Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

НОХЧО ВУ СО... Cовг1атан х1ара Илли

danilbek

 Европехь вовшех кхетачу къаной, совг1атан х1ара Илли  

Данилбек Адрахьман Ахьмад АЛЛАХ1 РЕЗА ХИЙЛА ШУНА, ДАЛА МОГАШАЛЛА ЛАТТАЙОЙЛА ШУНА А, ШУНА БЕЗАЧАРНА А.

 

Нохчо ву со,

нохчий зудчо

борз ехкачу буса вина,

Ц1оькъа-лоьмо шен маьхьарца

вижанчуьра г1аттавина,

Нанас иллин накха белла,

илли ала векалвина,

Нохчийн маттах, нохчий махках

берахь дуьйна дозал дина.

 

 

Нохчо ву со,

Лермонтовна

т1еман к1уьрлахь хийла гина,

Топ кхетарна цунна кхоьруш,

сан Даймехкан сий лардина,

Сайн хьешана мерза кхача,

деган йовхо ца кхоийна,

Мостаг1чунна, бекхам боцуш,

цхьа а зулам ца дитина.

 

Нохчо ву со,

маршо къуьйсуш,

Даймахкаца тоба дина,

Цунна ямарт, осал хеттарг,

къа ца хеташ, сайх хервина,

Сайн ден дакъа, ц1е-к1ур доцуш,

ца дисийта, юкъ йихкина,

1азап хьоьгу лай хуьлучул,

летта вала реза хилла.

 

Нохчо ву со,

кху дуьненчохь

Са лаьттачу ирсе кхочуш,

Барттий, безам,

яххьий, тешам

Байна цкъа а вехар воцуш!

 

Нохчо ву со,

цхьаьна а къоман

Къонахчуьнца гамо йоцуш,

Махках ваьлла,

халкъах хаьдда,

Декъалхила амал доцуш!

Дикаев Мохьмад