Деношкахь Нохчийчуьрчу Iедалан ницкъхошка, бахархошца уьш къиза хьийза, бехк а боцуш лоьцу нах, аьлла интернетехула видео хьажийначу Малицаев Микаилан гергарчарна тIеIаткъамбан йолаелира махкара полици. Лаьцна кхобуш вара цуьнан ваша Тимур.
Малицаевс хаамбина Маршо Радионе хIинца, шен цIахь алссам Iедалхой хилла, цара шен ваша цIа а ваийтина аьлла. «Сийсара ваша дIа а хоьцуш, сан гергарчаьрга со долара а воккхуйтуш, деана, дахана Iедал» - яздо цо.
Карарчу хенахь, Нохчийчуьрчу даржхоша туьйсучу кхерамашца доьзна, кхерама кIел ду ша цаьрга баьккхинчу бехканна иза дохко цавалар бахьана долуш, Европехь вехачу Малицаев Микаилан дахар.
Источник: radiomarsho.com