Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Декъий Iохкуш ду... Iахкийтахь

trupi

ХIокху деношкахь, Соьлжа-гIалахь яьккхий хенаш тоьхна набахте хьажийна, I4 шо хьалха, хIинцалерачу Iедалехь министр волу Таймасханов ГIалас лачкъийна хилла волу кхо стаг. Меттигерачу телехьожийлехь а гайтира и процесс. Ишшта хира ду, бохуш дуьйцура, цигахь, махкахь зуламаш мел динчаьрна, хенан йохалле а ца хьоьжуш. Ткъа, хаттар кхоллалора, маца, толлура долуш ду, Нохчийчохь байна болу нах мичахь бу а, маца охкура ду, церан декъий чохь долу оьрнаш а? 

Ткъа, уьш-м махкахь массо а маьIIехь ду, бохуш хаамаш даиманна бо бакъонашларъярхоша. ХIинца и церан болх мелла а гIелбелла, амма, цхьаберш тахана къар а ца луш дIагIерта, и болх вахь а ца буьллуш. «Ненан орц» цIе йолчу юккъараллан цхьанатохараллийн куьйгалхо Межидова Зайнап ю царах цхьаъ. Лаьттахь дахкаш долу декъий хьалдахарх гIуллакх а ца хилла, хIинца иза, болх беш ю, дукхачу хьолехь, арахь набахтешкахь чубоьхкинчу нохчех лаьцна хаамаш гулбеш.

Межидова Зайнап: «Ростовехь итт набахте ю. Оцу набахтешкахь дарбан хIусамаш ю.  Цигахь Iоьхкуш а бу вай нохчийн кегий нах. Цигарчу берийн исписка схьаяхьара ю ша аьллера соьга оцу Ростоверачу цхьана зулчо. Вай дайна долу бераш, шай-шай лоьмарш а йолуш бу. Цхьаболчарна шай цIе хаа, кхечарна ца хаа. Цига дIаяха йиша йоцуш Iаш ю со. Улле вала а вац. Вай оцу берашца бала болуш цхьа а стаг вац кху чохь».

Тахана а, Ростов-гIалахь, ша латточу меттигаш чохь, Нохчийчуьрчу бахархойн декъий ду аьлла дIахьедар до Межидова Зайнапа. ДНК-тесташ а еш, I5-20 сов шо хьалха шай байнарш лоьхуш нах хуьлу, аьлла тидам бира цо.

Межидова Зайнап: «Ростовехь 1990-чу шераш дуьйна декъий латтош йолу метигаш ю, чохь гIуора а латтош. Нохчийчуьра цига баха а боьлхуш, ДНК-тесташ а еш,  шучуьнна дакъ ду, тхачуьнна дакъ ду боху, схьаоьцуш ду. Ас олу, оцу Ростове а ца доьлхуш, кхуззахь Ханкалахь ду 640 дакъ цхьан ор чохь, 250  вукху ор чохь. Уьш ду аьлла ас, 2010 шарахь аьллера. Наношна карора дара-кх уьш, ас аьлча, вай президента элира Путинс ахча ца делча, иза дан йиша яц вай аьлла. И декъий долу массийта меттиг хаа суна, амма, уьш схьадаха бала болуш стагга а вац кху чохь».

Мацца а, муьлха а зулам дича. Иза бекхам боцуш дуьсург ца хиларна тешна бу, махкахь, болх беш кхин болу бакъонашларъярхой а. Iедалан низамаш йоьхьар а лаьцна, оцу некъа тIера бовла йиша яц, аьлла тидам бира бакъонашларъярхочо Эжиев Минкаила.

Эжиев Минкаил: «Вай тIом низамца хила безаш бу. Ишшта мел хуьлу, дуьнено а, вай дIахьош болу некъ тIелоцура бу. ДIа вахана, бекхам бича, талуш хIумма а дац. Низамо ма бохху вай дIадоьлхахь, тIаьхь ца кхуьуш дуьсура дац хIумма а. И бекхам хила безаш бу,бакъдерг дийцича».

Байначу нехан терахьаш, жигарчу тIеман зама дIаяьлча, лахделлехь а, тахана а хуьлуш ду и хIумш. ХIинца нохчийн зудабераш ду довш. Низамхоша а, шаьш и зуламаш толлуш ду боху. Мацца а, и хIумш лелийначарна а бекхам хиларна сатуьйсу юккъараллехь. Ткъа, оцу зудаберийн наношна-м, уьш дийна цIа бахкийтичхьана, кхин хIума а ца оьшу.

Radiomarsho.com