Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Бисмиллах1иррохьманиррохьими! Х1у ц1енчу нохчашка!

mansur

Бисмиллах1иррохьманиррохьими!      

    

 Х1ай! Нахана луьйш волу «стаг».

 Базарахь х1уш духкуш йолчу метишкано , палтосуш,  цигонах йолчу зудчо , муьлхачу, къомах волчу векалло, жимма шен коьрто болх беш велахь, буьйцур бу Нохчийн мотт, 1амийча шена. Амма, цуьнах «нохчо» ца хуьлу, цо Нохчийн мотт бийцарх. Массо а къоман шен мотт бу, кхечу къомах къастош,  шай г1иллакхаш а ду. Дуккха а ду х1уманаш, билгалонаш,  къаьмнаш вовшех къастош, царна вовше довзийта Дала делла.  Цхьадолчу къаьмнийн мотт а, церан г1иллакхаш а девзаш ду вайна. Цхьаьна а  маттана , къомана , я цара лелош долчу г1иллакхашна а, х1ума ала г1ерташ дац вай. Дала шена делларг лелош ду х1ора къам. Дала,  х1ора къомана , ша цхьалха даьккхича, адамна  белла ши некъ бу. Цу шиннах, цхьаъ, бакъонца, важа  шолг1аниг, Дела шена реза воцуш бу. Дала 1алаш дойла вай, харц болчу новкъа довларх.  Иза тидамехь латто деза, стага шен дахарехь.  

Нохчо хиларе терра, цхьа к1еззиг, сайна хуучух, Нохчех, дош ала лаам бу сан, девзинарг, дайнарг, дахарехьлелийнарг, дагалоцуш . Нохчийн къам а ду, шен бийца мотт болуш, г1иллакх-оьздангаллийца х1оттаделла, Делан дашца нисдина , тахана а, нисдеш 1ар - дахаран низам а, шен амал а, диканиг- вониг къастош  терза а долуш, шел нийса дерг, МИЙЗАНтерза бен, кхин хила йиш йоцуш. Иза, ц1енна,нохчочунна  хууш, ца хаахь хаа дезаш дерг ду.                                                                                      

Лакхахь, вай билгалдакхинарг хууш вацахь, хаа г1ерташ а вацахь, цунна, Нохчочо дан дезарг а, лелодезарг а хуур дац.   И тайпа верг Нохчо ца хуьлу, цо ша нохчо ву бахарх, нохчийн мотт цо бийцарх. Иштта волу, ша  «нохчо»  ву бохучух муьжгий а, я цигон а  ца хуьлу -митис олуш хезна вайна, цу тайпанчух. Нохчаша: Шайх Мансурас, Таймийн Бийболатас, Сесанара Воккхачу Хьаьжас, Кунта Хьаьжас, Г1овс  1овдас, Дадийн Аьльбийкас, Гихтара Таймасхас, Зеламхас, Бойсхарс, 1бдурахьманас, кхин эзар-эзарнашкахь Яхь йолчу нохчийн къонахаша, йижарша (Бехк ца биллар доьху, ц1ераш яхаза бисанчеран гергарчаьрга ,церан хьожа-моднехь болчаьрга ) д1аделла шайн синош  Нохчийн къома МАРШОННА, Дела дашехь нисбала(Везачу Дала  г1азот къобал  дойла церан).      Нохчийн к1ентий, мехкарий бахьана а долуш, кху дуьненан еаа а ме11ехь, девзаш ду жима  турпала Нохчийн къам. Нохчашна дозалла а, сийлалла а ю  иза.                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                                      

           Мостаг1чунна вохкавелларг, Яхь шеца йоцург, тешам боцург, г1иллакхах-оьздангаллех воьхнарг, Нохчаллех хаьддарг, маца хилла Нохчийн къома юккъехь сийдолуш, Нохчашна стаг хеташ?                                                                               Сан, тахана 67 шо ду. Г1еххьа, сайначул, х1уманаш дайна суна. Лакхахь, вай билгалдаьхна сакхташ долу  адамаш  хилла,тахана а  долуш ду, кхин д1а хир а ду. Амма, уьш нах болчу нахана дош хеташ, Нохчийн къомана юккъехь, церан сий  хуьлуш  меттиг хаабелла бац вайна. Сайгара аьлча, тахана шаьш «нохчий» ду а бохуш, к1иллойн г1иллакхаш шайца дерш, алсамбевлла аьлла хета, Нохчийн къомана юккъехь.

