Нохчий Сибрехара Даймахка ц1абирзина кхо-диъ шо даьлла хан яра иза. Атиев Сайд- Ахьмад вара «Автуринский» ц1е йолчу юьртбахаман куьйгалхо (директор).
«Делан дош девзаш а, дуьненан 1илма долуш а, адамашца ваза хууш а ву Сайд - Ахьмад» - алара баккхийчара, шаьш цуьнах лаьцна дош олуш. «Сайд - Ахьмадас аьллера» - бохуш, пайде а, кхетаме а чулацам болуш дийцарш ду, тахана а, цуьнан ц1арах адамашлахь лелаш.
Йоккха совхозан куьйгалхо волчу Сайд - Ахьмадан, цу хенахь, д1а-схьа ваха маше яцара. Ши говр йоьжначу пайтонахь денч1иг хилара иза д1а-схьа вуьгуш.
1уьйре д1аиккхина, малх делкъанга г1оьртина, аьхкенан йовха хан яра иза. Йоккхачу арахь йол д1аерзош, цуьнах рег1наш еш болчу белхалошка вист а хила, церан делахь, хаттаршка ла а дог1а - пайтонахь воьдуш хиллера Сайд - Ахьмад. Воьдуш, белхалоша йол д1аерзош къахьоьгучу аренна т1екхаьчча: «Шовда долчу 1индаг1ашка яхийта пайтон» - олуш, денч1иге омра дира Сайд - Ахьмадас. Шега дина омра кхочуш деш, йоккхачу арахь белхаш бечу белхалошна ган йиш а йолуш, шовда долчу яхийтира денч1игаc ши говр йоьжна пайтон.
Цу шовданан коьрте д1акхаьчча: «Воло, цу арахь болхбечу белхалошка схьадуьйла ала. Директор ву ала веъна: вистхила а, долу хьал довза а лууш» - денч1иге а олуш, пайтонара воьссина, 1индаг1ехь йолчу бацала, шовданан йистте, охьахиира Сайд - Ахьмад. Шега куьйгалхочо бохург кхочуш дан вахара денч1иг.
Г1еххьа хан-зама яьлча, бовхачу малхехь докъар д1адерзош къахьоьгуш болу белхалой, т1ехь йолу кучамаш яшош, даьлла хьацар а гуш, шовдане схьаэха буьйлира - х1орангахь карахь шада а долуш. Белхалойх, схьакхаьччарг: шайн куьйгалхочуьнга салам а лой, цуьнга могшалла а хотте - 1индаг1е охьахаара.
Т1аьххьара йог1учу белхалойн тобанца вара, 50 шо хирдолу Бешир. Даъиманна а, стаг хьовзо лууш волчу цо, салам а делла, могуш- парг1ат хилар вовшашка хаьттина даьлча: «Пайтонахь воьдуш - вог1уш, 1индаг1ашкахь долчу шовданан йисте хуьйшуш, шийла шовда муьйлуш. Т1еюьйхина ц1ена бедарш. Мерз-мерзаниг, чомехь ерг юуш, молуш. Ма тодели хьуна х1ара дуьне, Сайд- Ахьмад.
Хьажахь, тхоьга. Малхо доттучу дийнахь, хьацар а даьлла, шаданан г1ожо дохийначу куьйгашца болх бо оха. Бинчу балхана луш, к1еззиг бен алап а дац. Хун эр дара ахьа цу хьокъехь?» - олуш, къамел дира Бешира Сайд - Ахьмаде, и хьовзо дагахь.
Бешир дош аьлла ваьлча: «Х1ун эр ду-те шайн куьгалхочо, Беширс, хьовзо дагахь, шега динчу къамеланна дуьхьал?» - боху ойланаш еш белхалой а болуш, жимма, хан елира цигахь.
Тийналла йохош: «Бешар, хьо а, хьо санна берш а, вай кегийра долчу хенахь: сигаркан юьхьгаш а лехьош, дечиган пондар а лоькхуш, деш а, дуьтуш а доцуш лелачу хенахь — аса, 1илма довза г1ерташ, дийшира» - олуш, доцца жоп делира Сайд- Ахьмадас Беширна.
«Бакъдерг ду, Сайд- Ахьмад, ахьа бохург» - олушверг а волуш, Сайд- Ахьмадас делла жоп къобал дира ладуг1уш 1ачара.
Дешан толам шегахь хила луучу Беширс: «Бакъ дац хьуна а, хьо санна болчаьрна а моьттирг! Шаьш, белхалой, дукха ду. Шу, хьаькмаш, тхоьл к1езиг ду. Алсам долчу тхуна, дуьхьало ялур яц шуьга. Оха эшор ду шу» - элира, шен дагахь, Сайд - Ахьмад к1елвита.
