Массех бутт хьалха, Кавказ-Имаратан баьччас Умаров Доккас, тоьар ду тешнабехкечу Оьрсийчоьнца машарх ловзар, хΙинцачул тΙаьхьа маьрша оьрсий банне а бац, дерриг а де, Сочерчу олимпиаданна новкъа дерг, аьлла, шен ницкъашка омра дарцана дΙахьедарш даржо долийра полицин а, къайлахчу сервисийн а хьаькамаша.
Сочера Ιаьнан Олимпан ловзарш Ιалашдан кечбина лаьтта масситта тΙегΙанах болу ницкъаш а, иштта кхоьллина, ФСБ коьртехь а йолуш, дуккха а министраллех лаьтта кхерамзаллин штаб, аьлла хаам бира Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гΙуллакхийн министра Колокольцев Владимира. Ιамеркарчу Бостонехь марафон йоьдуш диначух тера зулам кхузахь дийр дац, бохуш яра цо йина чΙагΙо. Хаийтира Ιедало делла «олимпан паспорт» доцучо Сочина аьттеха ког а боккхур боцийла.
Веккъа дΙа полисхойх хир ву хадеш 37 эзар стаг. Оццул а сов хир бу лерринчу сервисашкара а, эскаршкара а. Оцу массо а хьукматийн белхахойл дукха тΙеузуш бу хΙинца юкъархой – доккхачу декъанна гΙалгΙазакхий, националисташ.
ГΙалгΙазакхех дерг-м юьхьанца дуьйна а кхеташ дара – уьш, кхо бΙе шо хьалха а санна, Ιедалан амбицеш кхочушъян арабохуш нах бу Оьрсийчохь. Ткачев Александра, Краснодар-мехкан губернатора, тΙахьо хаам бира, хадеш хир ву олимпиадехь 400 гΙалгΙазакхи, шайн ламасташца ма-доггΙу, говрахь, духарахь, аьлла.
Ткъа хΙинца ерриг а Оьрсийчуьра тΙегулбечу гΙалгΙазакхийн чот ю, и йийриг лорах а вохош, йоккха.
Кремлан а, Краснодар-мехкан а администрацеша хΙуъа а бахахь а, олимпиада кавказхойн децахь еш ю. Амма дерриг ду деш, кавказхой оцу дуьненаюкъарчу барамах хербеш, уьш Сочина герга ца кхачийта. Ткъа гΙалгΙазакхий мел гома бу кавказхошца, цара мел лерина терго йийр ю ловзарийн дозанашца, кхета вай массо а.
Амма и ницкъ хилла а ца Ιа раж чΙагΙъян арабаьккхинарг. ХΙинца мехкан полицино къепе ларъян кхайкхина уггаре а кавказхошца гома, цΙий а Ιенош, девнехь болчу оьрсийн нацисташка. Москох Бирюлёвехь оьрсий веро бахьана делла гΙевттинчу Крснодар-махкарчу нехан сатедеш, цаьрга олимпиадана хадечу тобанашка язбалар дехна полицино.
Оьрсийчуьрчу Ιедало официалехь нацисташна низам латтор тешоро дукха нах цец ца боху тахана. Кхетамчохь верг, цΙий а къестош, кхечу нахана неΙалташ хьежор, цхьа нах шайна хийрачу кхечу нехан батош ата арабийлар дастаме лоруш верг дог доьхна хьоьжу пачхьалкхо рогΙехь фашистийн агΙор гΙулч яьккхина хиларе.
Оьрсийн къам тоьлла къам ду, бухабисинарш нехаш ю, бохуш, лелачу нахе Путинан Ιедало къепе хΙоттор тешорах лаьцна шена хетарг иштта дуьцу Маршо Радионе «Адамийн бакъонашкахьа» олучу гоьяьллачу Оьрсийчуьрчу юкъараллан лидера, нацизм цкъа а ловш хилла а воцчу Пономарев Лева.
Пономарев: Иштаниг Сочехь хилла ца Ιа – Москох а ду. Дукха хан ю гΙалгΙазакхийн рейдаш Краснодар-махкахь лела. Церан а ма юй националистийн идеологи. Москох нехан хΙусамаш ю юкъархойн а, доларчу хадархойн а тобанашца толлуш.
Кхеташ дац, стенна. Соьга зΙенаш етта Москох бахархоша, хоьтту, шаьш хΙун дан деза, веъча зераш дан полисхо.
Суна иза низамехь доцуш хета. Ас Лукине а, Федотовга а хийтина, Москох низамехь а доцуш толлуш ю петарш, аьлла. Изза ду-кх Сочех ала а. Националисташ профессионалаш бац. Ιедало араяьккхина Ιалашо хир яц иштта кхочуш. Националисташа кхин а тΙе дардийр ду хьал, гΙовттор бу цабезамаш, гамонаш оьрсех боцчу нахехь, хΙунда аьлча, цара харцо лелор ю оьрсех боцчу нахаца. Ткъа вуьйш бекхам бан гΙуьттур бу олимпиада йоьдуш а йолуш.