           Инзаре боьхачу мостаг1чунна, Россина дуьхьал, хьалха а, вайн къонахий хиллачу дайша, МАЬРША хила, даима а луьра къйсам латтийна.  Иза ца хууш, Нохчо хила декхар а дац. Цу хенахь а хилла , мостаг1чунна бохкабелла, шайна т1ехьа мостаг1о т1елаьцна топан ира ц1амза  а болуш, нохчий сийсаз бан  г1ерташ, къомана т1ехь харцонаш, къизаллаш лелош - «нохчий» ду шеш бохурш. Ушаев Мазлак вевза хир ву-массарна а. Цо мостаг1ашна вохка а велла , нохчашна т1ехь лелийна къизаллаш, шен заманчохь, йиц ян ца еза.

             И тайпа хала киртиг къомана т1ех1оьттича: «К1ай т1ехье йолу маккхалш, куьранаш хилла хьийза мур бу тахана, Нохчашкахь берг. Кхуьнан ше хан ю. Х1инца- м, тех базбелла,  х1ара бала -д1абала герга бахана аьлла а хета» - олуш хилла, вайн къонахий хиллачу дайша.

              Т1ех1оьттина хало, мел чолхе елахь а, иза ловш, шен г1оране хьаьжжина , мостаг1ашца къийсам латтош, шена хилла зен, юха метта х1оттош, МАЬРША хиларе сатуьйсучу лааме, дог ца дуьллуьйтуш, тахане схьакхаьчна, турпала Нохчиийн къам.  Нохчашна т1е тахана а х1оьттина, хала мур -вайн, дайшна санна. Вайн, дайша, лакхахь, ма аллара -д1абер   бу ,  х1ара а. Шеко йоцуш т1ех1уттур ду де,  х1ора Нохчочо  ша диначух, лелийначух  жоп дала дезаш. И  хир ду, Нохчийн къома МАЬРША хилла болу лаам, Нохчашкахь йолу бакъо  тоьлла, сий айделла, х1ора Нохчочун дог шовкъе дирзина  - деза, доккха Де! Цу дийне ладуг1уш, тахна а,  Нохчо ву бохург, шен къоман толама Де герга  кхачо, ша олу дош, еш йолу ойла, боккху ког, дерриг а цу 1алашонца, нигатца, ша дийриг дустуш, деш хила веза.                                           

           Ала г1ертарг дерзош, алаздерг дукха а долуш, кхин д1а, к1еззиг, ала лаьа, сингаттамо дог 1ийжош долчух .           

           Доьхна, даьржина ду Нохчийн къам , лакхахь вай ма аллара. Шен болу ницкъ, берриг кога ирах1оттийна,  Нохчийн жимачу къомана т1ехь къизаллаш  лелош, айбавелла   хьийза, барамехь сов волу мостаг1, Росси.  Бераллехь дуьйна, Нанас, шен накха баош, шурийца дагчу биллина Маршоне кхийдош болу БЕЗАМ хьаьшна, аьтта, шен орамашца а, д1абаккха г1ерта къиза мостаг1, х1ора  Нохчочун кийрара, кхин д1айолчу ханна, МАРШОНЕ са ца тийсийта.                     

