Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Рамзаева Бирлант: ДецIахь Iаьржа бода бу, иза бу-кх берриг а сан бала...

 

Махка Кремло охьахаийначу Iедална зурманаш лекхар - иза массеран а амалехь долучух тера ду. Ца лекхнарш эхартахь бу. Я - Малхбалехь, Малхбузехь - Декъастана генна юьстах. Къар ца беллачу нохчех ю, протестан эшарш а йохуш, Канадехь еха илланча Рамзаева Бирлант. Цуьнца къамел хилира Маршо Радион.

 
Канада -- Рамзаева Бирлант, нохчийн композитор, иллиалархо.Канада -- Рамзаева Бирлант, нохчийн композитор, иллиалархо.
  • Рамзаева Бирлантан интервью

ТЕКСТАН БАРАМ 

Чабаев Лоьма




Махкахь Хьалхара тIом бирзича дара иза. Нохчийн театран хIусамехь, шайн керла иллеш довзуьйтучу кхечу артисташа а санна, къоман маршонца ехачу Рамзаева Бирланта дуьххьара лекхира «Яхь йолу нохчо» йиш. Массо а чо ирахIоттош яра иза. Цо велхийра гулбеллачех хийланиг… 

15 шо даьлла цул тIаьхьа. Дуккха а хийцабелла нохчийн артисташ. Хьалха, халкъо турпалхой а лоруш, шаьш эшаршкахь хестийна къонахий - емалбеш, селхана халкъо къиллой лоруш хилларш - базбеш ду тахана церан иллеш. Ткъа Рамзаева Бирлант-м яц хийцалуш.

Шен цIийнда-поэт, Ичкерин синбахамаллин министран гIовс Сабдулаев Маккхал мохк дIалаьцначу оьрсийн Iедало доьза вайъича, иза лехар эрна дуйла кхетча, цу тIе ша а оцу Iедална резаяцарна шен даймохк  бита дийзира цуьнан.
Канадехь еха иза хIинца. Цигарчу композиторийн юкъаралло шен декъа а эцна. Амма дог-м дац Бирлантан Декъастах дIакъаьсташ – цо дийнахь а, буса а сагатдо даймахкана, цуьнан исбаьхьаллах а, иштта сакхтех а лаьцна доху шен иллеш а.

Тхан дуьненах а, дахарх а, иллех а лаьцна хилира къамел.

Хьо марша Iойла, сан НохчийчоьЮза


Маршо Радио: Шина декъе декъаделла дахар – «селханлераниг», «таханлераниг» аьлла. Хьайн дахар хьуна гой шина декъе декъаделла?

Рамзаева: «Сайна хеттарг ца аьлча ца йолу, харцдерг дуьйцу хан а яц сан хIинца. Йисина хан мел ю а хаац. Бакъдерг дIааьлча, нах реза ца хуьлу, нийса а ца хета! …Шина декъе декъадалар. Бекъабелларш – уьш шортта ахча а долуш, цхьана а тайпа хьожа а ца йогIуш, галбоху оцу ахчано. Со саннарш…со Дала кхуллушехь, хIара дог дуй, иза чIогIа долуш, ахча-бохчанах Iехалур доцуш, кура кхоьллина ю.

Со саннарш дукха бу. Муьлхха а мах ахь хIоттийча а, суна иза мах ца хета. ХIунда аьлча, со сайн махкахь а яц, суна со цIаяха езийла а хаьа, сайн цIахь со дIаюллийла а лаьа суна.

…Со жима йолчу хенахь дуьйна суна хезна баккхийчара дуьйцуш, эвлаяо аьлла бохуш, нускал санна хаз а лур ю ГIала, РегIа кхаччалц хин буха а гIур ю, Доккас аьлла бохуш. Оцу эвлаяо аьлларг а цара тидаме оьцуш ца хилча, суна-м ца хаьа и нах хьанах теша беза.

Бохка цабелларш,  Iеха цабелларш – уьш дуккха а бу. ВаллахIи, и миллионаш дуй, ...со царех яша а-м ца еша, ахь суна и гали охьадиллахь а! Гарзанаш хIун ю?! Гарзанаш -   гарзанаш ю-кх!

