Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Бакъ дуй те…?

medali

Вайн массарна ма-хаъара, а 1859 шарахь август беттан 25  дийнахь  эла  волу Барятинскис Гуниб схьаяьккхира. Шена лаъа  лууш Шемал  йийсаре  вахар.

Амма  цу т1ехь  Кавказера т1ом  чеккха ца  белира.

Дуьхьало еш бара убыхаш а, шапсугаш а, черсий а, кхин долу къаьмнаш а.

Нохчийн Чоь шен къизалла гайтина  волу Евдокмиов инарла Малхбуза Кавказе  хьажинера Россин  паччахь Шолг1а волу  Александра.

Евдокимовг1ара луьра  т1ом  бира  вай  хьалха  аьллачу  къамнашца.

Тоьпаца  а, тешнабекаца  а.

Цхьа миллион  сов  1863–1864 шерашкахь Хункар Пачхьалкхе  уьш х1ордан  кеманашца бахийтира. Амма, гуьржийн архивехь  долу  тептарша  ма гойту, оьрсийн даккхий  кеманаш яккхий тоьпаш  а етташ, х1ордан буха  дохуьйтура убыхаш, черсий, шапсугаш т1ехь  долу  кеманаш. Цхьа ах миллион  гергга бен царах Турце д1а ца кхечира.

Малхбузера Кавказехь болчу къаьмнашца муха  т1ом  бан беза, бохуш, эпсаршна  хьехамаш бора Шемала. Кавказе воьдуш волу  х1ора  оьрсийн  эпсар хьалха  Шемалца  т1емах лаьцна  забарзе  къамел дан дезаш вара. Шемала цаьрга  олура, мила  муха  1ехо  виэза, хьан дала деза  сом-ком  я ахча-бохча, я даржа, я муьлха  ярташ ата  еза. Иштта хьехамаш бора  эпсаршна Шемала, бохуш, дуьйцу Руновскис а,  Быковскис шайн йозанашкахь.

Шен «Дагалецамашкахь» Россин т1еман министро Дмитрий милютина  яздо:

– «Кавказехь Россис т1ом  бора  керстан дин ч1аг1дархьама. Х1унда  аьлчи, керстан  дино бен лелош яц  адамалла» – 1.

Кавказан т1еман  чурха я чулацам гучу  боккху цу хенахь  вевзаш волу  Соллогуба:

– Кавказан жIархой бу оьрсийн эскархой» –2.

Май  беттан  21-чу  дийнахь  1864 шарахь Евдокимовг1ара яьккхира КБААДу ц1е йолу убыхан г1ап.

«Кавказехь  т1ом  чеккха баьлла», аьлла,  кхайкхам бира Шолг1а  волу Александро-2.

Массо а убыхаш къиза х1аллак бинера  «адамалла шайн сица  йолу» оьрсийн эпсарш а,  эскархош а.

Дуьнен т1ехь  бац  убыхаш,  шапсугаш, натухайш а.

Май беттан 21-г1а  де вуно  ч1ог1а даздеш дара  Калакойхь (Тбилисехь), Маскухахь, Питирбухехь.

И де  даздеш, х1ора эпсарна луш яр датон жIар «За  службу  на Кавказе» –3.

«Вай толам  баьккхина», бохуш ц1ог1анаш дара  массанхьа детташ.

«Абаден абадаллалц х1ар Кавказ вайн долахь ю», – бохура  Шолг1а Александро.

«Х1инца Кавказехь вайн бакъо бен  хир яц», – кегийчара а, баккхийчара а, зударш а, бо;арш а бохура.

Цу дийнахь, хи санна, ца  1ебаш молуш дара чхьаг1ар а, къаркъа.

Цу къаркъаца  ловзуш яр Росси.