          Амма, д1абахана вайн къонахий а хилла, дай санна, тахана а, шей г1оране хьаьжжина, Нохчий  бу, МАЬРША хила мостаг1чуьнца луьра къийсам латтош, маса болчуьра, кхечу т1ег1ана баьлла боьдучу т1амехь. Даймахкахь, инзаре халачу хьолехь, хьаннашкахь, Яхь йолу к1ентий, мехкарий бу,  МАРШОНАН де гергадало, герзашца цхьаьна, мостаг1чух ка детташ, шайн синош ца кхоош. Дала 1алашбойла уьш. Ницкъ лолда царна- шайгахь йолу хало лан. Мостаг1чу 1едална к1ел ца совца, Даймахкал ара а бевла, Европехь, Америкехь,Турцехь, кхечу мехкашкахь бу нохчий. Уьш  бу, шайна кхераме доллушехь, Нохчийн къома  мохк, МАЬРША  баккха болу лаам герга кхачо, г1аролехь лаьтташ, де-буьйса доцуш,   шайга даллург дан г1ерташ къахьоьгуш. Дала г1о-орца лолда царна а.  Бакъо Нохчийн къомехь ю, иза ОНДДА герз ду, вайн къоман карахь. Эххара, толам Нохчашкахь хир бу, цуьнан шеко яц.  Нохчех, бохкабеллачарех, мостаг1чо тахана шегахь ницкъ хиларе терра, махкахошна, нуьцкъалла, т1ех1оттийна 1едал ду Нохчийчохь. Оцу 1аьдало шайна т1ехь лелош йолу харцонаш, къизалла ца лалуш, доу бассош уьду дехкий санна, Даймахкара, тахана а арабуьйлуш бу цхьболу Нохчий. Уьш бу, хийрачу мехкашкахь, шайна тховк1ело а, напха а лоьхуш. И хьал вайна а, дуьненна а гуш ду. Цхьа де дог1ур ду, оцу 1едалехь болчу  «нохчаша» жоп дала дезаш. Уьша -м гуш а, бевзаш а бу массарна а.                           

            Мостаг1анна бохкабеллачара, галделларш лелочара, шайна даа доьша хилчхьана, кхечу х1уманан ойла ца еш болчара,  Нохчийн къомо МАЬРША  хила латточу къийсамана деш долу зен, еш йолу хало, ца юьцуш, юьтур ю, вай. Уьш вай Деле д1а ло, Цо ер царна т1ехь кхел.

             Шай тоба кхоьллина, т1ехь дерш а, доцурш а дуьйцуш бу, кху Европехь цхьа «нах». Нохчийн къомо МАЬРША хила арабаьккхиначу лаамна» - бохуш, п1ел- п1елгах тоьхна шеш кхин деш д1огара х1ума доццушехь, цхьа пайдехь дерг дан г1ертачарна новкъарло йо цара.  Тахана компьютарш а хилла, аьтто баьлла церан. Х1ара дуьне кхардош лаьтта цара  Нохчех.                                                      

            Ахь д1ахаьттича кхечу къомах волчу векалло, иза 1илманан да велахь а, вацахь а: «Ма тамашийна къам ду шу Нохчий! Дуьххьарлерачу т1амехь шайл барамехь сов боьхалла шеца йолу Росси, х1ара дуьне, шех кхоьруш йолу эшийра аша, йохь1аьржа а х1оттош. Цу луьрачу т1амехь, шун Нохчийн къомо ,МАЬРША хила гайтанчу доьналло, цецдаьккхира х1ара дерриг а дуьне! Сий айбаделира Нохчийн, МАРШО езачу кхидолу къаьмнашна хьалха, масалла хилла д1ах1оьттира, турпала Нохчийн къам! Доьналла ду шуьгахь!                               И т1ом чекхбаьлла таханалерачу дийне кхаччалц, Нохчаша лелочух ца кхета-кха тхо. Цхьаберш бу шух: «Россица цахилча дан амал дац вай» -бохуш. Кхин болчу Нохчех, МАРШО боху дош багах даьлларг вен а воьй, т1епаза войу цара. Кхин а ю шу Ночашлахь тобанаш, шайн коьртехь берш вовшашна а, кхин болчарна а луьйш. Шайн динехь  а, декъаделла шу тахана. Бу шуна юккъехь къам МАЬРША даккха къахьоьгуш берш. Царна новкъарло йо, галдаьлларш  лелочара. Даггара, шун хьуьнаре Нохчийн къам, МАЬРША хила лаьа , шун сатийсар кхочуш а хуьлуш.»-олуш чекхдоккху цара шайн къамел.

