Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Нохчашка

 

Лай амал йолу муьжгийн Росси, кхайкхаза, Нохчийчу еъна 300 бIе шо сов хан ю. Цу еххачу хенахь боьду луьрачу къийсамехь, жима нохчийн къомо маршо еза алар доцург, кхин лоьхуш а, доьхуш а  хIумма доццушехь,  мостаг1о Россис, шен ницкъ хиларе терра,  нохчашна тIехь лелоза йисина къизалла яц. Адмалла шеца йолуш долу цхьа хIума дац дийца, мостагIо  вайн къомаца лелийна ду аьлла-дагардеш довзийта.

Цо лелийна кхийолу къизаллаш ца хьехош а йитина, 23. 02. I944 шарахь, бехк-гуьнахь доцуш, нохчийн къам Сибарех хьажийча: новкъахь а, дакхаьчча цигахь а, юха вайн къам цIадоьрзуш а хиллачех, леллачех - доцца дош ала лаьа.

Сибрехахь дуьненчу девлачех ду тхо. I957 шарахь, нохчийн къам цIадоьрзуш хилларш а, лелларш а дагадогIу. Новкъахь, Сибареха вайн къам дуьгуш а, дIакхаьчча, цигахь а, мацалла, цамгарш бахьана а долуш, кхелхина адмаш а, бераш а гиначех дац тхо. Амма, тхуна дагабогIу баккхийнаш, вайн къоманна тIехь цу хенахь лелла а, лелийна а къизаллаш гинарш, уьш Iаьвшинарш.

«Сибарех дуьгуш, хьайбанаш дIа-схьа къоьхучу вагонашкахь цхьаъ кхелхача, иза охьа а эцна-дIаволла йиш йоцуш. Шалон сацийна меттиг хилча а, дакъа вагончура схьаэцча, и дIадолла бакъо йоцуш, нехаш санна, и декъий охьакхуьйсуш. Сибарех дIакхаьчча даа, кхалла хIума доцуш. Дехьа-сехьа, кхечу юьрта ваха бакъо йихкина. Еллачу хIуманийн жижигах пхьор дича-даккхий а деш. Бецаш лехьош, уьш юуш. Мацаллийна доьлху бераш, царна а, шайна а дан хIума доьцуш-доьхна хьийза дай-наной. Цамгар йолчунна дан дарба доцуш. Iуьйранна, дийнна доьзал кхелхина карош, и декъий лаьттах дохка гIор доцуш. Белларш лаьттах бухкуш, цхьа тема а дой. Кхана церан декъий жIаьлеша диъна карош. Бухахь Iаш долу адамаш гома хьоьжуш, уьш нохчех къехкаш. Дела воцург орцах вала стаг воцуш, кийрахь болу бала латкъо меттиг боцуш»-олуш, кхин а шаьш лайна баланаш буьйцуш, хийла нохчийн баккхийчарга ладийгIина вай, церан бIаьргех дуьйлу хиш а гуш.

Цу баккхийчара:«Бехк а боцуш, хIара къизалла вайн къоманна тIехь лелаяр диц дахь, шаьш къинтера девр дац шуна. Цаваьлларг бен, кху къизачу Iедалан меттиг нисло хIума ма делаш. Жоьлгаш ю кху Советан Iедалан коьртехь. Вайн Эвлаяаша:«Духур ду. ТоьлтIехь хийцалур ду хIара»- баьхна кхунна. Хийла, и цIеначу нохчех Делан лай хIаллаквина кху ямартачу Iедало. Дала чIир эцийла кхуьнгара, нохчийн къоманна тIехь кхо лелош йолчу къизаллех. Нагахь, Делан йоза а хилла, вайн къоман ДегIастана цIадерзар нислахь, и бахьана хIоттале шаьш кхузахь кхалхахь-шай даьIахкаш ма йиталаш кху хийрачу махкахь. ЦIахьой, Дайбаьхначу лаьттах йохкалаш уьш»-алара, кегийрхошка, бIаьргех хиш а оьхуш. Гина а, шаьш Iаьвшина а халонаш юьйцуш, дукххьолахь, легашка шад а хIуттий, сацдора бакхкийчара шаьш деш долу къамел.

