Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

КЪАР ЦА ВАЛА НИГАТ ДИНА САИД-ЭМИНАС

«СОЗДАТЬ  МЕЖДУНАРОДНУЮ  СЛЕДСТВЕННУЮ ГРУППУ  ПО  РАССЛЕДОВАНИЮ  ПРЕСТУПЛЕНИЙ РОССИИ  ПРОТИВ  ЧЕЧЕНСКОГО  НАРОДА,  И  ПО РЕЗУЛЬТАТАМ  РАССЛЕДОВАНИЯ  РАССМОТРЕТЬ ЧЕЧЕНСКИЙ  ВОПРОС  С  ПОЗИЦИИ ОБЩЕПРИЗНАННЫХ  НОРМ  И  ПРИНЦИПОВ МЕЖДУНАРОДНОГО  ПРАВА»-бохуш, дуьнентIехь долчу къаьмнийн юккъера бакъо ларъян декхарийлахь йолу Лаккхарчу урхаллашка Ибрагимов Саид-Эминас шен дегI а, могшалла а ца кхоош кхайкхамаш беш къахьоьгу дуккха а шераш дIадевла.

  Цо дуккхаза Европан пачхьалкхашкахула Нохчийчохь боьдучу тIамна дуьхьало яран машаре боламаш а дIабаьхьна. Ерриг а вовшахтоьхча, 300 дийне кхочурйолу мацалла хьоьгуш акциш а йина, нохчийн къоме Россис хIоттийна долу чолхен хьал Дуьненаюкъралле бакъонца къастор доьхуш.                                                                                    

  Хаддаза ПАСЕ А, ЕС а гIишлошна хьалха четар а хIоттийна, цу т1е Ичкерин байракх а тоьхна, кхайкхамаш тIеязбина кечамаш а болуш цхьаъ ша лаьтташ хуьлу иза, нохчийн къомехь болу бала дуьненна бовзийта а, и биц ца балийта а.                                                                              

  0I.07.20I4 шарахь Ибрагимов Саид-Эминас ДуьнентIера къаьмнийн юкъарачу суьде Гааге дIабахьийтина  лехам (иск). Цу лехамца Владимир Путин жоьпе озор доьху цо: Нохчийчохь харцонца бина тIом а, эзарнашкахь бехк-гунахь доцуш дайина адамаш а, къоманна дина зен а бахьана долуш. Кхин дуккха а акциш йина  Саид-Эминас, Россис нохчийн къоманна тIехь лелийна харцонаш а, къизаллаш а дуьнене тидаме эцийта гIерташ.

  Цо нохчийн къоман бала айбина хьоьгу къа, вайн мостагIанна Россина новкъа хилар гойту-маситтаза иза вен кIелонаш йина хиларо. Иза бакъ хилар тIечIагIдо 08. 08. 20I4 шарахь, и вен дагахь мостагIаша цунна рогIера йинчу кIелоно.

  Шегахь болу бала бай бан Страсбургехь, Иль хинан йистте чIара лаца ваханчу Сайд-Эмина, хIара хиъна Iаш, цхьамма тIехьахула коьртах тоьхначу хIумано- кхетамчуьра ваьккхина хиллера иза. Цул тIехьа, бIаьргашна хIума ган йиш йоцу хьал а хIоттина, айбана ваьхьна хикеманна тIе а виллина, талорхоша дIаваьхьна хилла и. Шена тешнабехк бинарш кхоъ хилар а, цара цIенна оьрсийн мотт бийцар а билгалделла цунна.

  Дуьххьара хаза олуш, кIеда-мерза хилла кхуьнца и талорхой. Цуьнах гIуллакх                цахилча, ницкъ бан болийна. Латийна сигарка а, йовха иту а дегIа тIеIуьттуш, пIелгаш а Iуьйдуш, настаран дилханах ира хьостам чекх а бохуш-къиза хьийзийна иза. Лазаме 24 чов йина хилла Саид-Эмина цу мостагIаша.                                                                                                 

  «Хьо мила ву Путинна дуьхьал вала? Россина дуьхьал беш болу болх саца бе. Путинна айхьа Гаагски суьде белла лехам юха эца. Гуш доцчу кехатна тIе куьг таIа де»-бохуш, и хилла церан коьрта лаам а, Саид-Эминера царна оьшург а.