              Вовшашна а, нахана а луьйш болчара, кхечу къаьмнех болчу векаллийн коьртешкахь, Нохчех вон ойла кхуллу. Цуьнан ойла йича, ша  ц1енна, Нохчо ву бохург и нахана луьйш берш, совцо  шен ницкъ кочург деш хила веза. И нахана луьйш, шаьш а ду «нохчий» бохуш берш дукха а бац. Церан ц1ераш вай яха еза аьлла а цахета. Т1ема яьлла йоьдучу къийгана а уьш бевза дела.

              Х1ун боху-те Дала, муьлхачу т1ег1ана, дарже кхачаво  -те вайн Нохчийн кхонахий хиллачу дайша — нахана луьйш, т1ехь дерш а, доцурш а дуьйцуш волу «стаг»? Цу хаттарна жоп дала хьовсур ду вай кхин д1а.

            Тахана, цхьа хан д1аяьлла ду вай, Дела дош девзачу нахе ладийг1ина.

             Цара: «Нахана луьйш, дерш а , доцурш а дуьйцуш волу, Шен лай, адаман жижиг дуучух тера ву. Адамна т1ехь

 сакхате дерг делахь а, иза нахе дуьйцург  - къа латош ву шена. Нагахь шен лай, галдаьлларг лелош велахь , цуьнга шегга ала деза, иза нисвалийта, ц1енна дагахь нигат а долуш.»-Дала боху иза ,олуш хезна вайна. Иза бакъду я дац аьлла, къастор- Делан дош девзачу нахехь дуьту вай. Амма ,вай теша цуьнах- кхин йолу бакъо гучуяллалц йолчу ханна.

              Нохчийн къонахий хиллачу дайшка ладийг1инчех ду вай. Цара  нахана луьйш, дерш а, доцурш а дуьйцуш волчу «стагах» аьлларш, т1ехьене весеташ дарца, довзийта хьовсара ду вай шолг1а.

             «Нахана луьйш, т1ехь дерш а, доцурш а дуьйцуш волу «стаг» дийна воллушехь велла лору, мохе бахана мох бу иза. Шен б1аьргахь йоллу х1ума а, шен бехъелла хеча а гуш вац и тайпа «стаг» . Иштта волчу «стага», нах болчу нахана юкъа питана тосу, тешам г1ел бо. Т1ехьашха луьйш волу « стаг», тешха ка тухучу ж1аьлех тера ву. Ялийна зудчунна мах беш , тоьшаллийна цамагаво и саннарг. Сий хир дац нахана луьйш волчу «стеган», ша дуьненчохь йоккхучу хенахь, Далла дуьхьал х1оьттинчу хенахь, цунна хиндерг Делехь дуьту вай. Кху дуьненахь, ша саннарг дуьхьала вуьйлуш, парг1ато хир яц нахана луьйш волчу «стагехь». «Стаг» схьалийча,генна а ваьлла цунна д1алуьйш верг, ши п1еллиг вукхул оьшу.