Амма, оццул йолчу халонех, эзарнашкахь дайх а, нанойх а, вежарех а, йижарех а бевла, юха денбелира нохчий цу сийначу Сибарех. Вайна дагадогIу, I3 шо Сибарех доккхуш, яхь йолчу кIенташа, цхьа барт а болуш, хIума дарехь а, дитарехь гойтучу доьналло, нохчийн къоман лерам бойтуш яра, кхечу къомах болчу векалийн кийрахь кхоллаялийтина ойланаш. Иза билгалдаьккхина, цхьамоггIа, кхечу къаьмнийн Iилма шайгахь хиллачу векалша, тидамаш а беш, шаьш цу хенахь нохчийн къомах лаьцна яздинчу тептаршкахь. Царех цхьаъ ву А. Солженицин. Цо «Архипелаг ГУЛаг» аьлла, шен цIе йолчу тептарна тIехь, Сибарех нохчаша лелийнарш довзуьйтуш яздинарг дешча хуур ду - Нохчаша Сибарех динарш а, лелийнарш а.

I957 шарахь, нохчийн къам Даймахка цIадоьрзуш хилларш, лелийнарш гина а, дагадогIучех а ду вай. I3 шо Сибарех доккхуш, шаьш вовшахбиттина бахамаш а, гIишлош а, кхидерг а к1еззигчу мехах доьхкина, цхьадерш мехаза дитина, Дайбаьхначу махка, цIехьа гIоьртира нохчий. Ша нохчашна тIехь лелийначу харцонна, къизаллийна дохкох делла-м муххале а дацара Советан Iедал.

Юха а, хьайбанаш дIа-схьа кхоьхьу вагонаш яра нохчашна кхачийнарш. ГIаш баьхкина а, сил дукха безачу Даймахка берза луучу нохчашна, и вагонаш доккха хIума хетара. Вагонашна чохь 30-40 синош а хирдолуш, царех вовшахтухий шалонаш а еш, цIерпошта хьалха а тухий Сибарехара Даймахка хьовсийра, маттана буьххьехь моз, к1еллахь д1овш долчу Советан Iедало нохчий.                                                                                                                            

Даймахка кхаьчча: «Шайн Дайбаьхначу юьрта ца догIуьйту шу. Теркал дехьа довла, шайн дахар цигахь нисдан. Цунна реза дацахь, юха, шаьш схьадехкинчу Сибарех дIагIо»-боху, дIахьедарш дара бухарчу Iедало схьахазош.

КIирнах а, цул сов а вокзалехь, цунна гонаха йолчу майданашкахь Iара нохчий, шайн берашца буьйшуш а, гIовттуш а. Вовшах а кхетий, хIора дийнахь, нохчех векалш оьхура лакхарчу Iедална тIе. Уьш тIеоьцуш а, ца оьцуш а юха богIура. Цахуьле а долий, къайлах, буса гIаш а, ворданашкахь а шайн Дайбаьхначу юьрта оьхура нохчий. Иза гина а, лелийна а ду вай. ДIакхаьчча, ярташкахь, дукхах долу дайх дисина цIенош дохийна дара. Йисина билгалонаш-гуьйнаш дара. Дохоза дисина цIенош чохь Iаш муьжгий а, суьлий а, малаканаш а, кхидолу къаьмнех болу векалш бара. Цхьаберш, цIабаьхкинчу нохчийн цIенош дIа а лой, дIабоьлхура. Амма, дукхах берш, шайн Даймахка цIабирзинчу нохчашка цабезамца, гома хьоьжура. Соьлжа гIалахь а, кхечанхьа а цара митингаш йора: «Юха а Сибарех дIабахийта нохчий. Оха дIалур дац цIеран цIенош а, дакъош а. ХIара дийриг хилча, тхо хIунда далийра аш кхуза, нохчий махкахбаьхначу хенахь»-уьш а, кхин а дIахьедарш дора цара цу хенахь хиллачу Нохчийчура Советан Iедале. Шайн дайша динчу цIеношна чу а ца буьтуш, царна юххехь, Iаьржа кехат тIетоьхна баннаш а йина, шайн берашца, цу баннашкахь дишар-гIовтар а долуш, нохчий Iийна хан дагайогIу вайна. Бут а, сов а хан яьлча, ахча а луш, шайн дайша дина цIенош схьаэца дийзира Даймахка цIабийрзинчу нохчийн. Шайчух гIуллакх хир доций а хиъна - иштта дIабахара нохчийн цIеношна чохь баха хевшинарш.