sai

  Шаьш бохург цо ца дича, шозлагIа коьртах тоьхначу хIуманца кхетамчуьра ваьккхина иза цара. Цул тIехьа, кхин тIе етта а йиттина, орчохь, тIе коьллиш а, латта а тийсина, хьуьнхахь витина и цара-дийна вуьсург ца хиларх тешна а болуш. Цу буса деанчу догIано вашийна, метта вар нисделла цуьнан. Орчуьра хьаьла вала ницкъ а кхаьчна, вужуш, юха, гIоттуш дIагIиртана и серлонна тIекхача дагахь. Сатоссуш, хьуьнан йистонца боьдучу новкъа кхачар а нисделла, кхетамчуьра а ваьлла охьавоьжна хилла. Йинчу чевнаша эрча а ваьккхина, юьхьтIехь цIийш а долуш Iуьллучу Саид-Эмина, Делера къинхетам хиларна, полицийн белхалой тIекхаьчна. Цара вигна, дарбанан цIийне кхачийна иза. Метта а веъна, хьесап дича, ши де-буьйса герггачу хенахь, ницкъ а беш хьийзийна хилла Саид-Эмин цу мостагIаша. Иштта, Делера орца а кхаьчна, дийна висина и.

  Къоман бала а айбина къахьоьгучу Ибрагимов Саид-Эминна, цхьаьна дийнахь хилла а, накъост хила нигат дира ас. И нигат а долуш, ас телефон туьйхира Страсбургехь волчу цуьнга. Телефонехь вистхуьлуш маршалла а, вовшашкахь долу хьал а хеттина ваьлча, ас бовзийтира Саид-Эмина сайн лаам.

  Цо соьга:«Хьан могшалла а яц, воккхалла а ю хьуна тIехIоьттина. Аьттонаш а бац вайгахь ма хеттара. Хьо кхоо лаьа шена»-элира.

  Со, Делан дуьхьа, хьо волчу ван нигат дина ваьлла. Маца веъча бакъхьа хир ду алар доьху хьоьга?-олуш, и волчу кхочург хилар хаийтира ас цунна.

  «Хьо ваза Iеш ца хилча, цхьа кIира даьлча ЕС депутатийн сесси ю дIайолалуш. Пхеа дийнахь хир бу цу сессин болх. ЕС коьртехь волчу г-не Турбьерн Ягланде язбина кхайкхам бу, цуьнга сайца къамеле валар доьхуш. Цу сессина лерина хьо веъча, шена накъост а хир ву хьох»-Саид-Эминас соьга а олуш, тхойшиннан       

барт хилира.

  27 сентябрехь, барт ма хиллара, со Страсбурге кхечира. Саид-Эмин суна дуьхьал а веъна, тхойша и вехачу х1усаме вахара. Со веъна хазахетар цуьнга кхачар а хаалора.

said 

Саид-Эминас дан леринарг а, со и волчу вахар а хууш волчу Закаев Ахьмада, Лонданера схьа телефон туьйхира тхойшинга. Цо шен къамелан чеккхенгахь:«Дала дагалаьцна Iалашо кхочуш а йойла, могшалла а лойла шуьшинна»-элира. Компьютаран зеIнехула Францера Данилбек-Хьаьжа а, Iабдурахьман а,  Австрера Сайд-Мохьмад а, Лонданера Рамзан а, Бельгера Замбулат а, Иорданера Адалби а, Европерачу Нохчийн Кхеташонан Декъахой, довха дош олуш бистхилира тхойшинга. Оцу хьоло тхойшинна дог айбира, цхьалха ца хиларх тешош. Барх1 де-буьйса цхьаьна даьккхира Саид-Эминас а, аса а Страсбургехь.                                                             

  28. 09.-02. I0. 20I5 шарахь, цу пхеа дийнахь, ЕС гIишлонна хьалха, гуччехь четар а хIоттийна, цу т1етоьхна байракх а йолуш, кхайкхамаш тIеязбина кечамаш а хIиттийна хан яьккхира оха. Тхойшинца Страсбургера Руслан а вара. ЦIера Гуьмсера хилла иза. Iуьйранна, кхайкхамаш тIехь болу кечамаш а оьций дIаводара тхойша.                                 