«Муха йист йолу-те, говза дош аларца, цу шимма вовшашца бечу т1амехь?» - боху ойланаш коьрте а хьийзаш, ладоьг1на 1аш бара кхиболу белхалой.
«Гора, Бешир яь1! Адамийн башхаллаш, хьуна дика евзаш ца хилар гойту - ахьа соьга дечу къамело. Дукхах долу адамаш, котамийн амалехь ду хьуна - шайх котамаш ю ала а мегардолуш» - элира, Сайд-Ахьмадас.
Иза кхин д1а а дош ала воьлча, юккъе г1оьртинчу Беширс: «И х1ун ду ахьа дуьйцург, ва Сайд-Ахьмад. Адам муха хуьлу котаман амалехь, шех котам ю хьо ала тарлуш?» - элира, шегахь, къайлехь, цатам хилар а долуш.
«Хьо вистхуьлуш, со ладуг1уш 1ийра. Со аьлла валлалц ахьа ладог1ахь, аса кхетор ву хьо цуьнах» - олуш, Бешир собаре кхайкхира Сайд - Ахьмадаc.
«Собаре хир ву со -м» - Беширс а олуш, Сайд - Ахьмадас кхин д1а а къамел дира.
Цо: «Соьгахь х1оъ а (хьаьч1иг а, к1а а, борц а, кхин а) болуш, аса иза шайна тесча - суна т1ейог1ур ю котамаш. Соьгара х1оъ кхача а бина, хьоьгахь иза хилахь. Ахьа и х1оъ шайна тесча, хьо волчу марзлур ю уьш. Соьгахь а, хьоьгахь а х1оъ бацахь, вайшинне а букътухур бу цу котамаша.
Адамашлахь, дукхахдолу дакъа - оцу котамийн амалехь ду хьуна. Шайна доьша хилча, кхидолчуьнан к1езиг бала болуш хуьлу и тайпа адамаш. Сом а, доьша а шайна хилча, шайн да а вухкурволуш ду, цхадолу адамаш. Царех: «Котамаш ю уьш» - ала мегар ду хьуна. Вайшинга ладег1а к1ордийна хила там бу, кхузахь болчарна. Ша веъна кхуза: шуьгара хьал а довза, оьшург х1ун ду а хьажа. Хьо кхетаза висинехь, Бешир, х1ара къамел дар, т1ехьатоттур ду вайша» - олуш, Бешир кхето деш долу къамел сацийра Сайд- Ахьмадас.
Цул т1аьхьа: «Бешар, 1ан а ца 1ийна, кху Сайд- Ахьмаде бакъдерг алийти ахьа» - ладоьг1уш 1ийначех цхьамма а олуш, к1еззиг йолчу ханна, самукъане хьал х1оьттира цигахь.
« Со-м х1ара, Сайд-Ахьмад, хьовзо дагахь вара, иза сайга далур ду моьтташ. Иза далург ца хилар кхо хаийти суна. Дашна говза ву х1ара. Кхо бохучунна ша а ву реза. Дан а ду, цхьадолу адамаш, котамийн амалшка дирзина - кхо ма аллара» - олуш, Беширс дерзийра шен къамел, ша кхетта хилар а хоуьйтуш.
Кхин д1а, куьйгалхочо, Сайд-Ахьмадас, ша дадог1у къамел дира белхалошка. Раг1 т1екхаьчча, белхалошка дош а алийтира - ша ладуг1уш а сецна. Церан хьашт- г1уллакхаш, шен г1оране хьаьжжина, кхочуш дан т1е а лецира. Ишттачу хьолехь дирзира, юьртабахаман куьйгалхо, Сайд - Ахьмад, шен белхалошца арахь вовшахкхетар. Юккъехь марзо а йолуш, къаьстира уьш.
1одика а еш: белхалой шайн балха бахара, Сайд - Ахьмад, пайтона а хиъна, ферме вахара - цигара хьал довза.
Cайд - Ахьмадас, шегахь хьекъал хиларе терра, лакхахь, Бешире аьлларш ду, адамо шен дахарехь боккха пайда эца йиш йолу масаллаш.
Вежаршка а, йижаршка а доьху, Сайд - Ахьмадас аьлларг тидаме а эцна, нохчийн къомехь тахана долу чолхечу хьолаца иза дустуш - цуьнан мах хадор.
Мостаг1о хьийзош къам а долуш, Сайд - Ахьмадас хьахийначу котамах а тарвелла, вижина 1илла йиш юй - те, нохчочуьнан - тахана?
Везачу Дала: Ша цхьаъвинчу а, къоман бала бай беш, къахьегначу а - нохчийн мог1арехь нисдойла вай!
Хучин Ахьмад