Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Нохчашка кхайкхам

                       

Бисмиллах1иррохьманиррохьим!

 23-25. 11. 1990 шарахь:«Маршо еза тхуна!»- алар доцург, кхин бохуш а, доьхуш а х1умма доццушехь, Россин 1едало, шегахь ницкъ алсам хиларна, дохийна, даржийна хьийзош ду жима нохчийн къам, кху т1ехьарчу 25 шарахь.

  Россис шиъ маса т1ом а би нохчашна т1ехь. 300 б1е эзар гергга бехкбоцу адмаш а дайи, царна юккъехь 42 эзар сов бераш а долуш. Эзарнашкахь нохчий докъаза байна. Россин набахтешкахь, тутмакхаш а бина, дуккха а  вайн вежарий бу, бехк а боцуш, шайна т1ехь муьжгийн 1едало къизалла латтош. 

  Нохчийчохь Путина х1оттийна къизачу Россин 1едалан куьйгак1ел ца совца, Даймахках а къаьстина, Европехь а, кхин а хийрачу мехкашкахь д1атарбелла 1еш бу эзарнашкахь цхьаболу нохчий. Бухарчу 1едалша шаьш т1елаьцначун дола а до, г1о а до. Баркалла боху, де эшначохь, г1о-накъосталла деш, нохчий т1еэцначу пачхьалкхийн 1едалшна а, церан къаьмнашна а.                                         

  «Адамийн бакъо ларъеш а, мог1арера вахархочун аьтто  хуьлу аг1о лохуш а, Нохчийчохь долу 1едал саннарг дац, Россин пачхьалкхан цхьаьна а декъехь! Къоман кхане ирсе а, адмийн кхерамазалла лакхарчу т1ег1анахь а ю Нохчийчохь...!» - уьш а, кхин а бохуш, Россин президенто а, цо нохчашна т1ех1оттийначу 1едало а, шаьш баккхийберца, д1ахьедарш до хаамийн г1ирсашкахула кху Дуьнене.

 Нохчийчохь йина г1аланаш а, тодина некъаш а, дина хаза маьждигаш а Дуьненна а д1аоьхьу цара хаамийн г1ирсашкахула. Амма, жимма а ойла ян корта болчунна гуш а, хууш а ду, нохчийн къомехь тахана долу чолхе хьал. 

 «Цхьа а ца къастош, цкъа шед тухуш, юха, ц1азам а лой, хьостуш, вайн къам доькъуш» - б1ешерашкахь лелийна политика ю Россис нохчашца тахана а д1ахьош. Россина ца оьшу: Орца а, Бота а, Мазлак а, Кадыров Ахьмад а, х1инца, цуьнан к1ант Рамзан а, уьш саннарш а - нохчийн къоманна  т1ехь шайн харц лаам чекхбаккхан а бен. Къоманна юккъера цу тайпана болчу «нохчашна» т1ехь, чано шен к1орни яа дагадеъча дийриг до -Россин 1едало. Иза бакъхилар т1еч1аг1деш, дукха а ду дагарда масаллаш. 

  Кху т1аьхьарчу хенахь, Даймохк а буьтуш, Европе схьаоьху нохчий - г1арбевла хаамийн г1ирсашкахь. Польшан дозанехула сехьа а ца бовлуьйтуш, доьхна, г1ийла хьал токхуш бу уьш. Баккхийнаш а, бераш а ду цаьрца... .

  Нохчийн къоманна т1ехь кху т1аьххьарчу 25 шарахь лелларш а, тахана цуьнгахь долу чолхе хьал а тидаме эцна, цуьнан хьесап дича, х1урдкема бухадоьдуш, цу т1ера уьдучу дехкашкахь доллу хьал ду Нохчийчохь тахана.

  Сийрехь дерг гуш ду вайна. Хала хьал ду цигарчу адамашкахь. Сийрин къомехь долчул а хала хьал ду нохчашкахь. Дуьстича хуур ду, иза бакъхилар.

  «Мичахь ду орца, нохчийн къомехь долу чолхен хьал аттачу даккха?» - аьлла, нохчаша шайна хьалха хаттар х1оттийча. Оцу хаттарна жоп лохуш, вай мел ойла ярх -г1о дан да вац нохчашна. Нохчий шаьш меттах ца бевлча, дац кхин орца нохчашна хила. Цуьнах хьалхе кхетар, иза пайдехь хир ду нохчашна. Вижанчуьра г1оттуш, само а йина, цуьнах теша веза Нохчо.

