Оккупация Чеченской Республики Ичкерия войсками Российской Федерации продолжается

 

Вход


Копенгагенехь Закаева Ахьмада Халкъашна юкъера бала литтарна вовшехкхетаршкахь дина къамел

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Ассаламу 1алейкум!

Салам-маршал ду Конференцехь дакъа лоцуш болчу махкахошка а, вай хьешашка а! Сай къамел д1адолалуш хьалхарчу декъехь суна баркалла ала лаьа хара Конференци вовшех тоьхначарна со кхуза кхайкхарна а, суна кхузахь вист хила пурба даларна а.  Хара Конференци вовшех тохар тахана доккха маь1ан долуш хума ду. Къаьстина, тахана Россехь хоьттина долчу хьолаца доьзча хетте а. Хара Конференци вовшех тохначара бина кечам тидаме лаьцча вайна гуш ду, кхузахь дикка гочдархой хилар. Цундела ас вай хьеший пурбанца сай къамел нохчий маттахь дийр ду.

Тахана вай дийца лерина ду Россехь хила мегаш болчу хийцамех лаьцна а, Нохчийчоьнний, Российни юккъер т1ом машарца д1аберзош дуьнен юккъерчу организацешца бинчу белхах лаьцна а. Т1аьххьарчу 20 шарахь  Российний, Нохчийчоьнний юккъехь д1абоьдаш болу т1ом буьйцуш дуккхa а конференцеш д1аяхна, дакъа лоцуш дуьнен юккъер организацийн векалаш а болуш. Цул совнах, оцa хьокъехь дийцарш д1адаьхьна ООНехь, Европийн Советехь, Цхьанатоьхна Европехь,  амма оцу конференций дийцаршкахь Нохчийчохь д1абоьдаш болчу т1еман мах ца хадийна. Вай таьшна ду, дуьненан юккъaрa  низмаш т1е а тевжина, политика бакъонехь дуьненан юкъарло мах ца хадабар ду доккхах долу бахьана Нохчийчохь боьду т1ом 20 шарал сов а баьлла  д1абоьдуш хилар.  Аса дуьцур дац тахана сайн къамелехь оцу т1амехь шинна а аг1ор хилла дараш. Уьш дукха дийцан Нохчийчуьра х1ал тидаме латтош йолу адаман бакъонаш ларйеш йолу организацеш а, журналисташ а. Тахана Нохчийчоьн  хьокъехь дуьнен юкъарла организацийн роль вай юцуш хилча, суна шуна даг даийта лаьа 1995 шарахь Нохчийчохь марса баьлл д1абоьдуш т1ом а болуш, Европин Советан Парламентийн Ассамблеяс Россе юззана бакъо а йолуш Европан Советан декъашхо ю аьлла сацам бира. 

Хетахь цара бина сацам оцу дуьненан юкъара организацийн конституцица бог1уш бацар – т1ом беш йолу паччалкхан оцу организацийн декъашхо хила бакъо яцар.  Шаьш бинча харц сацамна баьхказло йаьш Европан Советан куьгахлоша д1ахьедар дира: шаьш и даран бахьан Российга Нохчийчуьра т1ом саца байта аьтто алсам хир бу шай, Россе Европан Советан декъашхо хилча аьлла. Ишта Россе демократи новкъа йаккха а, Россе чохь маьрша юкъарал кхиа я а. Хетахь нохчий къоман маршон г1аттаман коьртехь лаьттан волу Нохчийн президентас Джохар Дудаевс жоп делар: «Хинца дуьйна Европан Совет Российн чоьхьар г1уллакх а хилла д1ахуттур ю», - аьлла. Хетахь Дудаевс дина д1ахьедар дуьнен юкъарлоно тидаме а ца лоцуш дитар. Амма цул т1аьхьа вайна гинча хилламаша и бакъ хилар гайтира: Нохчийчуьра т1ом хинца а д1абоьдуш бу, цул совнах 2008 шарахь Европан Советан декъашхо йолчу Гуьржичоьнца т1ом а болина, 20% цера лаьттанаш схьа а лаьцна, цигахь т1еман базанаш йехкар Российно. Ткъа тахана Российчохь демократиц долу хьал Китайехь долчулла а оьшуш ду. Оцуна тоьшалла ду 4 мартехь Российчохь д1абаьхьана президентан харжамаш.

