Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Д1алаца корта белахь...

che

  Паччахьан Россин эскаршна дуьхьал, маьрша хила юкъ а йихкина, нохчийн яхь йолчу к1енташа бечу т1амехь, имам Шемал коьртехь а волуш, пхийттех шарахь, жигара дакъа лаьцна вара 1аьлмирза. Луьрачу т1амехь шегара хьуьнарш а дийлина, хилла чевнаш а йолуш, воккхалле кхевдина хиларна, масачу т1еман новкъара воьссинчех вара иза.  

  Чолхе долчу нохчийн къоман дахарна кийча хилийта,  т1екхуьучу ч1уранна т1еман говзалла йовзийтар а, хьекъал, кхетам балар а 1аьлмирзина коьртачех хетара. Цо нигат дира, шен кхин д1а долчу дахарехь и 1алашо кхочуш еш - къахьега.

  Юьртара кегийрхой вовшах а тухий, хийлазза а, царна т1еман говзалла 1амош къахьегара 1аьлмирзас. Меттиг баьлча, хиллачех а, дайначех а лаьцна долчу шен дийцаршкахь, царна кхетам а, хьекъал а лора.

  Цкъа, юьртара баккхийнаш вовшах а кхетта, гонаха дуккха  гулбелла кегийрхой а болуш, цхьацца дуьйцуш 1аш: «Т1ех1оьттина г1уллакх, мел деза а, доккха а и хиларх, далуш, дерзалуш, вала меттиг карош хуьлу, воха а ца вухуш, хьекъалца, собарца дан дезарг лохуш- коьрте ойла яйтича»-олуш, вистхилира 1аьлмирза. Цул т1аьхьа, цхьа а вист ца хуьлуш, жимма хан елира цигахь.                                                                                   

  Х1оьттинчу тийналлех пайда а оьцуш, 1аьлмирза къамеле ваккха:«Велчах даций хьан дан х1умма а? Цу кошан лахьтийчохь, хан-зама яьлча, дахка а делла д1адер ду хьан дилха. Вала меттиг ма бац цигахь. Х1ун эр дара ахьа, 1аьлмирза, цу хьолах лаьцна?»-забаръечуха олуш, вистхилира Мада цуьнга. Мада вара 1аьлмирзел воккха а, дашна ира а. Дукххьолахь, ша къамеле кхайкхинарг, алаг1ертачух вохош 1едал дара

цуьнан-деллачу хаттаршна дала жоп а ца карош.

  «Х1ун аьлла жоп лур ду-те 1аьлмирзас, Мадас динчу къамелана?»-бохург дагахь а долуш, ладоьг1на 1ара цигахь берш. Царна и шиъ вовзара х1уманаш дайна а, шаьшшингахь доьналла а, хаарш а хиларца. Цу шимма деш долу къамел, шайна мехала хирг хиларх тешна бара гондахьа лаьттарш.                                            

 «Валарх-м, цу кошан лахьтийчохь, к1елхьара вала меттиг бара. Делан ог1азло сов ялахь- жоьжаг1ате, Цуьнан кхинхетамна к1ел нислахь-ялсамане ваха мега, велча»-элира 1аьлмирзас, вела а къежаш. «Муха хета хьуна, Мада, ша бохург?»-олуш, ша аьллачунна и хаттар а т1етуьйхира цо.

  «Х1ума ала хуурдолуш-м ву, 1аьлмирза а!»-элира, ладуг1ушболчех цхьамма.

  Цул т1ехьа, Мадас:«Бакъбоху, бакъбоху! Дала ялсамане вохуьйтийла хьо! Хьо ялсамане кхачарх, новкъа хир дацара шена. Нагахь, жоьжаг1ате кхачахь, вала меттиг ма бац хьан. Цигахь ц1аро вагор ма ву. Цунна х1ун эр дара, ахьа?»-элира 1аьлмирзе, цуьнгарчу жоьпе ша ладоьг1на вуй а хоуьйтуш. Ладоьг1на 1ара гондахьарнаш а.

  «Жоьжаг1ате кхаьчча а бу-кха к1елхьара вала меттиг»-шек а воцуш, элира 1аьлмирзас, шегахьа а вирзина 1ачу Маде.                                                                                                

  «Ма бакъдацар-кха, жоьжаг1атехь к1елхьара вала меттиг карор бу бохург. Цигахь-м ц1е ма яй, вала меттиг а боцуш»-элира Мадас, 1аьлмирзина кхин ала х1ума каре дог1ур дац бохучух тешна а волуш.

  Мада, ша эриг аьлла а валалий:«Дера бу цигахь а к1елхьара вала меттиг. Ша шайт1а эшо а, я, цо, шен ка далахь,ша д1акхалла а тарло цигахь»-элира 1аьлмирзас.