             И тайпа «стаг» вийча, (Дала лардойла вай цуьнах), воцуш ца терг  хуьле,  боккха бала хуьлу цуьнах. Нохчо волчунна девза и тайпа хьал.                                                                  Нахана луьйш волу «стаг», пусар шен доцуш, т1ехье кан- куьйса 1аьржа къиг санна, тесна вита веза тергал а ца веш.Шен хан т1екхаьчча, лийр ву иза нахана дош ца хеташ. Юккъе х1ума доьжча, къастам бан дезаш, дуьхьал а веана, нах болчу наха беш ма хиллара, бакъдерг охьа а диллина, къастам бан доьналла ца хуьлу, нахана луьйш волчу «стеган». Нахана луьйш волчунна,х1уй кхайкхо беза, ца вевзачунна вовзуьйтуш, цхьа меттиг билгал а йина, цигахь к1арлаг1а х1оттош.

             «Туьро, тоьпо йина чов ерзайо лоьраша, дашо йина чов ерзо да вац -кха  кху доккхачу дуьненахь.» - олуш, кица дитана вайн хьекъалечу дайша. Оцу кицанехь болчу   чулацамах вайна кхачам боллуш, кхетча, т1аккхий  бен хуура дац, ша ма барра мах хадо, нахана луйш волчу «стага»  адамна, къомана, Махкана деш долчу зенан. Доцурш а дуьйцуш, нахана луьйш хира вац, ц1енна,Нохчийн хьойданахь кхиийна ша велахь Нохчо.»-олуш, аьшнаш вора нахана, шен мотт бихкиначура баьстина, луьйш, дерш а, доцурш а дуьйцуш волу «стаг», вайн къонахий хиллачу дайша.

             Нагахь вай, лакхахь кехате дехкинарш гал делахь, вежаршка, бакъонца дерг каро,  г1о-орца доьху. Лакхахь, кху кехате диллинарг, яздина дацара вай, нахана лен 1алашо йолуш. Нахана луьйш болчаьрга кхайкхам бар дара и, уьш, Дела реза воцучух а, вайн къонахий хиллачу дайша  сийсаза диначух а, д1акъастон нигат хиларца. Нахана луьйш болчарна д1ахаийла. Нагахь, цара кхул т1аьхьа шайгара нахана луьйш йолу, цхьанне пайдехь йоцу корматалла ца йитахь, нахана уьш юха а  луьйш хилахь, шеш, Далла а, вайн къонахий хиллачу дайшна а луьйш буй хаийла царна. Нохчийн къам МАРШОНЕ герга кхачо г1ерташ, даггара, шайга далург деш, боьхачу мостаг1чунна дуьхьло еш бу Нохчийн цхьаболу Яхь йолу к1ентий, мехкарий. Дала аьтто боккхийла, церан! Цаьрга доьху, и нахана луьйш берш кхул т1аьхьа луьйш билгал бовлахь, уьш тергал а ца беш битар. Мостаг1 ву вайн ч1ог1а, къиза, боьха, и вохо, варжо, г1ел ван, берриг ницкъ, оцу г1уллакхна т1ехьажо беза.Д1а-схьа хьежа йиш яц тахана вайн. Мостаг1 ву сама а ваьлла, Нохчашна к1ел хи дуттуш, вай кога ца дахийта.                                                                                                    И нахана луьйш берш тахана, Нохчашна мостаг1чо г1ело еш даьхкинчу деношкахь, цамгарца бу, цуьнах д1а ца къасталуш, я, мостаг1о, т1ехьа тоьпан ира ц1амза 1уьттуш, 1ан йиш йолуш бац аьлла хетачух теша деза  вай. Цаьргахь долу хьал, баккъалла а, муха хилла, къастон, кхуьур ду, парг1ато яьлча. Иза, Делан карахь ду, вай теша цунах!

             Маьрша хилла йолу юкъ йихкина, иза ца йостуш, кху т1аьхьарчу 2-3 б1аьшерашкахь, барамехь шел сов, къиза волу мостаг1чуьнца, Россица шен ц1ий 1енош, луьра къийсам латтош, таханалерачу дийне кхаьчна жима, хьуьнаре Нохчийн къам ,иза шен бакъонца йолчу 1алашоне кхачаделахь, Сийлахь Волу Эла! Дала аьтто боккхийла, ка далийтийла, Ночийн къам МАРШОНЕ кхачо юкъ йихкина ,и ца йостуш, тахана а, къизачу мостаг1чуьнца, Россица луьра къийсам латтош болу Яхь йолчу Нохчий к1ентийн, мехкарийн — къоман толаман Де герга дало.                                