Российчохь тахана хоьттина долу хьал цхьан дийнахь, йа цхьан шaрахь кхолла делла дац. Доккхаx  долчу декъехь оцу хуманна бехке дуьненан юкъарлоно т1аьххьарчу 20 шарахь Российца д1адаьхьана  долу политикан ловзарш ду. Оцу хуман тоьшаллина  суна цхьа масалла дало луар ду.  Малxбуьзино бакъ волу демократ ву аьлла Российн президент Ельцин шай мог1арaехь нисвина д1ахоттира, цуо Нохчийчохь д1ахьош  къиза тIом болушшехь. Оцу демократ ву аьлла Малхбуьзино т1елаьцца волчу Ельцина ша шен дарж дуьтуш шен метте ФСБен директор волу Путин д1ахоттир. Ша цуьнга и дарж д1алуш коьртчарех цуо цунна т1едиллар нохчашца дериг чаькхе йолуш къастадар. Путина ша и кхочуш дийр ду аьлла т1е а лецира. И цара хетехь дина къамел къайлехь дацар, Российн телевидени чог1ула гойтуш а дара. Дуьненан юкъарлоной, Малхбуьзано Россиехь кхиина маьрша юкъарлано а и цушинна къамел шайна ца хезча санна дитар хьаха а ца деш. 1999 шарахь хьалхарчу т1амо йина чевнаш йерзаз долчу нохчийн къомаца юха а т1ом д1аболира Путина, и т1ом болабарна баьхке нохчий къам а дира.  Сюйли-махкахь шен агентур хьалхахь а йолуш йина провокаций, Буйнакскехь, Москвахь, Волгодонскехь ФСБено лелхитан долу ц1еношна а дерриг дуьнен хьалхахь нохчий баьхке бира, оца бехкана цхьа а тоьшалла а ца далира.

Амма иза ишта доллушехь, Путина Нохчийчохь д1аболина т1ом доккхачу декъехь дуьненан юкъарланой, дукхах болу Российн чуьра демократаший  къобал а бира. Хьалхарчарна а, шолаг1чарна а Путин нохчашна т1аьхь соцар ву моьттара. Иза церан доккха г1алат дара.  Путина ша Нохчийчохь зийна йолу, талорш дарaн a, харц харжамаш д1абахьар a, методаш Россий чохь, дуьненан юкъар политикехь уьш иза йаржо волавелча, цунах массо а кхийтар, амма дан хумма а ца хилар. Цундела тахан Путин дуьненан юкъар политикехь шен луарг деш схьвог1уш ву.

4 мартехь Россиехь хиллачу харжамин муха чаьккхе хир ю 24 сентябрехь дуйна хуаш дара, Путина ша юха а президент дарже ва леран ву аьлла д1ахьедар дичхьана. Медведевс а, цо а дaре дира цу т1аьхь шай барт хиллера диъ шо хьалх дуйна аьлла. Российчохь дехаш долу адам д1адаханчa 12 шарахь доьллерa  Россиехь д1авоьдаш волчу президенто шен метте президент билгал воккхарx. Ткъа цигахь хуьлуш болу харжамаш доьххьал д1а моттарг1анaш яра, церан лаам чаькх баккха леран йолу. Демократин принципашца доьзна хумма а дацар, доьххьал д1а «харжамаш» бу аьлла ц1е йоцарг.

