Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Нохчийн шайн Даймахке а, нийсоне а болчу безамах пайда оьцу ямарт ницкъаша гуттар а

gruzia

Гуьржийчохь, парламентан харжамаш хилале цхьа кIеззиг хан йисинчу хенахь, Лапота-чIожехь леррина тIеман операци дIа а яьхьна, шийтта нохчо вийна шо кхаьчна деношкахь. Йоккхачу гIовгIанца гуьржийн официала Iедалша дийцира, закъалтана нах а лаьцна, Дагестанца долу доза хадон гIиртина зуламхой байъина шаьш, бохуш. И гIуллакх юьхьанцара дуьйна а дара шеца шортта къайле йолуш. Шо даьллачул тIаьхьа, цу операцехь дийна висинчу цхьана нохчочо яздина кехат зорбане даьккхина гуьржийн хаамийн гIирсашкахь.

Тайп-тайпана хьостанаша башха терахьаш даладо Гуьржийчура Лапота я гуьржаша шаьш ма-аллара, Лапанкури-чIожехь байъинчу нохчийн. Цхьадолчу хьостийн хьесапехь, дийна исс нохчийн тIемало висира. Уьш Туркойчоьнца долчу дозанехь Вале олучу меттехь дехьабаьхна гуьржийн Чоьхьарчу ГIуллакхийн министраллин белхахоша. Гуьржийчура парламентан харжамаш чекхбевллачул тIаьхьа тоьллачу «Гуьржийн гIан» коалицино таллам болийра оцу иэхьен операцина, иза гуьржийн пачхьалкхаллин маьIне гIуллакх лерина. 
 
Гуьржийн керла хIоьттинчу премьер-министро Иванишвили Бидзинас даханчу Iай гIарадаьккхира, шаьш биллинчу талламан жамI. Европера а, Малхбалера а нохчий, шаьш царна аьтто бийр бу тΙеман говзалла караерзон а, герзаца Кавказ-Имаратан бΙаьхойх дΙакхета а бохуш, кхайкхина хилла президентан гоно Гуьржийчу, амма тешнабехкаца байъина, элира Иванишвилис. Кхеташ ма-хиллара, Саакашвилис и, цуьнан уллерчу гоно а керстадира иза. Делахь а, цу гIуллакхана гонаха хIинца а шортта ду ца кхеташ дисина хIума.
 
Шайн агIора, арахь долчу Ичкерин Iедало а дIабаьхьира бозуш боцу таллам. Цуьнан белхан жамI Маршо радионо хьалхуо довзийтинера. Цу талламо а чIагIдо, Саакашвилин гоно дерриг а дуьнентΙера бΙе сов нохчо Гуьржийчу дΙа а гулвина, делла дош кхочуш а ца деш латтийна хилар а, цул тΙаьхьа 3-4 бутт баьлча, царех дукхахберш Европе а, Малбале а юхабирзина хилар.
 
http://www.radiomarsho.com/content/ichkeria-ferzauli-umarov-lapankuri-murder-chechen/25006951.html
 
Лапанкурехь 12 нохчо вийна шо кхочуш, дийна висинчу цхьана нохчочо – дийцарехь, иза Австрехь вехаш ву – гуьржийн хаамийн гIирсашка кехат дахьийтина, шайна йинчу ямартлонах лаьцна. Оцу хьокъехь а, кхечух а лаьцна Маршо радионо хаьттира Ичкерин премьер-министре Закаев Ахьмаде.  
 
Закаев Ахьмад: «Дуккха декъашхой бара цу комиссина юкъабогIуш. Гуьржийчура бахархой а, Лопота-чIожехь тешаш хилларш бара. Гуьржийн Iедална реза боцу, цу Iедале белхахой а. Кхерамазаллица доьзна комиссино церан цIераш ца яьхна.

Оцу комиссин жамIашца а догIуш, цхьана кепара шеконаш йоцуш, гуьржийн Iедало кечдина дара иза. И кехат яздина волу Чатаев а - аса дешна иза - цу тIехь дукхах дерг бакъдерг ду. Ша-дерриг цо ца дийцинехь а. И стаг ямартлонца оцу юкъа а озийна, цул сов, шаьш байъа кечбинчу нахаца дийцарш де аьлла, юха а юкъавахийтина. Цаьрца юха иза дIаваккха а, цу гIуллакхан цхьаа теш ца вита Iалашо йолуш дина хIума а дара иза. 

