Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

"Цхьа а логика яц оцу репрессин барамашца"

Коронавирусан эпидеми бахьана долуш тоьхна карантинан дозанаш лагIдеш, шолгIачу муьре доьрзуш хиларх дIакхайкхийна Нохчийчохь.
Маьждигашкахь пIераскан деношкахь Рузба дан а магийна. Схьайоьллуш ю хазаллин хIусамаш а, месаш тоен салонаш а, бохуш яздо "Кавказ.Реалии" портало.

Нагахь санна, социалан дистанци ларйийр елахь, бахархошна маго дагахь бу Iедалхой дийнахь гIаш дIасалела а. Шина сахьтехь арахула лела бакъо хир ю церан. Веа стагал а сов хила йиш яц тобанехь садаIа арабевлларш. Шаьш дехачу хIусамашна 500 метар бен гена бовла бакъо а хир яц.

Официалан статистико бохург бакъделахь, Нохчийчуьра эпидемиологин хьал, цхьайолчу луларчу мехкашкахьчул а, мел а кхерамзе ду. Юкъараллехь шога хIоттийначу карантинан ражна реза бац нах. ХIинццалц тIаьхьалонехь хиндолчунна сагатдинехь а, хIинца йишйоцучу хьоле а дирзина, гIоьртина лаьтташ ду хьал.

Кеп-кепарчу официалан хьаькамаша бечу хаамех цецбуьйлу нах.
Масала, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана юьхьанца дуьйцу, жим-жима малъян йолор ю карантинан раж бохуш, цхьа хан яьлча, коронавирус ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабехь дакъалаьцначу кхечу лакхарчу даржхоша дIахьедо, изоляци кхин тIе а чIагIъян еза олий.

Диттина дозанаш лагIдан долор ду Стигалкъекъа-беттан 27-чохь дуьйна, аьлла, хьалхо дIакхайкхийра. 2020-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 15-чохь Кадыровс куьгъяздинчу "Нохчийчоьнан дозана тIехь изоляцин барамаш лахбеш хьалхара мур болочу планах" арахецначу омрана тIехь а хьахийнера и терахь. Делахь а, массарна а цатам хилира, Стигалкъекъа-беттан 27-чу дийнахь парламентан спикеро, оперативан штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада цкъачунна Iедалхой дагахь бац карантинан раж малъеш, шолгIачу муьре дерза аьлла, хаам бича.

"Хьалхара этап ерзайойла дац, 113 стаг дарбан хIусамашка кхачочу юкъанна. Ас ма-аллара, 1 860 маьнга-меттиг бен бац. Оццул цомгаш нах денна схьабалабахь, бисина 835 меттиг цхьана кIиранна бен кхачаме хир бац", - дIахьедира Даудовс шен инстаграмехь хIоттийначу эфирехь.

Даудовс далийначу терахьаша цецбаьхнера дуккха а нах, хIунда аьлча, цо куьйгалла дечу оперативан штабо а, могушалла Iалашъяран министралло а дIахьедечу статистикан зерашца догIуш цахиларна.

Ткъа Нохчийчохь коронавирусан уьнах 13 стаг бен ца велла бохучух-м, тешаш кIезиг нах бу.

Даудовна тIаьххье карантинан бехкамаш кхин тIе а чIагIбан беза аьлла, кхайкхам бира могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана а цхьаьна. Цо дийцарехь, коронавирусан инфекцица болчу нахана аьлла, дарбан хIусамашкахь маьнганаш-меттигаш совбаха хьийза Iедалхой гIалин кхин а еа дарбан хIусамехь.

Кхин тIе а 3 эзар меттиг хилча эпидемиологин хьал ца талха там бу аьлла, дегайовхо ю Iедалхойн.

Амма, масех де даьллачул тIаьхьа, цIеххьана сацам бо мехкан Iедало, дозанаш лагIдеш, шолгIачу муьре доьрзуш ду аьлла.

Бакъду, республикехь латточу шогачу карантинан барамашна доккхачу декъанна реза бу лоьраш. Соьлж-ГIаларчу цхьана дарбан цIийнан лоьрана З.Аптина хетарехь, динарг нийса хьесап хиллера.

"Юьхьанца суна а хетара дукха тIех шогалла лелайо аьлла, амма хиллачо гайтира, уьш эвсара кепаш хиллийла. Цундела Дагестанехь хилларг ца хуьлуш диссира вай. ГIуллакх доцуш буьйлабелла леларш дукха бу вайн, нагахь санна, и шога карантин юкъа ца яьккхинехь, баккъал а дуккха а нахалахь даьржар дара ун. Ткъа могушалла Iалашъяран система ларор яцара оццул дукха цомгашчу нахаца", - дийцина лоьро "Кавказ.Реалиига".

COVID-19 вирусах Нохчийчохь беллачийн официалан статистика мел хир ю аьлла, хаьттича, къамел динчу лоьрана хетарехь, уьш кхин а дикка сов хуьлийла ду.

Соьлж-ГIаларчу вахархочо Гадаев Вадуда тидамбарца, Iедалхоша карантинна тIехь оццул терго латтошшехь, бахархоша кест-кеста дохадо изоляцин низамаш.

"Дуккхахболчарна - кегийчарна а, баккхийчарна а цхьаьна, эхь хета юьхь тIехь маска лело. И проблема лаьтта Къилбаседа Кавказан дуккхахйолчу республикашкахь. Дарбан хIусамашкахь а ду чолхе хьал. Цомгашчу нахана меттигаш ца тоьа, лоьрашна кхачам боллуш эпидеме х ларвен барзакъ дац", - боху Соьлж-ГIаларчу вахархочо.

Ткъа Нохчийчуьрчу лакхарчу доьшийлан студентана ХIаронна хетарехь, "еххачу заманчохь чукъевлина латторо адамийн психикана тIеIаткъам бо".

"Цкъа делахь, иммунитетна ницкъ хуьлу. Нагахь санна, нах коронавирусах ларлахь а, кеп-кепара кхин цамгарш лехьо тарло цара. Цхьа а логика йолуш бац хIара репрессин барамаш. Нах хьийзабар ду хIара", - эргIадоьху жимастаг.

Куршлойн кIоштарчу белхалочунна Рамзанна хетарехь, карантинан барамаш лелош бу, шаьш бинчу белхан жамIаш гайтархьама.

"Базарашка чуоьхучу транспортана Iуьйранна еш ю дезинфекци. ХIун маьIна ду цуьнца, нагахь санна, дийно сарралц кхин и деш ца хилча. 1,5 метар дистанци ларъе, 50 процент бен юкъара танспорт дIа а ма юза бохург кхочуш деш дац, кехата тIехь яздинччохь дуьссуш ду иза а. Наха тIехтуьйсу и низамаш. Иштта оцу бен цахетаро эвсаралла а охьайоккху. И дезинфекцеш а, некъаш тIехь дIахьош йолу рейдаш а инстаграмерчу шайн аккаунташкахь, шаьш коронавирусаца къийсам бу латтош аьлла, дIагайтархьама лелош санна хета", - билгалдоккху ХIарона.

"Кавказ.Реалии" портало хеттарш дина респонденташ тешна бу, коронавирусан эпидеми хьакхаеллачийн терахьаш официалехь Iорадохучел а дуккха а сингаттаме хила тарло бохучух.

https://www.radiomarsho.com/