Сталин Иосиф куьйгаллехь верг терроран а, дуккха а дамаш дайаран а, колхозаш яхкаран а, цкъа а дуьненна гина боцу кIиза тIом хиллан а зама хилла. Амма тахана Сталин хестош болчу наха дуьйцу, цуьнан хьунар бахьана долуш Советан Пачхьалкхо толам а баьккхина, цунах тIех онда пачхьалкх а хилла бохуш.
Дикторан хаам: «5-чу мартехь суьйранна 9 сахь 50 минот яьлча, еза цамгар лайначул тIаьхьа велла Иосиф Виссарионович Сталин».
Оццу сарахь цхьа къеззиг маьрша болчу вайнахах уггаре а вевзаш волчу нохчочо Авторханов Абдурахьмана дIахьедар дира, нагахь хезаш хилча, цуьнан махкахойн дегнаш Iабор долу. Цуьнан чулацам бовзуьйту Чабаев Лемас.
Чабаев Лема: «Эххара а вели Сталин. Детталучуьра сеци чагΙалкхан дог, болх бечуьра сеци йилбазан корта. ДΙадаха шеца я ларам а, я безам а, я къинхетам а, цхьа а адамаллин хьаса а боцуш даьхна адам. Шийлачу чалтачан амалой, шен са лардан хуучу дийнатан стешхаллой адаман тайпанца догΙуш а доцчу акхаройн тайпанах дΙатарвора иза.
ДΙаваха, адамашлахь уггаре а тоьллачу миллионийн синош чекистийн баннашкахь, Сибрехан варшашкахь, Колымарчу маьΙданийн оьрнаш чохь, Юккъерчу Азин гΙамаршкахь, Кавказан лаьмнашкахь хΙаллакдарца, шен цΙе яха йитина стаг.
ДΙаваха, цкъа а хилла доцу пачхьалкхан лолла , къизаллин Ιаьржа бода кхоьллина а, чΙагΙбина а, шорбина а волу стаг.
ДΙаваха, хΙинца да а велла, байлахь бисина саьхьара шен гΙентах тийсало, шех тера, ша санна болу халкъан чалтачийн бΙонаш кхиийна стаг.
ДΙаваха гΙаттамаш, революцеш, тΙемаш бахарехь, шех шайн ах-дела а вина, цуьнан лаамаш кхочушбеш дуьне а бале хΙоттон кийча хьийза говзанчаш кхоьллина а, кхиийна а волу стаг.
ДΙаваха ткъе итт шеран дохалла, хуьлуш цхьа а бекхам а боцуш, вайн дайн, вежарийн цΙийлахь, вайн нанойн йижарийн бΙаьрхишлахь нека деш ваьхна стаг.
ДΙаваха, кху дуьнентΙехь лела а лелла, неΙалт хиллачех уггаре а неΙалт хилла стаг.
Таллан гΙуркх болийла цуьнан коша чекх!
Цкъа а ца дов неΙалт хуьлда цунах дисинчу эсана!!
Луьра тΙом лаьттийла цуьнан тΙаьхьалонца!!! Иштта бу вайн къаьмнийн сардам. Иштта хир бу иза тΙейогΙучу тΙаьхьенийн а».
Джугашвили Иосиф, Сталин Иосиф вина 1879 -чу шарахь Гуьржийчурча Гори олучу гIалахь. Сталинан нана Джугашвили Геладзе Китиван (1858-1937) хилла бедаршйиттархо а, бедарштегархо а. Шен кIант деша вахийта аьтто хилла цуьнан Тбилисехь йолчу Гуьржийчоьнан Керстан Ортодоксан Семинаре.
1849-чу шарахь вина волу Сталинан да Джугашвили Виссарион велла шен кIантах хилларг галеиза 1909-чу шарахь.
Сталин цIе лело волавелла Джугашвили Иосиф I9I2-чу шарахь.
Сталинан хьалхара хIусамнана хилла Сванидзе "Като" Екатерина. Сталина иза ялийна цо Тбилисехь 1906-чу шарахь. Цуьнан а, Сталина а кIант хилла 1907-чу шарахь вина волу Яков Джугашвили. Яков велла ШолгIа Дуьненан ТIом боьдуш 1943-чу шарахь Охан-баттахь Германехь йийсарехь волуш. Сталин реза ца хилла иза немцойн тутмакхца хийца. Джугашвили Яков валаран бахьана билггал хууш дац.