                 Ша Делах а тешаш, ц1енна Нохчо волчуьнна кийрахь: «Х1ун хир-те, Нохчаша МАЬРША хила арабаьккхиначу некъах... .?»- бохуш йолу шеконан ойланаш хила йиш яц. Нохчийн жимачу къомана а, муьжгийн доккхачу къомана а юккъахь, кху т1ехьрчу 2-3 б1аьшерашкахь боьдуш т1ом бу. Иза,тахана а боьдуш бу, ша хила безачу т1ег1анахь.                                                                      

             Цхьаболчу, нохчаша:» Муьжгий дукха бу. Уьш байарх, кхачош бац... .» -олуш хеза. Къийгаш а хуьлу дукха цхьаьнан меттехь гулъелча. Х1ун пайда бохьу цара, гонахьарачу 1аламна? Пайда хилахь а, к1еззиг бу иза. Оцу къийгашкахь долчу хьолехь ду, муьжгийн къомо гонахьа долчу 1аламна схьалушдерг. Муьжгий дукха белахь а, бакъо Нохчашкахь ю. Шеко йоцуш, Дела бакъо езаш хиларх, теша деза вай. Цунах тешаш делахь, Дела Нохчашца ву. Далла т1е болх а биллина , муьжгашна дуьхьало еш, Нохчий ,тахана санна, мостаг1чух ка детташ,къар ца луш д1аг1иртича, шен минот т1екхаьчча, Дала,турпала Нохчий  толаме кхачор бу.

Дела цхьаъ, хилар санна, бакъ а долуш,   Нохчашкахь толам, муьжгашкахь эшам болуш долу деза Де,т1екхочур ма ду!                                 И де т1екхача сихо хилийта, шега, далурриг, дан, Деле до1а- дехар деш, дина а, ша Нохчо ву бохучунна т1ехь  декхар ма ду.

                Деле, кхин цкъа а, доьху вай, бакъо толош, харцо эшош долу орца, Нохчийн жимачу къомана Айхьа, сихо ярца т1екхачор. Хьо воцург, деха а вац, Хьо воцург дала а вац, цуьнах тешна болчу Нохчаша  -Хьан кера д1аделла, шайн, синош.

             АЛЛАХ1У АККАБАР!

                                  АЛЛАХ1У АККАБАР!

                                                       АЛЛАХ1У АККАБАР!     

 

                            ДЕЛА, ХЬО ВОККХА ВУ!

 

                                    Нохчашка!

 

 

                             Къизачу мостаг1о бечу 1ат1къамо,                                    

                    Нохчийн къам дохийна, хьийзоро,

                    Б1аьргаша мела хиш легадо!

                    Лазаро дог 1ийжа до!

                              

                               Йиш яц доьхна хьийза,

                               Нохчийн доьналлехь долчу къома!

                               Хьаьжна бу, г1азоташ вайга!

                               Гуш ду, лелораш Далла!

 

                      Нохчийн к1ентий-т1етт1а та1а!

                      Ма детта ка-вовшашна!

                      Хьоьшу мостаг1о дайн латта.

                      Къоман сий дужуш лаьтта.

 

                               Нохчо ву бохург тахана,

                               Йиш йолуш вац 1илла.

                               Мостаг1чунна тоха йог1у шаьлта,

                               Сихха, са долучу меттачо.

                      

                       Нийсо еза Везачу Далла.

                       Мостаг1ца, бакъо къуьйсу, Нохчаша.                      

                       Иза долуш, коьртачех, бахьана,

                       Эшам го, Россигахь кхана!

 

 

                  Ларамца  Гаду. 22. 09. 2013ш.