Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Цхьа а вийц цавелла, я цхьаа дийц а цадина!

 

23 февраль – вайнахана уггаре а боккха бала боьссина де.


11 февралехь 1943 шарахь, СССР Коммунистин Нохч-г1алг1айчуьрачу комитето дийцаре дира вайнах махкаха баха, Нохч –г1алг1айн Автономни Советин Социалистин республика д1аяккха.

Вайнах бух боцуш бехке бора немцошна г1о лаьцна бохуш. 1941- 44 шерашкахь 40 000 нохчо Ц1ечу Эскарехь воллушехь, чекистин терахьашца а Советан 1эдална духьала 450 бен г1аттамхо воццушехь, Герман эскар вайнехан махкахь хилла а доццушехь.

Д1абоьдуш дуьненан юкъара шоллаг1а т1ом а болуш, вайнах махкара бохуш(план «Чечевица») советаша харж йира 150миллион соьманна(3,9 миллион евро). Цу зуламна хьалха ваьккхина вара 20 000 НКВДешник, 100 000 салти.

Цу дийнахь ишта, цхьа а юкъара цакъестош, мел волчу вайнахана геноцид ян йолира Советин Россис. Массо а вайнах дахний лелочу вагонашца новкъа бехийра. Цаьрга кхаа дийнахь хир бу баьхна некъ, шина –кхаа кийрана бах белира. Новкъахь 24 сахьтехь цкъа бен цасацайора ц1ерпошташ. Шайна чуьра маццаллех, шелонах белларш охьа баьхна некъаца сихонца д1ах1улбан.

Амма, нохчийн кхерч лору ламанан юрт - Хьайбахь , уггаре а доккха зулам хилира Советин Россис нохчашна т1ехь йиначу геноцидах.

26 февралехь 1944 шарахь, Хьайбахара а, ишта цунна гондахьарачу ярташкара а схьа гулбина, цигахь колхозан божли чохь дина боллушехь вагира 700 сов стаг. Воккха, шима, доьзалхойха болу зударий а цакъестош.

Оцу зуламна жоьпаллех волчу чалтача хаам бахьийтира:

Йоккхачу къайленца СССР-н чохьарчу г1улкхан Коммисаре накъосте Берия Лавренте.

Алха хьан б1аргашна. Д1акхалхо халонаш хиларна, оперци «Лаьмнаш» шен рожехь чекх яккха, Хьайбаха юртахь ас х1аллак дина 700 сов адам.

Грозный,
Чоьхьарчу г1уллакхан урхалла, полковник Гвишиани.

И декъал веш, цунна Москохара духьал беъначу хаамо бохура:

Грозный. Гвишианига.
Хьайбахара нохчий бохабеш хьо каде хьовзарна, хьуна совг1ат дан а, хьан чин айдан а
сацам хилла. Декъал во.
Къоман чоьхарчу г1уллакхан Коммисар Берия.


Советин архиваша дийцарехь 496 400 вайнах ву юкъерачу Азехь, Сибреха масехь дийна д1акхалхинарг. Новкъахь шелонах,мацаллах уьш дукха х1алак хилла. Ишта цигахь д1акхаьчча махкалла хилла а делла цараха дукха адам. Ткъа цараха бисначарна 1957 шарахь бен шайн махка юхаберза бакъо а ца елла.

Советаша ч1ог1а х1улдина дара вайнах Кавказера бохор. Уьш бохийна ши о даьллачул т1аьхьа бен дуьненна а цахиира вайнахах хилларг х1ун ду. 2004 шарахь, вайнах бохийна 60 шо даьллачул т1аьхьа Европан Парламенто т1еийцира сацам: 1944шарахь Сталинан омрица вайнахана йинарг геноцид ю, аьлла. И геноцид хилар 1907 шарахь хиллачу йоьалг1ачу Гаагси Конфенцин сацамца а, 9 декабряхь 1948 шарахь ООНан
Генеральни Ассамлеяс геноцидан талорш билгал даьхначу Конфенцица а тоьшалла деш.

Тахана Россина мел цалаарх а дуьненна гуш ю х1окху т1аьхьарчу 20 шарахь Россис нохчашна йо керла геноцид. Хаттар х1утту: кхин 60 шарахь 1ийр бу те, дуьненан политикаш и геноцид хилар къобал цадеш?

Оха, Save Chechnya Campaign, массо маьршачу а, демократин а паччахьалкхашка доьху:

а)1944шарахь Советин Россис нохчий бохор а, кху т1аьхьарчу 20 шарахь демократин Россис нохчашн дина зуламаш а цхьатерра геноцид ларар.


б) и зуламаш лерийна талла дуьненан юкъерачу Суьдан коммисии кхолла. Уьш адамаллин духьала дина талорш лара а, зуламхой Дуьненан Суьдан хьалха х1иттон а.


Адвокат Барак Озташ
Генералнй Директор Save Chechnya Campaign