Суьйранна и кечамаш карахь цIавагIара. Цхьаьна сохьтехь некъ бара ЕС гIишлонна тIекхача бан безарг.                                                                                  

  Шота цIе йолуш гуьржи а вара цигахь, шайн къоман бала айбина, кхайкхамаш тIехь болу кечамаш а хIиттийна, байракх а тоьхна Iаш. Цунна тIеоьхура Страсбургехь Iар-дахар долу гуьржий-хийца а луш.                                                                                             

  Курдаш а бара цигахь, шайн къоман бала балхош. Уьш дуккха бара. Царех 20 сов стаг а, зуда а мацалла хьоьгуш хилар билгалделира тхуна. Дикка баккхийнаш а бара царна юккъехь. Царна тIе кест-кестта журналисташ а богIура-интервью эца.

  Сайд-Эмин а, Руслан а, со а, тхо кхо нохчо, Страсбургехь  ЕС гIишлонна хьалха лаьтта шолгIачу дийнахь, Саид-Эмине чу кхайкхира. Цхьаьна сохьтехь сов Iийра иза ЕС г1ишлочохь. Араваьлча цо дийцира цу чохь шен хилла къамел. Дерриг а дийцавоьлча, иза дукха хир ду. Коьртачех дерг алаза ца долу.

  «Хьо а, нохчийн къам бахьана долуш ахь беш болу кхайкхам а бакъонца хилар  тIечIагIдо. ЕС  куьгалхочуьнца г-ин Турбьерн Ягландца хьан вовшахкхетар хилийта а хьовсур ду. Амма, тхо кхеташ дац, хьо а, хьоьца цхьа-шиъ бен кхин нохчи ца хилар-кху ЕС гIишлонна хьалха. Х1ара, ахь вовшахдетташ долу нохчийн къоман гIуллакх, хьуний бен оьшуш дац аьлла хета тхуна»-элира боху шега Саид-Эминас, ЕС секритариатанна чохь волчу жоьпаллин белхлочо.

  «Даймахкахь гергарнаш бу кхузехь волчу хIора нохчочун. Цхьаберш, цIа а боьлхе, юха Европе богIурш а бу царлахь. Шайна а, шайн цIахь болчу гергарчарна а Нохчийчохь долу къизачу Iаьдало хьовзам баккхарна кхоьру уьш. Цундела, уьш гIочух ларбан гIерташ ша ца кхойкху цаьрга. Ша кхайкхам бича-м, хьаха, богIур бара уьш. Нохчийчохь а, Россихь а долу хьал ца девзаш шу а дац»-аьлла хиллера Саид-Эминас ЕC белхалочуьнга, цунна жоп луш.

  ЕС гIишлонна хьалха лаьтта доьалгIа де чекх а даьлла, Руслан ша буьйса йоккхучу хIусаме а воьдуш, Саид-Эмин а, со а дIавахара цигара.

  Чу а кхаьчна, тхойша паргIатваьлча:«ЕС депутатийн сесси йолу кхана пхоьалгIа де ду. Иза цуьнан тIеххьара де ду кху кварталехь. Кхо бут баллалц, кхин сессе гуллурбац ЕС депутаташ. Г-ин Турбьерн Ягландца сан вовшахкхетар ца дан бохку уьш. Цхьа акци ян воллу ша кхана, цуьнца вовшахкхетар хилийта»-олуш, Саид-Эминас дийцира ша дан воллург а, хиладезарш а. Тахана суна йовзийта ца лаьа цо ян лерина хилла акци, иза ца хаар пайдехь хирг хиларх тешна. Амма, иза дуьнено тидам тIебохуьйтур болуш гIуллакх дара.

  « ЕС гIишлонна хьалха ша и акци еш, ткъех хилла а, нохчо хила веза»-олуш, Саид-Эминас Страсбургехь Iаш болу I0 000 гергга нохчех, уггаре а шен бIабулучу 50 нохчочуьнга телефон туьйхира. Цо цаьрга, шайн йиш елахь, ЕС гIишлонна хьалха 3-4 сахьт даккха кхойкхура-нохчийн къоман гIуллакхна. Со теш а волуш дара цо цаьрга деш долу и къамел. Цара массара а хазачу гIиллакхехь, Саид-Эмине хьал-де а хоттуш, шаьш догIург хилар хоуьйтуш къамел дира. Кхана ЕС гIишлонна хьалха дан леринчу гIуллакхан некъ а хIоттийна, барт а бина тхойша набарна тевжира.