Дукха бар (эпсарш а, салтий а, урахаллийн куьгалхой  а…) цу дийнахь  х1ар  медалш я ордалш елла:

– «За покорение Чечни и Дагестана»

– «За покорение  Малой Чечни»

Эпсаран Ж1ар «За покорение Ичкерии»

– Г1изларан, Мазлакхан, Владикавказан (Буру г1алан), 1-ра, 2-г1а Соьлжан г1алг1азкхийн полкашна Шолг1а  Александро елира Георгийн байракхаш х1ара  йоза  т1ехь  долуш: «За военные  подвиги  против  непокорных горцев» – 4.

Цу дийнахь массанхьа  ловзаран бал бар боккхуш.

Амма Кавказехь т1емаш бар.

Кавказехь  г1аттамаш бар.

Нохчийн Чохь  1864 шарахь  Шелахь  яккхий тоьпаш йиттина  ши б1е  гергга  зударий а, божарий  байира. Цаьргахь герз дацар.

Уьш маьрша  нах бар.

Цара 1едале  доьхура: «Мукъа ваккха тхан устаз Киши-Хьаьжа».

1865 шарахь май беттан 28–31 деношкахь Экмирзан Тазас г1аттам баьккхира. Г1аттамхоша  бохура:

– «Тхуна  оьшуш  яц Хункар  пачхьалкх (Турци).

– «Тхан Мохк Нохчийчоь ю».

– «Тхан Мохк Дег1аста ю».

1865-чу шарахь май беттан 31 дийнахь Тазан г1аттам  оьрсийн  салташа къиза д1ахьаьшира – 5.

Апрель беттан 13-чу  дийнахь 1877 Олбаг-Хьаьжас  г1аттам  бира Нохчийчохь (Алибек-Хаджи Алдамов).

И санна болу г1аттамаш хилир Дагестанехь, Гуьржин махкахь, Х1ирин Махкахь, Г1ебартхоша а  шайн яхь  а, сий а ца  дайира.

Изза  хилира Г1ажарийн Махкахь а (Азербайджанехь).

1878 шарахь  Олбаг-Хьаьжин г1аттам  паччахьан 1едало д1ахьаьшира.

Олбаг-Хьаьжа а, Залман Дада а, Буртахан Къосум а, Г1ойтан Курка а, Г1ирлан Лорса-Хьаьжа а, Апан Маьхьти а, Маьхьтан Нур-Хьаьжа а, Тангатаран Тозаркъа а ирхоьхкина  байира.

Яхьсан Хамбетарна 10 шо хан тоьхна Сибреха д1алаьллира.

Амаев Хьуьсенна 20 шо хан тоьхна Сибреха вахийтира. Алиев Шихан Сибрехахь валлалц хан тоьхнера.

Вайн махкахь цу  хенахь  зикр ала а бакъо  яцар.

Масала, Кронштадте, Динабурге, Бендере, Брест-Литовске. Выборге, Свеаборге, Риге а 4-5 шераш хан тоьхна дукха нах бар. – 7.

Т1аккха бакъ дуй те 1864-чу шарахь май беттан 21-чу дийнахь «Кавказехь т1ом чеккхабаьла», аьлла, дуьнене оьрсин паччахьо бина кхайкхам?

Тахна а гуш ду, и моттарг1а хилар.

 

  1. Д.И.Исаил-Заде, И.И.Воронцов-Дашков, Кавказский наместник, М.2005г. 39 аг1о.
  2. Д.И.Исмаил-Заде, Указ. соч. 39 аг1о.
  3. БСЭ, М. 1973г., т 11, с.351.
  4. М.Караулов, Терское  казачество, М., Вече, 2007, 145–146 аг1о.
  5. М.Караулов, Указ. соч., с.146.
  6. Дело Секретного Стола начальника Терской области о переселении туземцев Турцию,  Ростов-на-Дону, 1925 г., 1–311 документы
  7. Ибрагимова З.Х., Чеченцы в зеркале  царской  статистики 1860–1900 годов, М., 2006г., с. 191–192.
  8. Дени Баксан, След сатаны на тайных тропах истории, Грозный, 1999г.
  9. В.Муханов, Покоритель Кавказа князь А.И.Барятинский, М., Центрполиграф, 2007.

 

Х1ийлах 1умар, публицист

НИА haaman.com