Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

"Хенан йохалла Iедало шеггара хIиттина дозанаш ду уьш"

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь хиллачу конфликтан духе кхион гIерта эксперт Малашенко Алексей

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхоша латтанаш хуьйцуш, бертан куьйгашяздина кху деношкахь. Оцу документца а догIуш, республикашна юкъахь цхьатеррачу барамашкахь хийцина, шена тIехь бехаш нах боцу Теркйистан а, Малгобекан а латтанаш. Кадыров Рамзана дIахьедина, бинчу берто "тIадам буьллу" Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанех лаьттинчу дийцаршна аьлла. ГIалгIайчохь протесташ ю дIахьош.

Маршо Радион "Настоящее время" проекто хаьттира политологе Малашенко Алексейга, хIун бахьанаш дара цу дозанийн хIинцца йист яккхар аьлла.

- Со кхи дIоггара тIекхуьуш вац оцу гIуллакхна. Цхьа хIума ду, и дийцарш 1992-чу шарера схьа дуьйнна лелаш дара. Ткъа кIорггера дийцича, 1929-чу шарахь Нохчийчоьнан Автономи кхуллучу заманчохь, цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIай, со гал ца ваьллехь, 1934-гIа шо ду-кх иза. Цул тIаьхьа 1944-чу шарера 1957-чу шаре кхаччалц хьехош дацара. Хенан йохалла Iедало шеггара хIиттина дозанаш ду уьш, ма дарра аьлча.

Цхьана бахьанашца Iедалхой и проблема ерзон гIерта. Вайна дика дагадогIу 2013-чу шарахь латтана тIехула герзашца вовшахтасадаларш хилла. Суна хетарехь, федералан Iедалан хьашто ю, цигахь дозанаш ца хилийта. Оьрсийчоьнан Федераци ма ю иза. ХIун ира пачхьалкхан дозанаш хуьлийла ду цигахь? Цхьа а доцург ма ду и.

- Дозанаш бахьанехь регионашкахь, ишта Къилбаседа Кавказехь а лаьтта цакхетамаш катоьхна дIабаха беза, тIейогIучу хенахь конфликташ ца хилийта олийла дуй?

- Лакхара дуьйнна цхьа бакъо, я цхьа хьехар ца хилча, хIара дерриг а гIаттийна хир дацара аьлла ю сан ойла. Хир дацара хIара дийцарш, дIахьедарш…Оьрсийчохь мукъна а хьал цхьана эшшарехь латтийта, Москохна лууш санна хетало.

Делахь а гуттар ца нисло царна ма хетта. Мухха делахь а, хIоьттинчу ситуацехь шен агIонгахь конфликт хилар, кхи йоккха яцахь а, делахь а, Къилбаседа Кавказ ма ю иза, вайна массарна а дика хууш ду, и конфликт оьшуш йоцийла. ХIокху заманахь оьшуш хIума ца хила а тарло хIара.

 

- Я къастийна кеп бIегIийла йоцуш хилла те? ГIалгIайчоьнан бахархошца мукъна а дийцаредан дезаш хиллерий-те?

-Цкъа дийцина а ма ца Iа хIара, шозза, кхозза дийцина а ма ца Iа..

- Муьлхха а дийцаршдар Евкуров Юнус-Бека дIатоьттура, я инициатор а вац иза аьлла хетало. Ишта дуй и, я дац?

– Хьо бакълоь Кхузахь хаттар кхоллало: хьан хьехна, иркарахIоттийна хилла иза, хIокху гIуллакхан йист хIинцца яккха еза аьлла? Цунна тIе бехкаш дохкуш сайна хезча, хIораммо а ша цуьнан метта хIотто везара олий хета суна. Иза президент ма ву, вайна ма моьтту атта а ма дац оцу республикехь, хууш ма хиллара, динца долу хьал а цхьана.

Ойла ехьа, баккхийчу хьаькамаша шена цхьаъ тIедиллича, цо хIун дан дезара? "ХIан-хIа" эр дара цо? Цуьнах гIуллакх хир ма дац, таханалерачу Оьрсийчохь муххале а. Цундела кху ситуацехь ас бехкаш дохкур дацара Евкуровна. Цо дIахьош ерг говза политика ю. ХIуммаъ а атта дац цунна. Цунна дуьхьалверг Москохан дукхавезарг ма ву. Кадыров Рамзан ма ву оцу дозанашца бала берг, цо даим а билгалдоккхуш ма ду, хIара дика ду, хIара башха ду бохуш. Тидаме эцахьа, Нохчийчохь кхи башха комментареш еш ма яц дозанаш дуьйцуш.

- Я кхи башха дийцарш деш а дац цунах.

– Нийса ду. Ишта хила дезаш дарам- ишта нис а дина. Ткъа кхиндIа дерг техникан проблемаш ю. Кху хьолехь, Евкуровх сан дог лозу аьлча а, со цунах дика кхета.

 

Материалан автор Олевский Тимур