуда ц1а юьгуш топ кхуссуш а ца хозуьйтура.
И дирреге а таханлерчу денца дуьстича, вайна гуш ду-кх: 1уьйранна мичча хенахь а йо1 урамновкъахь сацон а, цуьнца латта а мега. Буьйсанна хуьлучу болхийн еттана, кегирхой телевизорш чу а бирзина 1аш бу. Наггахь юьртахь ловзар дича а, цхьацца лела ца хуучу наха и дохош меттигаш хуьлу.
Дукха хан йоццуш со рузбане воьдуш а, юха цигара ц1а вог1уш а сайна новкъахь гиначух цхьацца х1ума хьахо лаьа суна.
Со боккхачу некъа воллушехьа, 40-45 шо хир долуш йолу цхьа зуда смуна нийсса 2-3 г1улч хьалхашхула, со тергал а ца веш, некъаца машен йог1уш юй а хьаьжна, сан некъ а хадош, дехьа йолу. Иза 1овдал йоций-м хиира суна, 1одал хилча машен йог1ий а хьожур яцара …
Ас ца боху сайн некъ х1унда хадийна, и Баха сан бакъо а яц, шари1ате диллича а, х1унда аьлча мискъалазарраталл а хьо кхечарал лакхара хетавала мегар дац боху. «Со х1унда ца лери х1окхо я сунна хьалхахула х1унда ели х1ара?» - аьлла а дагчу куралла яг1ахь, Дала гергахь кхераме ду боху. Ас бохург: «Деллахь, г1еметта х1оттина йолчу оцу зудчунна а г1иллакх-оьздангалла х1ун ю ца хиъча, цуьнан доьзало х1ун дийр ду-техьа? Цара х1ун лелор ду-техьа? – бохург ду.
Со ц1а вог1уш а, ц1а кхача йиснарг 200 метр хиллал меттиг бен яцахь а, ц1а ваха йиш йоцуш лаьттира со, оцу боккхачу новкъара хьалавоьрзучохь, тхан урамновкъахь, сан беша йистехь ала мегар долуш, лаьтташ дара к1анттий, йо11ий. Х1инца со хьалаволавелча церан меттиг йохайо-кх ас бохуш, сайн жималла дага а лоьцуш, лаьттара со. Бакъду, со жима бер долчу хенахь лаьттинчух тера-м дацара сунна гуш долу сурт. Цкъа делахь, йо1 шеца накъост а йоцуш, ша цхьаъ яра, я к1ентан латтар а дацара башха йо1аца дагара дуьйцуш лаьттачух тера. Алссам нах д1асалела урам бара иза. Ц1а ца вахча ца волуш вара со. Делахь а, со-м йог1уш йолчу, сайн лулахочун «Беларусь» трактор а сацийна, цу т1е а хиъна, царна уллошха чекхвелира, царна новкъарло ца еш. Цул т1аьхьа, г1еххьа хан яьллачул т1аьхьа, со корехула ара хьаьжча, лаьтташ гуш дара и шиъ, амма царна уллошка т1ехбуьйлуш, д1асалелаш, сол кегий а, даккхий а адамаш гора. Ас ойла йира: «Хьажахь, церан меттиг а ца юхуш, со а валлург хилла-кх царна т1ех», - аьлла. Амма ас лелийнарг сайн г1иллакх дара.
Эхье х1ун ду а, эхье х1ун дац а хьоьхуш хила дезаш дара, къаьсттина дай-наноша. Кхин х1умма а ца хилча а, вай муьлхха а цхьа буьйса схьалаьцча, сирла сахиладоллалц цхьацца маьттаза г1овг1анаш а еш, деса къамелаш дарца билгал а буьйлуш, ц1армата буьйлуш, пайда боцурш лелош, урамновкъахь буьйсанаш токху вайн цхьаболчу кхиазхоша.
Дай-наношна х1унда ца хаьа шен доьзалхо чу муьлхачу хенахь вог1у я, цо х1ун некъ лелабо?
Вайн доьзалш вай иштта хецна битахь, массо х1ума а, кхана 1уьрре къоман амал йоцуш, юьхь йоцуш дисарна кхерам бу вай. Х1ун дийр дара-те, х1ун далур дара-те вайга?
Вай, Дела орцах волийла бохуш, 1ерах г1уллакх хир дац. Вай лелочу дикачу х1уманна и орцах ваьлча а тоьар ма ду. Вай ваьш ду тахана оцу вешан доьзалшна орцах довла дезаш дерш, уьш нийсачу новкъа баха дезарш, царна хуурш хьеха декхарийлахь дерш.