  Iуьйранна юург а йиъна, оьшуш йолу коьчаллаш схьа а эцна тхойшиъ ЕС гIишлонна хьалха вахара. Четар а, цу т1етоьхна байракх а шен меттахь яра. Кхайкхамаш тIехь болу кечамаш дIа а хIиттийна, тхойша цигахь сецира. Дукха хан юккъе а ца юлуьйтуш, Руслан а веара схьа. Сийсара шаьш догIур ду аьллачех,

вогIий-те цхьа а боху ладегIам бара тхоьгахь. Дукха хан ялале, веъна кхечира цига жима стаг, Бислан. Иза суна а вевзара. Могуш-паргIат хилар хоттуш:«Бислан, шун да, Асламбек хIун хьал долуш ву?»-элира ас.

  «Иза, чIогIачу хьолехь, дарбанан цIийнехь ву. Вистхилар а дац цуьнан. Ша аш кхайкхина веъна»-элира Бислана.  

  «Да иштта халачу хьолехь волуш ца веънехь а, хьуна бехк буьллийла дацара. Кхузара болх чекхбаьлча цунна тIехIитта гIур ду вай»-элира оха цуьнга.

  Тхо цигахь лаьтташ, дикка хан елира. Амма, нохчех кхин цхьа а гучу-м ца велира. Саид-Эмин ша йийр ю аьлла акци кхочуш ян Iалашо йолуш-кечамаш бан вуьйлира.

  «Ахь и акци йича а, кхузахь вайца алссам накъостий ца хиларна, цуьнах вайна пайда хилар шеконехь ду. ТIейогIучу ханна дIа а теттина, и акци ца яр доьху хьоьга»-элира оха Саид-Эмине.

  Шегахь дог доьхна хилар а хаалуш:«Бакъ луьй шу. Аш бохург а дина, собар до ша»-Элира цо.                     

said                                                

  ЕС депутаташ кхаа баттана дIа-са бахара, юха сесси хиллалц йолчу ханна. ДIабоьлхуш Саид-Эмине бист а хилара царех цхьаберш. Делкъал тIехьа, пхоьалгIачу сохьтехь, тхо виъ цигара дIавелира. Тхешан барт ма хиллара, Бисланан дена, Асламбеканна тIехьа дахара тхо-дарбанан цIийне. Асламбек ша вистхиллуш

а вацара. Цуьнгара хьал гIийла дара (Дала маршалла дойла цунна).Чохь жимма саца а сецна, вист а хилла тхойшиъ дарбанан цIийнара ара а вавьлла, Саид-Эмин вехачу хIусаме вахара.

  Эзарнашкахь нохчий Iашболчу Страсбургехь, къоман бала  айбина ЕС гIишлонна хьалха латта, ши-кхоъ бен накъост ца хилира Саид-Эмина.                                                              

  Ша беш болу болх а, хьоьгуш долу къа а сацо, дуккха а бахьанаш дара Саид-Эминас лехча. Воккха а хилла иза, дагна шозза оппераци а йина, аьтто а бац цуьнан, беш болу болх бахьана долуш вайн мостагIера кхерам а бу цуьнан дахарна. Дагардича, кхин дуккха а бахьанаш дара Саид-Эминна лиъча бехказлонна дало а, ша

къоман дуьхьа хьоьгуш долу къа сацо а.  