Изза дара Путина хинца д1абахан харжамашкахь динаrг а. Иза ишта долушехь  дуьненан юкъаралло иза къобал а дина т1е лаьцна.  Цхьацца болу Малхбуьзера политикаш а, аналитикаш а д1ахьедар до Путин хицавелла, цо шен политика а хуьцар ю бохуш. Вайна иза ишт хир ду аьлла ца хета. Стаг хийца вала а, нис вала а шегара дилан долу зулмашна къера а хилла дохко вала веза. Аса дуьца зулмаш Путина Нохчийчохь байъина 250 эзар маьрша нах бу, «Норд-Остехь» Путина омарца чухаьцнача газах д1овш а даьлла белла нах бу, Катарехь, Россе къайлахь г1уллакха эпсарш аьккхитар дина вийна З.Яндарбиев ву, Бесланехь дайъина бераш а ду. Ишта цуьнан омарца вина нохчийн президент Аслан Масхадов ву, Москвахь йина Анна Политковская а ю, Лондонехь вина Александр Литвиненко а ву, 2008 шарахь Гуьржичохь цуо бина т1ом, Гуьржи-паччалкхер цуо схьадаьккхина латтанаш а ду. Оцу хумнашна цуо дaре дича иза Кремле чохь хира вац, Гаагехь Милошевич 1иначу набахтехь  хир ву. Путин ша а цунах дика кхеташ ву, цундела вайна бакъ ца хета Путин хийца велла бохарг, йа хийц лур ву бохарг.

Цул совнах вай тешна ду, нагахь санна дуьненан юкъарло иза а ца луш Путинан т1е т1е1аткъам ца бахь, цуо Российн чохь шен доьхьал г1аьттан болу ниц1къаш къизаллец oхьa отар  бу аьлла.  Bай шеко яц нагахь Малхбуьзино из сценарий чаькх ялитахь и доккха г1алат хир ду аьлла a, цул т1аьхьа Путин дериг дуьненна бале вер ву аьлла a, шай хенахь Гитлерий, Сталиний санна. Цундела суна хета тахана вай кху Конференци ц1арах йеригге а дуьненан юкъара организацешка кхайкхам бан беза Россиехь Путинан доьхьал г1аьттина болу ницIкъашна г1ортор йе аьлла, Путинина царна доьхьал герзанца ницкъ баккхар дехка а дехка аьлла. Путинан доьхьал г1аьттина ниц1къаш бе бaшxa  бeлахь a церан коьрта 1алашо Путинс д1ахоттин коррупцин а, тоталитарин а режим хийцар ю. Haгax дуьненан юкъарло оцу боламанан кхайкхам шаьш къобал баьш бу аьлла д1ахьедар дахь, Россияхь долу хьал доккха ц1ий а ца 1енаш хица лур ду, и массарна пайдехь хир ду.

Россияхь хила мега демократи хийцамаш Нохчийчоьнах хьакх лур бу, йа бац бохуш долу хаттарна жоп делла 20 шо хьалха нохчийн къоман сийлахь волчу политолог Iабдурахьман Авторхановс. 1992 шарахь нохчийн къоман сацамца Нохчийн Паччалкх  метта хоьттинчу шарахь,  Iабдурахьмана кехат даитар нохчийн президент волчу Джохар Дудаевг: «Нохчий къоман кхане a маршо а Россий паччалкхехь демократи кхиарца a, Россий паччалкх маьрша йаларца йоьзна йу, цундела хуъу а дай Российн президентаца барт карбе. Малхбузера Европано цхьана а аг1ора  г1о дийр дац шуна, аш Российц барт баллалц». Президент Дудаевс Авторхановс дина хьехар тидаме а лаьцна, Россйн президенте кехат яздира, машаре а кхойкхуш, нагахь политик хьолехь царна барт a, ца карина шин къоман юккъе т1ом болалахь, шинa президентан т1ахь долу жоьпалла а дуьйцуш. Оцу кехатан жоп Ельцина т1амца делар. Хетахь цуо д1аболин т1ом хинца а д1абоьдуш бу.

Аса тахана вай къамелехь иза дага хунда даитанхьуна аьлча, хетахь Авторхановс даитан кехат тахана а маь1ан долуш долу дела. Вай ч1ог1а дика кхеташ ду, Нохчийчуьра  хьал Российчуьра хьолаца доьзна хиларах, Российн паччалкха куьгалхошца барт бичи бен вайга вайн паччалкх кхоллалург ца хиларех а. Амма Путин Российн урхаллехь маьл ву, Российца цхьа а барт хир бац. Оцунах со кхийтар 2001 шарахь сaй  цуьнан векаллца Казанцевца президентан Масхадовна омарца Москвахь цхьанакхетар хилча. Аса иза хеттехь Аслане a д1а а хаитар.

