Оккупация Чеченской Республики Ичкерия войсками Российской Федерации продолжается

 

Вход

Обарг Зелимха дагалоцуш

  • Опубликовано в События

 

                                                               Бисмиллах1иррохьманиррохьим!

 

 «Стигалх тхов тарбина, хьаннехь пенаш тардина, вертанах ц1а тардина,  тоьпах ваша тарвина, маццалц дуур-те х1ара маьлха ва дуьне?!» - олуш хиллера Обарг Зелимхас» - алара вайн баккхийчара, цунах лаьцна шаьш дош олуш. Кху деношкахь 103 шо кхечи, ц1арна а ц1е яхана волу, нохчийн къонах, Зелимха, вайн къоман мостаг1аша тешнабехк а бина вийна. Лакхахь Зелимхас аьлла боху дешнаш, Россис тахана нохчашна т1ехь лелошйолчу къизаллин а, харцонан а вай мах хадийча - Нохчалла шен кийрахь йолчунна т1е1аткъам беш ду.

   Берс - Шайх, Шайх Мансур, Таймин Биболат, Бойсхар, Сесанара Воккха- Хьаьжа, Кунта - Хьаьжа, Iовда, Зеламха, Жовхар, уьш а, кхин а, багарбина ца валлал, дуккха бу нохчийн къонахий: паччахьан а, Советан а, х1инца, «демократан» а муьжгийн Россис - хьийзийна а, х1аллакбина а. Вайн къоман д1адаханчу дахаран а, тахана цуьнгахь долу чолхечу хьолан а, вай таллам беш, жам1 дича, гучудолу, муьжгийн Россис, шена цхьацца ц1ераш а тохкуш, духар хицарх, нохчашца цо лелош йолу къизалла а, ямартло а лахйина ца хилар.   

  «Хьажар а, табар а тохарлерра ду цу цициган. Ша ца теша цуьнах» - аьлла боху дехко. Цу дехко цицигах аьллачух тера ду, муьжгийн Россис нохчашца хьалха а, тахана а лелошдерг. И хууш а, диц ца деш а хила веза, багабуьззина: «Нохчо ву со» - ала йиш ерг.

   Дала г1азот къобалдойла Зелимхан а, мостаг1анна Россина дуьхьал а х1уьттуш, луьрачу къийсамехь, нохчийн къоман маршонна шайн синош д1аделлачеран а!

   Къоман д1адаханчу дахаран некъ теллича а, тахана цуьнгахь долу чолхен хьал дуьстича а, нохчийн къоман кхане сирла а, токхе а хила лууш вай делахь, маршоне кхача безарг а бен — кхин некъ бац нохчаша бан.

   Везачу Деле доьху, къоман маршоне болу сатийсам а, ойла а кагъеш болу ницкъ - нохчашна дуьхьал цабаккхар. Маршонна юкъ йихкинчу нохчашка кхойкху, вовшашна юккъера ваьснаш а, цакхетамаш а д1абахе, цхьа дег1 а хилла, д1ах1иттаре.

   Дала Ша цхьаъ винчех а, Делан Элча, Мухьамад (Делера салам — маршалла хуьлда цунна!), бакъвинчех а дойла вай!

 

  Европехь а, кхечанхьа а Даймахкал арахьа 1ар-дахар  долчу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан

  Декъахойн ц1арах — Хучин Ахьмад. 27. 09. 2016 ш.