Со Дала кхуллушехь, кура кхоьллина ю. …Сайн ненах тера ю со. СагIа ца доьхуш, ша лай бухара Iежаш лахьо йоьдура, олура нанас, ша иза цIера арадаьхча а ца дехна, олий. Иштта Iаш юкх со а. Со юхьдуьххьал дIахьажа йиш йолуш ю-кх хьанна а. Со чIогIа маьрша ю-кх! Сайна луъург дIаала йиш ю сан. Со цIахь яц. Цигахь Iаьржа бода бу, иза бу-кх сан бала. Кхин кху дуьнентIехь сан бала болуш дисина хIума дац…

АрдангашЮза



Маршо Радио: «Тахана а «яхь йолу кIентий» хестош лоькху. Амма… «яхь йолу кIентий» селхана цхьана тобанах бара, тахана «яхь йолу кIентий» кхечу тобанах бу. «Къонахий» а хийцабелла – селханлеранаш цхьаъ бара, тахана – кхин бу. Къонахийн васт а, гар а хийцало нохчийн артисташка, хьоьга стенна ца хийцало?

Рамзаева: «И ахь буйцурш, уьш пхи сом дел-деллачохь локхурш бу! Хьажал, меташка йоллушехь, Антоненко бохуш яра, вайн Нохчийчохь Iийна яра иза. Димаев Сайд-Эмина Ельцине сийлахь цIе шена тиллар доьхуш, яздина – айса дешна-хьуна ас, Ельцина даийтина «хIан-хIа» - ткъа Антоненкос, сийлахь еш шена тиллина цIе, ша дина хIумма а дац, ца оьшу шена, аьлла, юхаяхьийтина! … Ткъа хIорш? Мецхалгаш ю-кх хIорш!

Артист, цо политика а ма йо. Эсамбаев Махьмуда олур-кха: «Сан иллиалархо хьелийъозархо яц», олий. Шен дешна а, цхьа некъ а болуш волучо ойла ма йо! Сайн дахарехь цкъа а синкъерамашкахь, ловзаргашкахь, ара а яьлла, пондар лекхна яц со, чубаьхкинчу гергарчарна доцург…

Шуьйтара бIо богIуЮза



Маршо Радио: «»Хьо даймахках яьллачул тIаьхьа, кхузарчу иллиалархошлахь а, композиторшлахь а хьайн дог-ойланца бехарш карийний  хьуна, цаьрца уьйраш юй хьан?

Рамзаева: «И  гергарлонаш сан дуккха а ду. Найвл Озборн бохуш композитор ву суна вевзаш,  Лондонехь Iаш ву иза, университетан хьехархо а волуш. Хорватехь цуьнца цхьана театрехь деа шарахь болх бина ас. Цигахь 27 пачхьалкхера артисташ бара. Уьш тайп-тайпана, бес-бесара къаьмнех бара.

Валлай, дIататта йиш йоцуш, дика адамаш ма дара уьш! Цкъа Гуьржийчохь вайн тIемалойн тоба йийра-кх, уьш байича, со йоьлхуш Iара. «Хьо хIунда йоьлху?» - хаьттира соьга. Саца ца луш, йоьлхуш яра со. Ас дийцира хилларг. 67 вара уьш, 13 бен дийна а ца висина, аьлла.

И юьззина йолу зал, хьала а гIаьттина, тезетан минот хIоттийна лаьттира. ХIордаца балха доьлхура тхо, театр хIордал дехьа яра. Вайн байракх шайнчунна улле дIа а тухий, новкъабовлура. …Цара вуно чIогIа лара ма лерина.
Вайн музыка а ма товра, аьлча а, сайниг яра массанхьа а локхуьйтуш. Нохчийн музыка Европехула яржайо, бохуш. Вайн къомехьа протесташ кхайкхош, вуно чIогIа вай лоруш бара уьш.


Вайна ца хаьа вешан мах. Лара ма лерина цара. Дуккха а бу сан и тайпа накъостий. ХIинца кху Квебекехь кхеран режиссераша шиъ филм а яьккхина. ТIаьххьара яьккхина филм ю нохчех лаьцна, цу чохь сан эшарш а ю. Массанхьа а хьалхахара меттигаш йохуш  ю и филм, ерриг а Iамеркахь гайтина.

…Вайн йоккха потенциал ю, вайна вешан мах ца хаьа. Вай оцу Кремлан бага а хьоьжуш, цо аьларг а деш деха. ОстопираллахI, со цецйийлина а ца йолу оцу вайн артистех!..

МухIажиран доIаЮза