Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Ринжанах дагалецамаш бен ца бисина нохчашлахь

kerta

Къаноша даре а деш, лулахошца ринжа олу жима ков а доцуш, керт чуерзош а ца хилла вайнаха хьалха. Ишта сурт хилла, масала, махках даьккхина къам Сибреха хьаждале а, цигахь кхойтта шо а текхна, Даймахке юхадирзича а. 

Ткъа тахана дукхахболучарна "ринжа" дош ша а дицделла догIу, кегийрхошний, кхиазхошний-м хIета а, вета а. Берашна и дош цадовзар а ду бух-бахьана долуш бакъдерг. Стенна аьлча, тахана дукхахболчу лулахошна юкъахь ринжанаш дан а дац. Масала, туьха дан, я хох беха хьажийна бер, ураме  а даьлла, кхача деза лулахошка.

Адамийн вовшашна тIекхачар, вовшех дагадовлар лагIдалар цу ринжинийн къоьллех а  ю ду аьлла хетий хьуна? Цу хаттарна тIера доладелира сан а, Теркйистерчу ЧIуьлга-Юьртахь вехачу яздархочун Хажмурадов Iайндин а къамел.

Оцу ойланехь цхьалха вац Iаьйнди. Бахархойн юкъаметтигаш, цхьамма варзапца зайлеш а детташ, леррина херйохуш санна хьажам болчех цхьаъ ю Соьлжа-гIалара хьехархо Иразиева Раиса а. Цо тидарехь адамийн вовшашка йолу шовкъ-марзо, уьш тIекаре, чукаре хиларан тIегIа лахдаларан гайтам бу ринжанаш дIадовлар.

Соьца къамел диначара дуьйцург, кхеташ ма-хиллара, деккъа цхьа ков-ринжа хилла ца Iа. Цара далхориг ду нохчашна дицделла догIу баххаш, вайнаха даима а парз а лоруш, ворхIе а дегара дуьйна схьа лардина гIиллакх-Iадаташ.

Къаноша дийцарехь. дика го, лулахошна юкъахь хилла ринжа, вайнахалахь дехьа-сехьа волу меттиг хилла ца Iийна, иза буьйса мел Iаьржа хиларх, бIакъажор доцуш, войшашкара хьал-де хаа а,т Iекхача а бер хьажо а йиш йолуш некъ хилла. Вуьшта аьлча вовшийн дегнаш довза, дагара хаа угаре а боца некъ хилла ринжа.

radiomarsho.com

http://www.radiomarsho.com/audio/Audio/1033219.html