Сталинан шолгIа хIусамнана хилла Аллилуева Надежда. Иза елла 1932-чу шарахь, цомгуш а хилла. Цхьаболчара чIагIдарехь, цо ша шена тапча тоьхна. Вукхара дийцарехь, иза йийна Сталина.
Сталинан кхин а ши бер хилла Васлий а, Аллилуева Светлана. Светлана йина 1926-чу шарахь. Iамерке дIаяхара иза 1967-чу шарахь, Советан Пачхьалкхехь шен ши бер а дитина. 1984-чу шарахь Гуьржийчу яха юхаеанера Аллилуева Светлана. Амма ши шо даьлча, 1986-чу шарахь иза юха а дIаяхара Цхьаьнатоьхначу Штаташка. Цигахь иза елла 20II-чу шарахь.
Сталин Василий вина 1921-чу шарахь. Иза хилла кеманхо. Инарла. Сталин велча чувоьллинера иза. Амма дукха хан ялале дIахийцира. Велла 1962. шарахь.
Официала кепара Советан Союз машаран а, прогрессан а, гармонин а, ткъа уггаре а коьртаниг, Сталин везаш а, цунна тешаме а адам долу пачхьалкх хилла. Иза хилла «халкъийн да», «адамийн ирсан бешлелорхо. Цуьнан сурташ хилла массанхьа а.
«БIаьннаш шераш девр ду, вайн тIаьхьенашна вай уггаре а ирсе нах хетар ду, уггаре а аьтто болу нах хетар ду, вайна Сталин, вайн генийн лидер, гина хиларна»,- бохуш яздина цхьана советан яздархочо.
Дуккха а кху дуьнентIера историкаш бу хIинца а, цу «уггаре а ирс долчу нехан» бакъйолу истори толлуш болх беш.
Сталинан зама Советан Союзан экономика кхиаран мур хилла. Пачхьалкхан пропагандо хестош хилла индустрехь, корта хьовза мегар долуш, сиха хуьлуш болу кхимаш а, юьртбахамехь хуьлу хийцамаш а, юьртабахаман имперех индустрин пачхьалкх еш.
Амма дукхах йолу и проекташ, шайна юкъахь Москва-Волга хин канал а, Беломор канал а, Поляран гонан арахьа биллина аьчган некъ а кхочуш йина ГУЛАГ олучу лагерийн машанехь латточу наха.
1929-чу шарахь дуьйна 1953-чу шарахь Сталин валлалц цу ГУЛАГ-ахь чекхваьлла 14 миллион стаг.
1 миллион 600 эзар стаг цигахь велла. Цу лагершкахь латточу нахана луш хилла дукха декъаза кхача Дукха ледар хилла лоьрийн гIо. Беркъа хилла цу нехан духар. Цара болх беш лелош ца хилла цхьа а балхана оьшуш болу цу заманахьлера гIирс.
ГУЛАГ коьллина хилла экономикан хьашташ кхочуш дан. Дукхах йолчу лагерша махкахь индустриализаци еш кхочуш деш хилла билггал долу декхарш: хьун хьакхар, маьIданех пайда эцар, индустрийн гIишлош яр.
ШолгIа Дуьненан ТIом чекхбаьлча 1 миллион сов, нацистийн йийсархойн лагершкахула чекхбевлла болу советан салттий дIахьажийна хилла ГУЛАГ-е. Сталин 1953-чу шарахь Зазадоккху-баттахь веллачул тIаьхьа коммунистийн Iедалша долийра ГУЛАГ дIаяккхар. 1954-чу шарахь дIахийцира цара политикан тутмакхаш. Ткъа и ерриг а система официала кепара дIаяьккхира 1960-чу шарахь Дечкен-беттан 25-чу дийнахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан указца.
1939-чу шарахь дуьйна ша валлалц Советан Пачхьалкхехь деха кегийн къаьмнаш махках дохош дехьа-сехьа доху политика дIахьуш хилла Сталин.