ДIадолалучу хенахь дуьйна, уггар лакхарчу тIегIанехь долийна а ду. Гуьржийн Iедалера уггар лаккхарчу векалша шаьш Европера, Малхбалера вовшахухуш хиллачу кегийрахошна "шаьш шуна Нохчийчу даха некъ лур бу, гойтур бу" аьлла гулъйина ю и тоба. Эххар а цхьаберш юхабевллера. Буха висина и ткъеха стаг ПIаьнгаза чIоже дIа бигина цара дIакхаччалц.

Цигахь хIокхарга дийцинчунна тIера карча а дина, хIорш шайна ямартло ян гIертийла хиинчул тIаьхьа, тобанна хьалха бевлла хилла векалш шаьш дехьабовла хьаьвсина. Цу муьрехь дуьйна тасадаларш хилла церан. Шайна йинарг яматрло юй хууш, Чатаевс ма-баххара, цара дуьхьало а йина. Комиссино бинчу талламашца, цу тобанера ши-кхо стаг вижина Iачу хенахь, тIе герзаш тоьхна вийна ву цара.

Цул тIаьхьа гуьржаша хIоттийна кеп ишта яра. Уьш Оьрсийчура сехьабовла гIоьртинера бохург, юха а нохчийн карта ловзон даккха а, цунах политикан пайда баккха а дина дара. Саакашвилис а, хIетахь цуьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн министр хиллачу Мерабишвилис а дина дара иза.

Шайн цу хенахь дIабахьа кечбечу парламентан харжамашна кечам беш дина а дара иза. Шайн махкана тIелетта диверсантийн тоба яра, и тоба хIаллакьян кхоьллинчу штабан хьаькам и Мерабишвили вара. Харжамаш (шайна хетачу кепара чекхбовлахь) Мерабишвилих президент а вина, ша премьер-министр хила лууш вара Саакашвили.

Пропагандин дакъа динера цара шаьш къиза байъинчу нохчех. Цара нохчийн къомана а, нохчийн кIентаршна а йина йолчу ямартлонах, Дала мукълахь, цхьа хан-зама йогIур ю, цу гIуллакхана бехке болчу наха жоп дала дезаш. ХIара ишта лаьттар долуш дац.»
 
Цхьана агIора, гуьржийн Iедалша шайна пайденна юкъаозийна нохчийн кегийрахой. Вукху агIора хаттар хIоттон догIу, нохчийн кегийрахоша шаьш юкъа хIунда озабойту тIамца долчу гIуллакхана? Шаьш халла Делан балийца Европе схьакхачабелча Iад хIунда ца Iа?
 
Закаев Ахьмад: «Нохчий Iад ца Iер ма даций иза. Вайн цIахь долу хьал дIа ца дерзар ду. Цигарчу урхаллехь лаьттачара, къам, мохк а доьхкина болчу наха шаьш ирахIиттош дашо гIаланаш ю бахарх, биъ некъ къаьстачехь маьждигаш до бахахь а, Оьрсийчоьнца болу тIом дIабирзина бац. И дIа ца берзар ду коьрта бахьана. ХIораннен дега чохь а, коьрта чохь а ду иза дIабирзина ца хилар.

ХIокху аренца хьалакхиъна а, хьалакхуьуш болу нах я оцу цIаргара ара а бевлла - кхузахь дIанисбелла нах-м кхин цига дIагIерташ а бац - амма кегий болуш кхуза схьа а балийна, интернетехула цIахь мел долчунна тIаьхьакхиа йиш йолу кегий нах бу. Нохчийн шайн Даймахкаца йолу уьйр мел чIогIа ю вайна хууш ду. Амма хIорш, 10 шо а ма дац цигара схьабаьхкина. ЦIахь бисина гергара нах бу церан. ХIора дийнахь зIенехь бу уьш.

Цундела цигахь долу хьал царна девза. Цундела тIаме а хIиттина, оцу тIамехь шаьш дакъа лацар шайн декхар хеташ дукха кегий нах бу хIокху аренца бехаш. Уьш бац нохчийн вовше болу тIом бан лууш. Амма оцу оьрсашца долчу гIуллакхехь, царна новкъа дер долчу гIуллакхехь хьала а гIиттина, муьлххачу а метте дагIур болуш бу уьш.