Вай лакхахь ма аллара, ярташкахь дукхах долу цIенош дохийна дара. Дай-наной, йижарий, вежарий дIабоьхкина кешнаш дара: дукхахдолу чарташ а доцуш, луьста, лекха дитташ а девла, бежнаш техула лелла кошан баьрзнаш а дохийна, гонаха йина керташ а йоцуш-да амал доцуш байлахь бисина доьзалш санна. Баннашкахь Iар-дахар долу нохчий: барт а болуш, вовшашна гIо а деш, Iаьнан шелонаш тIекхачале шайна гIишлош а йина-тховкIел бирзира. Нохчий, шаьш ярташ меттахIиттош, дуьххьара, шайн дайн кешнаш нисда а, тода а хIиттира.

Йийцина ца валлал дукха ю, нохчаша: Сибарех дуьгуш а, цигахь а, юха цIадирзича а-лайна халонаш а, баланаш а. Амма, оцу инзаре яккхийчу халонех чекх а даьлла, денна-м делира хьуьнаре нохчийн къам! Уьш диц а дина Iаш волу «нохчо», зударшна а дайна: «И ма вахийла хIара дуьне хьеша!». Ши кепек мах а бац и тайпа «нохчочун.

Тахана а ду нохчийн къам чолхечу хьолехь, I944 шарахь Даймахках доккхуш хиллачул а сов дуй-те аьлла. Цуьнан бахьанаш дерриг а дийцина вер а вац. Амма, коьрт-коьртаниг, доцца, вай ца аьлча-нийса хир дац.

Кху тIаьххьарчу 25 шарахь нохчаша бохург, оцу боьхачу мостагIе Россига? Вайн къомо а, мостагIо а лелийнарш а, хинца а лелош дерг а?

Эзарнашкахь нохчех яхь йолчу кIентийн а, мехкарийн а синош маршонна охьа а дехкина, вайн команна юккъехь долу декъадалаларш.           Дан амал доцуш нохчийн къоман доьхна хьийзар.                                                           Даймахках арабевла нохчий, царна юккъехь боцу барт.                                                       Ас-сой бохуш, шайна цхьацца цIераш а техкина вовшашна луьйш бу, цхьаберш. Нохчий, цхьа Iалашо а йолуш, арабевлларш -вовшашна ле йиш йолуш бу?                                                                                                                                                           Мохк боцу элех тар а белла, шайн Даймехкан дай а боцуш, кхечу къомо тховкIело а елла, цара елла чорпеш а юуш, стаг а, къонах а ша                           хилча – ас-сой а бохуш, нахана ле йиш ю?                                                                                      ШариIат хIотто деза, къематде - бохуш бу цхьаболу нохчий.                                        Йитина маж яцахь, бусалба ца лору цара. Цара-м - нохчий ву ала а ца оьшу- боху. Маж а ца хилча, нохчи а хилча, мовлад а дешча бусалба вац- бохурш а бу нохчашлахь! Мичахь ду и яздина? Митинге а ма гIо, нохчийн байракх а ма ийба, политика ма йийца, кIордийна иза-эриш а бу вайна юккъехь.