Цу балех ца бевлла вайнах а. Нохчий махках бахаран бахаьана билггал хууш дац тахана а. Историкаш тIаьхьакхиа гIерташ бу цунна. Царах ву историн Iилманча Вачагаев Майрбек. Цо дуьйцу.
Вачагаев Майрбек: «Къилбаседа Кавказ вай схьаэцча баркхархой а, кхарачой а, нохчий а, гIалгIа й а- диъ къам оцу (Гуьржийчоьнан) дозанца ду. Вайна юкъахь кхин чергазой бац, хIирий боцурш. ХIирий вайна хууш ду, нана хиллачух ьера ду цуьнан хIирийн къомах. И диъ къам дохор бахьана гуьржийн дозанца хилар ду аьлла хета суна.
Сталина ша вист хуьлуш аьлла ду нохчийн къам пачхьалкхана дуьхьал хилла ду аьлла. Уьш пачхьалкхана дуьхьал бу аьлла бохийна. Ткъа гIалгIашца дерг хIиришца доьзна хир ду аьлла хета суна. ХIунда аьлча гIалгIаша Совтеан Iедал дика тIеэцна. Сехьа Совтеан Iедал дика тIеэцна болу дагестанхой а метта ца баьхна. Чергазой а, гIебартлой а, адыгаш а меттах ца баьхна».
КIиза политика лелош хилла цо полякашца а, румынашца а, литовцашца а, латышашца а, эсктонцашца а, Поволжьерчу немцошца а, финнашца а, ГIирмерчу гIезалошца а, ГIирмерчу грекашца а, калмыкашца а, балкхарошца а, кхарачошца а, Месхетерчу туркошца а, корейхошца а, нохчашца а, гIалгIашца а, кхечу къаьмнашца а.
ТIеххьара болчу талламашца, 6 миллион стаг вохийна махках ваьккхина хилла Сталина. Царах 1 миллион 500 эзар сов стаг велла. Дукхах болу махкахбаьхна нах баха ховшийна хилла Генарчу Малхбалехь а, Юккъерчу Азехь а. Цхьацца долчу къаьмнашна юкъахь 40 сов процент адамаш делла мацалла а, цамгарех а.
1956-чу шарахь, Сталинан зуламаш дуьйцуш ша динчу къамелехь, Советан лидеро Хрущев Никитас элира, украинцаш махках ца бохуш битаран бахьана дара уьш дукха хилар аьлла. Уьш бахьа меттиг яцара махкахь, бохуш вара иза.
Цундела ларамаза дацара Сталин велча махакахь хазахетта дукха а нах хилар. Царах бара Сибрех а, Юккъерчу Азехь а Даймахке сатуьйсуш хан йоккху нохчий а, гIалгIай а. Сиржа-Эвлара Сайдулхаджиев Iумар иттех шо долуш хилла Сталин веллачу шарахь. И де иштта дагалуьйцу цо.
Сайдулхаджиев Iумар: «ХIетахь 4-чу, я 5-чу классехь вара со. Нижняя Аларча олучу эвлахь школехь доьшуш вара со а, Янорс олуш волу кIант а. Сталин вала воллу бохуш школана уллохь болчу кедачухула дуьйцуш хезира тхуна. Школехь линейка а йина, вайн Сталин вочу хьолехь ву бохуш, дуьйцуш дара.
Юха цу линейкера класс чу а дигина, хьалхара хьехархой а боьлхуш, тхо а доьлхуш иштта хIума лелийра-кх оха. Дуккха а хьалха хилла хIума ду иза. Вай дохор бахьана долуш холчахь вайнах а бара. Нах чIогIа кхоьруш бара. Сталинах лаьцна хIумма а ала а ца бахьара уьш. И тхан школа йоьлхуш яра-кх, догIанах йоьлхуш".
Сталин веллачул тIаьхьа вайнехан дахаре хийцамаш дукха сиха кхечира бохуш, дагалуьйцу, 1953-чу шарахь жима хиллехь а, Сталин велла де дика дагадогIуш волчу Сайдулхаджиев Iумара.
Сайдулхаджиев Iумара: «1954-чу шарахь, Сталин велла шо а кхачале, тхо цигара дIадахара. Цул тIаьхьа ши шо кхочуш хан яьккхира оха. 1956-чу шарахь Гезгмашан-беттан 20-чу дийнахь тхо цIадаьхкира. Хасав-юртахь охьадиссира тхо. Юхадерза деза шу а элира тхоьга Хасав-юьртарчу милицино.