Вайна исторехь зиен делчо гойтуш кхи цхьа хума a ду: Российчохь т1аьххьарчу диъ б1ай шарахь 1едал кеп хийца йаларх, Нохчийчоьнца йолу политик хийца ца йелла. Цундела вай и г1уллакх тидаме лаьцна тахана Российчохь д1аболабеллачу г1аттаман куьгаллехь болчу нахаца вай цхьана кхетар хилар. Вай цаьрца дийцаре диллинарг царна Нохчийчоьnца юкъа-меттиг муха го, уьш ху да лерин бу аьлла дара. Нагахь санна уьш Нохчийчохь Путинс д1ахоттин оккупацин 1едал корта а хийцан, цуьн метте шайна муьт1ахь йолу цхьа кхи тайниг а хоттина, изза политик д1акхеха лерин бeлахь, вай оцу г1уллакх т1аьхь церан накъостий ца хилар вай царна д1ахаитар. Цул совнах вай царна д1ахаитар нохчий къомо ша хаьржан доцу 1едал къобал дийриг ца хилар. Нагахь санна тахан Российчохь 1едале бахка г1ерташ болу нах Нохчийчуьра хьал т1аьхьало а йолуш машарца даьрзо луаш балахь, цара йаккха йезаш йолу хьалхар г1улч – иза Нохчийчохь харжамаш д1абахийтар 1992 шарахь нохчийн къомо т1елаьцна йолу Конституцин бух т1аьхь, дуьненан юкъар организацеш т1е хьожуш а йолуш. Цул т1аьхьа оцу харжамашкахь хаьржина долчу 1едалца 1997 шарахь, 12 майехь Нохчийн президент Аслан Масхадовс а, Российн президент Ельцина а куьг а та1ош бинчу бартa  бух т1аьхь Российн, Нохчичоьйн кхи д1а хин йолу юкъа-меттиг билгал йаккхар. Вайца цхьана кхаьтта болу оьрсийн векалша вай шайга д1акховдина г1уллакх т1е а лаьцна, цу т1аьхь кхи д1а дийцарш д1ад1ахьа тхан барт а хилла.

Нагахь санна шаьш куьгалле баьхкича цера ойла хийцалахь, цунах а вай дохо хума дац. Кавказехь Россе ша цхьаъ яц тахана. Кхи цхьа аг1о а ю цигахь вайца барт карбан шайна пайдехь дуйла а хуаш. Суна тахана билгал даккха луаш дерг – вай ч1ог1а лардал дезаш ду Российчохь болалуш болу г1аттаман тулг1ане вай къам лаза дарх, цул совнах Кавказехь ницкъ болчу шина паччалкхо д1ахьош болчу къийсамaх пайда а оьцуш, вай вейше 1алашоне кхaчoн долу некъ билгал баккха безаш ду вай. Со таьшна ву – д1адаханчу 20 шарахь маьл вайна даккхе дараш хиллехь а, тахана цкъа а ца хиллачу кепара нохчийн къам шен 1алашон кхача герга ду аьлла. Исторехь долу цхьа масал дало лаьар суна. Балтик-хорданца 1уьллуш йолу кхо паччалкх 40 шарахь совет-1едал олаллин к1аьлахь лаьттан, 1991 шарахь Россиехь хилла хийцамех пайда а оьцуш парг1ат а йаьлла.  И санна масалаш кхи а дуккха а ду. Тахана Россияхь, дуьненахь хоьттан долу хьал тидаме а лоцуш, вай т1еч1аг1до нохчийн мохк парг1ат бер ма бу, нохчийн къоман шен паччалкх хир ма ю, иншаАллах! Нохчийн къам оцу 1алашоне кхаччалца вай  маршон новкъара духа а девр ма дац!

Баркалла ладог1арна.

Аллаху Акбар! Аллаху Акбар! Аллаху Акбар!