Изза ду уьш Шема эхар а. Вай-м уьш цхьана Шема оьхьуйтур бацара, тIамна юкъа гIортуьйтур бацара. ТIамца толам болчуьра дIадаьлла вайн оьрсашца долу гIуллакх. Нохчийн къомо тIеман тIеман толам I996-чу шарахь баьккхина. Таханлера хьал иза цара мел кегийча а, дастаме даьккхича а, цара Нохчийчохь нуьцкъала политика дIаяьхьча а, гIуллакх хир дац. Политикан гIирсашций бен доьрзур долуш а, дерза йиш йолуш а дац иза.

Тахана кхузахь болу кегий нах шайн дешарца а, Iилманца а, дуьне довзарца а, уьш цу хIуманна тIехь чIагIбалар, кхиар - иза бу нохчийн къоман толам а, кхана хиндерг.»   
 
Нохчийн карта элир-кх ахьа, ловзо даьккхира гуьржаша. Цара даьккхина ца Iа иза. Европа коммунистийн режимах мукъа а яьлла, шайн цIахьийсон долон эскарш тIелаца меттиг ца хилча, Елцин Бориса а, цуьнан гоно а ловзийра. Цул тIаьхьа Путина а ловзийна дуккхаза а Норд-Остехь, Бесланехь, кхин а масане хир ду иза. Юх-юха а шайх пайда хIунда оьцуьйту нохчаша?
 
Закаев Ахьмад: «ЧIогIа дика билгалдаьккхина хаттар ду иза, кIорге чулацам болуш.
20, 30, 50 даьлча юх-юха а и вайн адам марса а доккхий, оцу тIеман къизаллина юкъа хIунда озадо те, хIунда озадойту те? Иза а бIешерашкахь нохчаша маьршоне схьабеанчу къийсаман ачо ю. И ачо а, и чов цкъана цкъа а йоьрзуш яц, йоьрзур йолуш а яц.

Кхин а 500 шо далахь а, нохчийн къам маьршонан новкъа а даьлла, оьрсийн пачхьалкхаца болу къийсам дIабаллалц, муьлххачу а нохчийн стаг и хаттар хIиттош кIамван а, марсаваккха, къам меттах даккха а аьтто буьсур болуш бу.

Вай тахана дуьйцург, Жовхарс хIара гIуллакх долалуш дийцинарг а, Аслана ша велла дIаваллалц дийцинарг а хIун дара? Вайн къоман маьршонан коьрта агIо, къоман кхерамазалла яра. И къоман кхерамазалла тIечIагIъяр. Политикехь, экономикехь, кхерамазаллехь а. Оьрсийчоьнца и дерриг карон йиш йолуш а ду.

Амма коьртинаг, шайн дага ма деъанехь, вай ишта марса а дохуш, ловза а дохуш, вай дайъа цара шайгахь юьтуш йолу бакъо юй, и ю вай цаьргара схьаяккха гIерташ дерг. И мукъ царгахь мел бу, политикаца доьзна, экономикаца доьзна, ур-атталла, шайн чохь хуьлучу харжамашца доьзна а, цара вай ловза а дохуш, вайна тIехь еш йолу къизалла, шайн политикан пайденна еш ю.

Оьрсийн политикан кланаш гуттар а лаьттина ю ишта. ХIинцачул тIаьхьа а, вай политикан дийцаршца царгара и бакъо схьаяккхалц, ишта лаьттар долуш ду иза. Вай Iовдал хилар дац иза, сонта хилар дац хьуна. Иза вайн деган лазам бу. Вайн цIийца, Дала вай кхоьллина маьрша къам хиларе терра, оцу маршоне гIертар долуш ду вай. Вайн бехк и бу-кх, маьршо езар. Дала вайна беллачу махка тIехь вайн кхолламан дай хила гIертар а.» 
 
Цкъачунна долчу суьртехь, Гуьржийчохь керла комисси кхуллуш ю Лапанкури чIожехь илларг талла. Иза юкъараллин комисси хир ю боху, бевзаш болу нах болуш. Оцу юкъанна, хьалхара кхоьллинчу комиссино болх беш дайна боху, гуьржийн Iедалерчу нахана дуьхьала даха тарло ладаме тоьшаллаш. ХIун карор ду керлачу комиссина? Цуьнга муьлхачу хьолехь кхочур ду и гIуллакх?

Radiomarsho.com