Оцу Хасав-юртахь, баIар а даьккхина, оцу баIаран хьожа йохуш... вилхина-кх со... ХIинца а, иза дагадеача, велха дог догIу сан.»
Шамаев Шисуди 5 шо долуш хилла Сталин веллачу шарахь. Шена дагахь лаьттинарг иштта дуьйцу цо.
Шамаев Шисуди: «Тхан кетIара дIахьажча гуш рудник яра. Iуьйранна белхалой кхойкхуш «гудок» екара цигахь. Тхо кегийра дара. КетIахь ловзуш дара тхо. Цхьа а раж а йоцуш и «гудок» екайолаелира. Иза хIун ду те аьлла, баккхийчерга хаьттича, Сталин велла бохуш, цунна кадам беш екаш ю иза элира тхоьга».
Депортацин политика дIаяьхьира Iедалша Сталин веллачул тIаьхьа а, оццул боккхучу барамехь ца хиллехь а. 1959-чу шарахь цIаберза бакъо елла лаьмнашкара нохчий баха ховшийра аренца йолчу ярташкахь. бахархошца.
Советан Пачхьалкхехь инзаре «чистка» йира 1936-чу а, 1938-чу а шерашкахь. Оцу йоццучу хенахь 1 миллион гергга стаг вийра, я велира набахташкахь. Террор чIагIъеллачу 1937-чу а, 1938-чу а шерашкахь Сталинан кхерамазаллин органаша, тоьпаш а етташ, хIора дийнахь вуьш хилла юккъерчу барамехь 1000 стаг.
Сталин куьйгалла деш хилла цу террорана. Архиверчу кехаташа гойтуш ду, цо шен куьйга 40 эзар стаганна тоьпаш тохийтина хилар. Цхьаболчу нехан цIерашна уллехь яздеш хилла цо, шен къайлахчу полицега, цу стаганна ницкъ бе олий.
Сталин веллачул тIаьхьа леррина кхоьллинчу комиссино дIахьедар дира, цо «луьра зуламаш дина Коммунистийн партина а, социализман пачхьадкъана а, советан халкъана а, дуьненанаюкъарчу революцин боламна а дуьхьал» аьлла.
Горбачев Михаила юкъаяьккхина перстройка йолуш дуккха а цу террорехь байиначу нахана реабилитаци йира, уьш бехказа а баьхна, цIанбеш. Амма уггару а Сталинан луьра мостагI хиллачу, 1940-чу шарахь Мексикехь Сталинан агенто вийнчу Троцкий Левана хIинца а йина яц реабилитаци.
1988-чу шарахь кхин а 20-30 шо даьлча Сталин «советан заманан пачхьалкхан лараме гIуллакхо» санна дагахь латтор ву аьлла, хетарш бацара I процент бахархой а. Амма тахана, Левада-центро бинчу талламца, Сталин уггаре лараме стаг ву Лбрсийчохь Советан Пачхьалхкан а, Оьрсийчоьнан а исторехь хиллачу нахана юкъахь.
Цуьнан дикачу агIор мах хадийна 47 процент бахархоша. 22 процент бахархой бен бац Сталинан вуно вочу агIор мах хадош. 1988-чу шарахь бинчу талламехь и терахь дара 60 процент. 1988-чу шарахь Сталинан заманах лаьцна хIумма а ца хаа шайна аьллачу нехан терахь дара 30 процент. 2012-чу шарахь цу тайпа нах бу 70 процент.
Социологашна хетарехь, Сталинна реабилитици яр доьзна ду, махкахь керла чIор кхиарца. Царна ца хаа Сталинан зама муха хилла. Кхин цхьа бахьана а ду цуьнан. Оьрсийчохь зорбанан гIирсашкахь а, филмашкахь а, литературехь а дикачу агIор гойтуш ю Сталинан зама.
Пачхьалкхо шен караэцца школашкахь истори Iаморан болх. Iедалан версица а догIуш, Сталин тIех онда пачхьалкх кхоьллина, цхьацца совнаха хIуманаш лелийнехь а.
Источник: Le Temps