Бакъду, ала деза, олимпиада дΙаяхьа къастийначу меттигехь, Къилбаседа Кавказехь, боьдуш халкъан чуьра тΙом бу. Цуьнан ойла ян дезаш дара Ιедал юьхьанца дуьйна, и меттиг къастош а. Кхеташ дац, стенна ца йина цуьнан ойла.
Кхерам цигахь лаьтташ бу. Амма кхерамзалла Ιалашъеш профессионалан ницкъаш хила беза. Кхин хуьлийла а дац, суна хетарехь. И тайпа ханаш пайде дац».
Сочехь кхерамзалла чΙагΙъеш гΙалгΙазакхех а, нацистех а Ιедало пайдаэцар иза хΙун ду, тидира Маршо Радиоца ша динчу къамелехь «Демократин юкъаралла» цΙе йолчу партин хьалханчас, даима а диссидент а, Ιедална оппозицехь а йолчу Новодворская Валерияс.
Новодворская: «Вайн исторехь хила ма хилла ишттаниг. Дагадаийтал аш 1905-гΙа шо, жуьгташна деш хилла тΙелетарш, «Ιаьржа бΙо» - чрносотенцаш. Муьлш бу националисташ, уьш бу-кх черносотенцаш. Царна тΙетийжа Ιедал, нах дΙасалохкуш леладечу катухучу жΙалешна санна. Губернатор Ткачев а ма ву ша ма-варра нацист! Цхьа а тайп-тукхум доцу, шаьш шайна мидалш оьхкина лела и гΙалгΙазакхий ткъа!
Сан ала хΙун ду? Путинан Ιедал а ду дужур долуш. Амма хΙун дуьсур ду цул тΙаьхьа, цхьа тΙеда меттиг йоцург, иза суна ца хаьа. Хьалха оцу тΙелетаршна жоьпаллехь паччахьан Ιедал хилла ма-хиллара (хΙунда аьлча, тΙелетархой набахте хьийсош а ца хилла). Ткъа тΙелатар моссаза до, цхьа 30 стаг мукъане а набахтехь вацавеш велахьара, тΙелетарш дийр а дацара.
Иштта, Бирюлёвол тΙаьхьа а къепе йохорна бехкеберш низаме озийнехьара. Массо а хΙуманна бехке бина декъаза мигранташ. Ткъа стенга кхечира «цΙий цΙена доцу» нах «цΙий цΙена долучех» дΙакъестош хьийзина нацистийн Германи? Цигга йоьдуш ю-кх Путинан режим а, халахеташ делахь а вайцана цхьаьна».
Нагахь санна Ιедало а, я оьрсийн халкъо а кавказхошка болу шайн цабезам бестош, шайлахь гамо кхиош хилча, шаьш кавказхоша а дан деза доггΙу жамΙ, бохуНоводворская Валерияс.
Новодворская: « ХΙинца, ма кхаба, бохуш, елхайо Кавказ а, шайгахь низамца а догΙуш Оьрсийчоьнан паспорташ долу цигара нах а, бац боху Оьрсийчоьнан бахархой. Цундела, суна хетарехь, Кавказо жамΙ дан деза: шаьш кхузахь оьшуш а ца хилча, шех йозуш йоцу пачхьалкх ян еза-кх цо».
Маршо Радиоца къамел деш ша даима а олуш ма-хиллара, шен нохчашка йолчу дегайовхонах лаьцна а элира Новодворская Валерияс.
Новодворская: « Кавказхой меттана со хилча, ас минот а йоккхур яцара Оьрсийчоьнан Федерацехь, къаьсттина, нохчашка боху ас. Селхана, сарахь 8 даьлча, «ДогΙа»-«Дождь» телеканалехь, Венедиктовца цхьа исторех лаьцна программа яра, ас элира цигахь, Ленинан проспект боху майданийн цΙерш «Дудаевн майда» бохучунна хийца еза вай, ваьшна тΙера къинош дΙадохуш, аьлла. Венедиктовс боху, иза-х террорист ву! Ас боху, «маца дуьйна?» Низамехь волу Нохчийчоьнан президент, демократ, иза-м ма вацара цхьа а терририст а, нохчийн Ататюрк ма вара! Иштта дирзина-кх дерриг а».
Кху тΙаьххьарчу шерашкахь Москох а, кхечу дуккха а оьрсийн гΙаланашкахь, мехкашкахь а нацизм есташ схьайогΙу зама Путин Владимиран президенталлана кхочу. Иштта цунна а, цо болийна а нисло Кавказера тΙемаш а. Олийла дац, Ιедало цхьа а дуьхьало ца йо нацизмана. Делахь а, изза Ιедал дац и дΙовш даржориг ала а ца тарло. Пачхьалкхо оцу кепара масалш эзарнашкахь делла кху тΙаьххьарчу муьрехь.
radiomarsho.com