  Ша деш долчу хаттаршна, х1ума довзарца а, шен меттан говзаллийца а кхетаме жоьпаш 1аьлмирзас лург хиларх тешаш, гонаха лаьттачу кегирхошка цуьнах пайда эцийтар-иза яра Мадин 1алашо.                                           

  Цо, кхин д1а а:«Шайт1а эшо хьан ка далахь-м, к1елхьара вала меттиг бала а там бу хьуна. Эша а вина, шайт1ано д1акхаллахь-т1аккха х1ун хир-те хьоьх?»-элира боху Мадас, 1аьлмирзе.

  Цу шимма вовшаца деш долчу къамело, дог1машка асар а доссийна:«Кхин д1а х1ун хуьлу-те?»- боху ойланаш гонаха лаьттачеран коьртехь а йолуш:«Нагахь,

ка а даьлла, шайт1анан кара а вахана, цо д1акхаллахь: вала а, кхача а меттиг-цхьаъ бен бац.  Шайт1анна караваххалц, к1елхьара вала меттиг бу. Дала шайт1ано 1ехадарх а, цунна кардахарх а лардойла вай!»-олуш, шен къамел сацийра 1аьлмирзас.

  «Хьоьга кхин д1а хетта х1умма а дац шен. Шайт1анах лардалар т1ехь ду вайна. Хьайн чолхечу дахарехь дайначех а, лелийначех а, хезначех а кхин д1а а дош алар доьху хьоьга, ва 1аьлмирза, кхузехь болчу кегийрхошка пайда эцийта»-олуш, шен къамел сацийра Мадас, цунна т1е а воьрзуш. Ладоьг1уш берш а хилира бист, 1аьлмирзина баркалла а олуш, цуьнга кхин д1а дош аларе а кхойкхуш.                                                                                            

   Шена дош алар т1е а доьжна, кхин д1а а, къамеле велира 1аьлмирза. Цо, шен дашехь:«Оьшуш дерг, дерриг  а долуш, иза кхачийча, т1екхоьхьуш тешаме накъост а волуш  цхьаммо дина х1ума-хьуьнаре хеташ ца хилла вайн дайшна.«Иза-м хьаьнгга а далур дара...»-олуш хилла цара, и саннарг стага дича.                                                                                    

  Х1ума дан аьтто боццушехь, и ца дайта яккхий дуьхьалонаш йоллушехь, и тайпа хала г1уллакх цхьаммо дина карийча:«Хьекъал а, собар а ду цуьнгахь. Х1ума далуш ву иза. Къонах ву и!»-олура, шайгахь хьекъал а, собар а долуш, Далла дуьхьал баханчу вайн дикачу дайша.

   Хьекъал а, х1ума хаар а шайгахь хиларехь, къоман кхетаме дайша-пхеа декъе бекъна нохчий:                                                                                           

  «1.Х1ума, шайнначул, хууш а, девзаш а нохчий бу. И тайпа берш, тоийта мегар ду»-аьлла цара.

  «2.Хьекъал а, х1ума хаар а долуш:«Шайна хуург ма

хаъхьара, цхьанне а»-боху ойланаш шайн дагахь

йолуш ду, нохчех цхьа дакъа. Цаьргахь дог1аьржалла ю. Далла ца езна б1аьрмецигалла ю иза. Шайн гайн а, доьзалан а боцург, кхечу х1уманна бала ца хуьлу цаьргахь. Дуьне даьсса ца дита кхоллина и саннарш»-олуш, мах хадийна церан вайн дайша.

  «3.Шайгахь хьекъал а, хаарш а долуш, Делан дуьхьа, 

шайгахь долу диканиг кхечарна хаийта къахьоьгуш бу

нохчашна юккъехь, цхьаберш. Комаьршалла шайца йолуш, дикалла ю цаьргахь! Де эшначунна накъост а хуьлий, д1ах1утту уьш. Къинхетам алсам бу церан дагехь. Беркат дохьу цара адмашна юккъе. И тайпа болу нах- къоман ч1аг1ам бу»-аьлла, хастийна и саннарш.

 «4.Шайгахь хаарш а, хьекъал а долуш, долчух кхачо а

йина:«Вайна керланиг довзийта а, я хьеха а вац, цхьа а»-боху ойланаш шайн коьртехь ч1аг1ъелларш а бу,

нохчашна юккъехь. Дуккхамма а, пайде дерг кхийдош хиларх шайга, вон амал йолу вир санна-шайчунна                 т1ег1ерта уьш. Цара бинчу хьехамах кхачам а бина, иза коьрте билла мегар дац, дан леринчу г1уллакхна, дукххьолахь-иза зен деш хиларна.Зуламан дай бу уьш!»-алара, вайн хьекъале дайша царна.   