Шеко яц шуна, Дела ч1ир оьцур йолуш ву. Мискъалазарраталл а хаттар доцуш, жоп доьхур доцуш х1ума шуна. Ойла е тахана шаьш сема долччуьра, набарх т1еоьхьнарг бен хир дац шуна. Байттамал бохучу хенахь т1аьхьа хир ду …
Сунна хетарехь, шен парз пхи ламаз а деш, кхин суннаташ а ца деш, вайнехан г1иллакх-оьздангалла лелийча а, ялсамане даха хьакъ долуш къам ду вайниг.
Дуьненахь дехаш долу дерриге а къаьмнаш вовшех юьхь-сибатца, басца къаьстина ца 1аш, шайн г1иллакхашца къаьста. Ткъа тахана вайна гуш дерг, вайна хезаш дерг вайнехан амалца дог1уш дац. Масала: урамновкъахь ламазаш а туьлуьйтуш я уьш данне а ца деш, цигаьркаш, къаьрканаш, кхин йолу «ирча» баккхалш юхкуш вайнехан зударий хилар и вайна массарна а эшам бу, цхьана доьзалан нана мА ю иза … Д1акхоьссина Бер карийна бохург къоман а лазам бу, къанделла да-нана д1атесна лелашбераш ду аьлча а ч1ог1а новкъарло хуьлу дагна. Х1унда аьлча, уьш берриге а цхьа тайпа-тукхам долуш, белча д1абохка безаш, дайн кешнаш долуш нах мА бу. Дола дан дезара вай вешан доьзалийн. Х1ора а дас-нанас шен-шен доьзална т1ехь хила мА-деззара 1уналла деш хилча, вайна милцой а оьшур бацара, цара кхин болх бийр бара. Оцу доьзалех лаьтташ ма ду дерриге халкъ. Доьзал ма бу вайн уггаре хьалха ларбан безаш берг, т1ехь 1уналла дан дезарг. Цундела оьшу дай-наноша шайн доьзалшна, к1ада а ца луш, нийса некъ хьехар.
Дуккха а болчу хийцамийн тешаш хилла вай х1окху т1аьхьарчу шерашкахь. Оцу д1адаханчу т1емаша хийцина-техьа вайн амал? Тахана вайгахь долчу хьоле ладоьг1ча, кхана вай мича кхочур ду-техьа бохург дагчу лелхаш, ойлано хьийзаво.
«Вай нохчий ду», - олу вай, бакъду, нохчочуьнгахь хила езаш йолу яхь, г1иллакх, оьздангалла, собар, стогалла тоьаш ца хуьлу.
«Вай бусалбанаш ду», - олу вай. Амма, бусалба стагана т1ехь долу декхарш кхочуш ца до. Т1аккха хуьлий вай бусалбанаш?
Таханенна пайдехь дерг лоьху, аттаниг хоьржу, кханенан йола йийриш к1езиг хуьлу.
Угаре а тоьлларш хир дара вай, ваьшна хетарш 1адда а дитина, вай кхоьллинчу Везчу Дала х1ун боху хьаьвсича.
Масийтта декъе декъаделла, вовшашца хера а ца дуьлуш, бусалба дин цхьаъ хиларе терра, цхьаъ хилий даха вай? Оцу бакъ новкъа вай д1адахча ялсамане кхочу-кх вай. Ца долхахь – некъах тилла, шайт1анан буйна дахарна кхерам бу.
Делахь а, вайн къам дукхаха дерг мискачу нахах лаьтташ ду. Дала Ша церан до1ина жоп луш, ца духуш схьадеана а ду. Дахарехь шайна мел халонаш хиларх, къизалло хьийзадарх, и дерриге Делера дуйла а хууш, Цуьнгара шайна ял хиларе са а туьйсуш, Делан диканах дог а ца дуьллуш, кху хене схьабаьхкина миска нах. Уьш бу-кх буьззина Делан лайш. Цара къийсац дуьненан даржаш. Дала кхоччуш 1амал яр бен, цара лехац дуьненан ялсамане … Уьш бу уьш, кханалерчу Къематдийнахь, шаьш Кхоьллинчо диканца кхаъ боккху берш. Ткъа къонахий а бу церан даржехь, Дала дуьне ч1аг1деш, х1иттийна мокхазан лаьмнаш сана, мехкан дуьхьа кхоьллина, халкъан к1ортораш.
Дала юакъдерг довза хьекъал лойла вайна, т1аккха оцу бакъдолчунна т1аьхьадаза ницкъ а лойла вайна! Дала иштта харц дерг довза а хьекъал лойла вайна, харц долчух лардала ницкъ а лойла вайна!
Дала нисдойла вай Шен нийса некъа т1ехь!
Дала лардойла вай Шен оьг1азлонах!
Дала лардойла вай зенах-зуламах!
Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
Отдел мониторинга "Чеченпресс"