  «Вайн дайша сатийсанчу маршонан духьа шайн синош дIаделла эзарнашкахь яхь йолчу кIенташа а, мехкарша а- кху тIеххьарчу 24 шарахь. Маршо езар доцург, кхин бехк боцу сан къам, тахана а, дохийна, даржийна хьийзош ду мостагIо Россис- шегахь ницкъ алсам хиларе терра. ХIумма а ца хилча санна, нохчийн къоманна тIехь Россис лелийна а, лелочу а харцонах, къизаллех дош ца олуш Iа Дуьненаюкъаралла а. Чохь са а долуш, Iан йиш яц Нохчочун уьш га а гуш. Ша къарван да вац, кху доккхачу дуьненахь. Къоман бакъо лохуш, эшахь са дIадала а нигат ду шен дина. Дуьненаюкъралло шен декхар кхочуш а деш: мостагIанна Россина а, жимачу нохчийн кхоманна а юккъе доьжначу зуламах бакъонца къастам баллац-ша соцур вац шена чохь са а долуш. Ша кхочуш дан гIертарг, муьлххачу Нохчочунна тIехь доллу-декхар бен дац. И декхар кхочуш деш къахьега реза ву, мел яккхий халонаш шена хьалха х1иттарх. Вай бахьанаш лелор ду-хилийтар АллахIан карахь ду. Дала бакъо толош, харцо эшайойла!»-герггарчу барамехь, цу кепара дешнаш Ибрагимов Саид-Эминас а олуш, тхойша вовшах къаьстира.                                                                  

  Саид-Эминас аьллачу цу дешнаша а, цо нохчийн къоман бала айбана хьоьгучу къино а кхин цкъа а гойту, иза къарвелла соцург ца хилар.                                                                  

  Сан хьекъалца а, болчу кхетамца а Саид-Эминас вайн къоман бала буьйцуш караэцна герз кхетахь: мостагIанна Россина сихха са доллучу а, Дуьнент1ехь долчу 

къаьмнийн юккъера бакъонаш ларъян декхарийлахь йолчу урхаллашна йовла меттиг боццучу а-хьажийна ду.                                                                                                                                                    

  23-25.11. I990 шарахь, Нохчийн къоман бакъонца болчу Гуламехь (ОКЧН) Жовхарc (Дала г1азот къобал дойла цуьнан!):«Нохчий, лераме вежарий, хьомсара йижарий! Баттара шелта йоккхуш санна, маршо кхайкхи вай тахана-дуьненна а хьалха! Хаалаш, бошхепа а йиллина:«ХIа, схьаэца»-аьлла, вайна маршо йохьуш цхьа а вогIурвоцийла.Маршо къийсамехь яккха езар ю...»-олуш, къамел дина, тахана санна, дагадогIу вайна. Маьрша доцу дахар Нохчочунна Дала дихкина хилар гойту, жимачу нохчийн къомо шел сов волчу мостаг1анна Россина дуьхьал, кху т1ехьарчу 3-4 б1ешарахь, маьрша хила латточу луьра къийсамо-шена хуьлуш даккхий зенаш а доллушехь.

  Бакъо лахар а, бакъонан накъост хилар а-Далла дезначех ду и. Автомат а, гранатамет а, кхин долу герз а гIийла ду -Делан лаамца дуьстича.

  Т1ехьарчу 24 шарахь маршоне кхийдачу нохчийн къоманна т1ехь лелларш а, тахана цуьнгахь долу чолхе хьал а вай тидаме эцча, Ибрагимов Саид-Эминас  караэцна герз ду- хIора нохчочо схьаэца дезарг. Цул ч1ог1а а, кхераме а герз дацмаршо лоьхучу нохчашкахь-мостаг1анна Россина таханадуьалдаккха.

  «Митинге ара а ма довла, политика а ма йийца, Ичкерин пачхьалкхан байракх а ма ийба»-кхин а бохуш, цхьа «нохчий» бу вайна юккъехь. Мостаг1анна луург а, цуьнан хьер хьийзочу ч1ургана т1е хи деттар а ду иза.                   

   Цу т1е а доьг1на, алагIертарг дерзош, маршо езачу Нохчашка кхойкху: Ибрагимов Саид-Эминехь ерг бакъо хиларна, шайн гIоране хьаьжжина цуьнан накъостий хиларе. Дерриг хууш Дела ву. Нохчийн къоманна И орцах а волийла!                                                                                                                                                                

  Диканиг а, къоманна пайден дерг а олу моьттуш: гинарг а, хетарг а, тешнарг а ду-лакхахь вай йозане диллинарг. Сан галдолчунна-къинтIера довлар доьху.

                       

                                                                   Ахьмад.

                                                              2I. I0. 20I5 шо.