  «5.Хьекъал а, х1ума хаар а долуш:«Ма кезиг ду-кха

шегахь долу 1ильма а, х1ума довзар а!»-ша-шега бохуш, кхин а алсам х1ума довза къахьоьгуш ду цхьа адмаш, нохчашна юккъехь.«1илманан, хьекъалан дай бу уьш.   

Махкана а оьшу и саннарш!»-олуш, лаккхара мах хадийна церан вайн къомо.        

  Х1ума дарехь а, дитарехь а болчу хьежамашна т1е а доьг1на, шина декъе бекъна нохчий-вайн къоман хьекъале дайша:

  «1.Даза ца долу юкъара г1уллакх, иза доккха-жима  хиларх, шайгахула а доцуш, хьаъа дина а, и г1уллакх цхьамма дича:мегаш а, хазахеташ а, иза хилийта шайгара оьшуш долу накъосталла дан кийча а хуьлу

цхьаболу нохчий. Вайн къоман хазна а, ч1аг1ам а бу и саннарш. Уьш бовза беза, пусар дарца- церан накъост а хуьлуш. Беркат дохьу цара. И саннарг ваккха веза, даза ца долу, юкъарчу г1уллакхана хьалха, дехар дина а-г1уллакх хилийта лаам белахь»-алара, вайн хьекъале дайша. 

  «2. Х1ума дар а, дитар а шайгахь хьалхе а йолуш, шайгахула и хуьлуш дацахь, и г1уллакх ца хилча а мегаш -цхьа «нах» бу нохчашна юккъехь. Шаьш хьалха а доцуш, муьлхха а, юкъара г1уллакх хила герга дахча, и кхочуш ца хилийта, эхье-бехке дерг тергал а ца деш- новкъарлонаш йо цара. Дала вайн къам лардойла, цу кепара ойланаш а, дегнаш а долу «нохчашкара» хуьлучу баланах! И тайпа стаг юкъара г1уллакх дан хьалха ваккха, муххале а, мегардацара. Нагахь и саннарг, Делаца къамеле вала дагахь, т1ома а ваьлла, стигалан 1аьрчашка хьаьла воьдуш велахь а, топ а тохе, лаьтта вожаве иза-тешам бац цуьнах.                                                                                

 Дан леринчу г1уллакхна, и ца хилийта боьг1начу гурах тера бу уьш. Барт хила йиш яц уьш болчохь, цаьрга ладуг1уш адмаш мел ду. Беркат ца долу цаьргара. Ас-сой бохург хуьлу, и санна волчо, юкъара г1уллакх деш коьрте диллинарг. Ц1огнах ц1е тесна а, шайн ц1е яккха лууш хуьлу и саннарш.

  Мостаг1ан хьер хьийзош болчу беранна т1е хи дуьттучех бу уьш.                                                                                И саннарш тесна бита беза, царна т1ехьа а ца х1уьттуш. Юьхьк1айчу х1уттур вац церан г1о динарг а, уьш къобал бинарг а. Шегахь жимма а стогалла ерг, накъосталла деш хир вац церан»-олуш, т1аьхьене шайн дахарехь тидаме эцийта, билгалдаьккхина иза вайн дайша.

  Даза ца долучу г1уллакхна, иза кхочуш хилийта- ницкъ оьшу. Ницкъ белахь а, цуьнах дан х1умма а дац, нагахь доьналла цуьнца дацахь. Ницкъ а, доьналла а, и шиъ цъаьнакхетча а, г1ийла ду цу шинггера а хьал-1илманца церан гергарло дацахь. Хьекъал шеца дацахь, к1езиг хир бу 1илманах хуьлу пайда а. Собар доцу: ницкъ а, майралла а, 1ильма а, хьекъал а -цхьаьннан лай хилла д1ах1уьтту. Ша дукха лийнехь, къинт1ера довлар доьху шуьга»-олуш, цу т1ехь дерзийра шен къамел хьаькъале 1аьлмирзас.

  Цул т1ехьа, цигехь к1еззигчу ханна х1оьттина тем а бохош, ша воккха хиларе терра, Мадас:«1аьлмирза, кхузехь ахь дина къамел, схьалаца корта белахь-пайде хьехам а, хьекъале кхетам а бу. Аллах1 реза хуьлда хьуна!»-олуш, массарна а баркалла аларца, дерзийра шайн вовшахкхетар.