Даймахкахь болу нохчий, инзаре даккхий вонаш а дайна болу, к1адбоцчу а баьхна, хьийзош бу Путина нуьцкъалла т1ех1оттийначу 1едало- ма дарра алаза ца долу долушдерг.                                                                                             

«Путин вайн да а ву, нана а ю, иза нохчийн къоман Дела а, вайн хиллачу Эвлаяашна юххера ву. 1944 шарахь вайн къам Да1махках даккхар Россин бехкболуш дац. Путинас нохчашна бинчул дика болх, бина бац цхьаммо а»-боху цу 1едалан векалша. Путанан гIор а, цуьнан тоьпан цамза а шайна тIехьа а лаьцна-хьийзош бу цара нохчий. Путин-м, шен хан тIе ма кхеччи, лийр ву. ХIун дер-те и воцуш йишйоцчара? Ма байлахь буьсур бу уьш.

ХIун башхалла ю: шен хенахь хиллачу паччахьан а, Советан а, хIинца йолчу Путинан Россин а-нохчийн къоме хиллачу а, хIинца болчу а хьежаман? Муххале а, Путинан Россис нохчашца лелош йолу къизалла сов ялар бен, кхин хийцам бац цуьнан. ХIун бахьана ду, Россис нохчийн къомаца и къизалла лело? Росси яха ца юьту нохчаша? Цуьнгара латта даккха а, я муьжгийн лайн амалш йолу дахар харцо гIерта уьш?

Цу хаттаршна вай бакъонца жоп лехча, нохчийн цхьа а бехк ца карбо.

Вайн нохчийн къомехь тахана долу хьал тидаме а эцна, Европерачу Нохчийн МухIажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша боху:

            –нохчийн къомехь тахана долу хьал чолхе ду;                                                              

            – барт а, лерам а, тешам а бац нохчийн вовшашна юккъехь;

            -ас-сой бахар, цхьаннана лер къонахчуьнгахь догIуш а дац, тахана

             вайн доьхна хьийзачу къоманна эшаме а ду иза;

            -ша ваьккхича, цхьаьна стаге далург, иза к1езиг лерийна вайн дайша;                              

            -нохчийн къам нисда а, иза толаме долчу хорша дерзо а кху доккхачу   

              дуьненахь вац цхьа а - шаьш нохчий боцурш.

      1944 шарахь вайн кам, бехк а боцуш, сил дукха безачу Даймахках даккхар а, и бахьана а долуш, вайн дай-наной, йижарий-вежарий  х1аллакхилар а, Даймахках къам хьегош, 13 шо Сибарех даккхийтар а, вайн къам тишда г1ертар а, кхидерш вай ца хьехийча а, иза тоьар дара: мужгийн Россина, дайн хиллачу цу мостаг1анна-вай букъ тоха а, нохчийн вовшашца барт хила а.

 

                 Лакхахь аьллачунна т1е а тевжина, оха нохчашка кхойкху:

 

-Ас-сой бахар а, вовшашна лер а, декъадаларш а дитаре -иза нохчийн

къоманна эшаме а, вайн мостаг1анна луург а, гонд1а долчу къаьмнашна хьалха юьхь1аьржо а йолуш хиларна;

 

-Нохчочун дахаран некъ соцуш бу, маршонна г1ело ечу меттехь! Тахана,

маршоне кхийдачу нохчашна оьшург барт бу. Делан дуьхьа, къоман  

маршонна шайн синош д1аделлачу вайн дайн, нанойн, йижарийн,  

вежарийн дуьхьа,1944 шарахь къам Сибарех дуьгуш а, цига д1акхаьчча 

а мацалло, цамгарша д1акхалхийначу нохчийн дуьхьа- собаре

хиларе а, вайх х1ораммо а барт хуьлу г1улч яккхаре.

 

 

                 Дала барт цхьаъ бойла нохчийн – Маршонан новкъахь!

 

  Европерачу Нохчийн МухIажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахой.               

 

I9. 0I. 20I6 шо.