Оккупация Чеченской Республики Ичкерия войсками Российской Федерации продолжается

 

Вход

Тахера Руслан декъала веш

                                                                             Бисмиллах1иррохьманиррохьим!

 

 «Дуьнент1ехь долчу къаьмнийн а юкъраллехь толамбоккху 1алашо йолу, еза х1ума айбарехь хьунарш къовсар д1адаьхьна Германан пачхьалкхехь. И хьунарш къовсучу меттехь, толам баьккхина Тахера Руслана. Иза бахьана а долуш, маршонна юкъ йихкинчу нохчийн к1енташа а, мехкарша а луьрачу къийсамехь ц1ий 1анош, къоман маршонна шайн синош д1алуш, ларйина Ичкерин пачхьалкхан байракх а айбина цигахь!» - аьлла, хаам кхечи тхоьга. 

   Яхь а, доьналла а, ц1енна нигат а, йоккха ойла а ца хилча, Тахеран Русланан дег1е дуссур дацара хьуьнар, цу тайпана болчу къийсамашкахь лаккхарчу т1ег1ана хьаьла вала.

  Доккха хазатер а, дегнашна хьаам а хилла тхуна, Руслан - хьуна Дала и толам баларна!

  Везачу Аллах1а могшалла а, ирсе дахар а лойла, хьайн дозалан вон а ма гойла хьуна!

 

 Европехь а, кхечанхьа а 1ар-дахар долчу  Нохчийн Мух1ажарийн Ассамблеян Къанойн Кхеташонан Декъахошкара.

 Кхеташонан тхьамда -Хучин Ахьмад

06.10.2016 шо