  «Ма г1ойла диканна а, вонна а-нехан бага!»-олуш хилла, вайн хьекъале дайша. Кху т1аьхьарчу 25 шарахь,   жима нохчийн къам мостаг1-Россица луьра т1ом беш ду-маьрша хила юкъ а йихкина. И т1ом х1инца а боьдуш бу, шен т1ег1ана а баьлла. Яхь йолчу къоман к1енташа, мехкарша, кху т1ехьрчу 20 шарахь, маьрша хила мостаг1анна дуьхьал бечу т1амехь, цу луьрачу къийсамехь, шайн синош ца кхоош гайтанчу доьналло, дикачу аг1ор, мостаг1о бечу 1аткъамо а, цунна бохкабелла «нохчаша» а, шайгахь хьекъал дацарна, къоманна эшаме дерг лелочара а, вочу ц1арца, ший аг1о а йолуш-дуьненна а бага бахна тахана нохчий. 

  Къам а хилла, дуьненчохь долчу къаьмнашна хьалха сий а долуш, я, цхьа а чот йоцуш, лай а хилла, оцу шина аг1онах, цхьаъ бен яц-кху дуьнено нохчашна кхача йитина меттиг. Йоккха а, хала а киртиг ю нохчийн къоманна тахана т1ех1оьттинарг.                                                          

  Нохчашкахь долу чолхе хьал нийсачу новкъа даккха а, цу новкъахь вайн къам маршоне, толаме кхачо а-ницкъ а, доьналла а,1илма а, хьекъал а, собар а оьшу. Оьшург, дерриг хилчи а, барт бацахь-толаме кхачар хир дац                                       

нохчийн къоман.                                           

  Маьрша ца хилча, цунна дуьхьал дало х1ума а доцуш-нохчийн къоман кхане яц! «Бошхепа а йиллина:«Х1а, д1аэцал х1ара»-аьлла, вайна маршо йохьуш-аддам а вог1ур вац.Маршо, луьрачу къийсамехь-яккха езар ю!»-Жовхара ма аллара (Дала г1азот къобал дойла цуьнан).

   1аьлмирзас, даккхий х1уманаш т1ех1иттина а, уьш листина а ша хиларе терра, лакхахь, шен аларшкахь, боккха кхетам белла вайна- вайх д1алаца корта болчунна. Нохчий баьржина, г1ийла, боьхна хьийзачу кху муьрехь, къаьсттина, тидаме эца безаш бу аьлла хета, 1аьлмирзас шен дагалецамашкахь вайга схьакхачийтина и хьехамаш.  

  «Ас-со!»-бохуш, шайна т1аьхьа тобанаш а кхоьллина, къоман барт бохийна хьийза-цхьаболу «нохчий». Барт бацаро нохчийн къоманна деш долу зен, доккха хилар-дийца ца оьшу. Тахана, нохчийн къоманна оьшург барт бу.                                                                

  Цу т1е а доьг1на, Европехь Нохчех Кхоьллинчу Къанойн Кеташонан Декъахоша, шаьш духхьарлера г1улч йоккхуш, сацам а беш, дош аьлла маршонна юкъ йихкинчу нохчашка-барте кхойкхуш. Цара шайн сацамца билгал бина, маршонна юкъ йихкинчу  нохчийн барт хинболу- шайна гуш болу некъ. Цу Къаноша шайн сацамехь билгалбинчу некъана реза хилар, билгалдаккха луур дара-сайна кхочучу декъанна.

Оцу некъах шена хетарг алар а, Кхеташонан Декъахойн накъостий хилар а т1ехь ду, маршо езаш волчу Нохчочунна- нагахь Дала бохург дохош цара схьакхийдош дерг дацахь. Ша Нохчо ву бохург, юьстах латтар, к1илло хиларан хьакъ долчу тег1анахь ду-тахана нохчийн къамехь долу чолхе хьал.                                                                       

  Баркалла ала лаьа Европерачу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахошна, жимачу нохчийн къоманна хала киртиг т1ех1оьттинчу дийнахь, къоман хьашт-г1уллакх кхочуш дан-деза дукъ шайна т1еэцарна. И Кхеташо хиларо-даге йовхо а кхуллу! Шегара ял а, къоман царах баркалла а хиндолчу новкъахь къахьегар лойла шуна Везачу Дала! Цу новкъахь кхиамаш а хуьлийла шун! Вежаршка, йижаршка, Нохчашка кхойкху, тахана къомехь долу чолхечу хьола ойла яр. И нисло аг1о лохуш-само яр а.

  Дала лардойла вай, жима, турпала нохчийн къоман барт буху дош аларх а, г1улч яккхарх а! Диканиг хиларе дог а доху, Дала нохчийн къам маршоне кхачорг хиларх-теша а теша!

 

                            Лерамца-Къахьарма.

 

                                15. 05. 2015 шо.