 Тахана нохчий бекъабелла. Даймахкахь болу вайн вежарий а, йижарий а г1орасиз бу, вайна ма хаъара. Польшан дозанехь берш а бац, ма - барра, шайгара бала балхо х1уьттуш. Закаев Ахьмад а, цуьнца цхьаьна болу накъостий а, кхин а, пелгашна т1ехь вагарваллал бен вац, нохчийн къомехь болу бала, шайна кхераме делахь а, Дуьненна бовзийта г1ерташ а, нохчийн къоманна орца доьхуш а. Нагахь кхета а кхетта, тахана Дуьненчохь долчу хьолан вай ойла йича, Европехь а, кхечанхьа а д1атарбелла нохчий, цхьа барт а хилла, г1овтахь — цул доккха орца дац нохчийн къоманна т1екхача.

  25 шо хьалха, маршо кхайкхош, нохчийн яхь йолу к1ентий а, мехкарий а г1евттича: Хазбулатовг1ара а, Автархановг1ара а, Хаджиевг1ара а, Завгаевг1ара а, Аслахановг1ара а, кхиболчара а - лелийнарг дагадог1учех ду вай. Цаьргара цу хенахь къоманна хилла зен, тахана а, т1е1аткъам беш ду нохчашна.

  Даймахкал ара а бевла, эзарнашкахь нохчий бу д1атарбелла хийрачу мехкашкахь. Царех 80%, кхин а сов бацахь, доьшане а марзбелла: «Политика а ма хьехае, байракх а ма ийба, митинге а ма г1о» - бохуш, шайн сурт даккхийта а ца бехьаш, 1аш бу. Кху муьрехь нохчийн къоманна т1ех1оьттина чолхечу хьоланна цара деш долу зен, лакхахь вай билгалбинчу «нохчаша» динчул а сов ду.                                                                    

  «Хи бухавоьдучунна орца хилар, цуьнан шен карахь ду»-олуш, кица ду лелаш. Цу кицанан чулацамо ма  бохху, къомехь тахана долу чолхе хьал нисло аг1о - нохчашкахь шайггахь ю.                                                                     

  Тахана нохчийн къомехь долу чолхе хьал кхолладаларан бахьанаш вай дагардича, эзарнашкахь нохчийн къоман маршонна шайн синош д1аделлачу к1ентийн а, мехкарийн а вай, кхоччуш, лерам ца бар - иза коьртачех бахьана ду аьлла хета.

  Лакхахь йозане диллинарг кхачо йолуш а лерина, дерзош, къесттина, Даймахкал арахьа 1ар-дахар долчу нохчашка:  

   

  1. Нохчийн къомехь долу чолхен хьал нисло аг1о лаха а, Польшан

           дозанехь де эшна хьийзачу вежаршна а, йижаршна а, берашна а

           г1о-накъосталла дан а - Европехь а, кхечанхьа а д1атарбеллачу

           нохчашка г1овтаре а, само яре а кхойкху;

 

  1. Шайна юккъера кхетаме а, тешаме а болчу векалех Кхеташо (совет)

           кхолларе а, Кхеташонан (советан) чёт билгалъяре а, хаамийн

           г1ирсашкахула, къийла а ца луш, шайгара бакъонца болу бала

           балхабаре а - Польшан дозанехь болчу Нохчийн Мух1ажаршка а  кхойкху;

             

  1. Йоккха чов а хилла, лазаро хьийзош йолу Гила борз санна, нохчийн къоман маршонан мостаг1о, Россис, шен харцо хьалха а яьккхина, г1елдина, къиза хьийзошдолчу нохчийн къоманна дарба лаха, Аллах1ан а, къоман а дуьхьа - г1аттаре кхойкху оха х1ора Нохчочуьнга!

  Дерригге а хуушверг Аллахь ву! Цуьнга доьху, бакъо а толош: нохчийн къоман барт хилийтаре а, иза маршоне кхачадаре а!

  Лакхахь йозане биллинарг, Европехь а, кхечанхьа а д1атарбеллачу Нохчийн Мух1ажарийн Къанойн Кхеташонан Декъахоша сихаллехь, рог1ехь йоцчу Кхеташонехь т1еэцна - сацам бу.                                                          

  Лерамца - Кхеташонан тхьамда - Хучин Ахьмад.

  1. 09. 2016 шо.