Германехь шен хIусамнана цкъа хьалха корехула ара а кхоьссина, цул тIаьхьа урс диттина йийначу цхьана нохчийн мухIажаро динчу зуламна гонахь иккхина IалагIож вуно йоккха ю. Немцойн хаамийн гIирсашкахь а, Европехь бехачу вайнахалахь а шуьйра дийцаре беш бу и бохам.
Европерчу мехкашкахь, дуьненан мичча маьIIехь санна, нисло дов даьллачехь я шена ямарт ю моьттинчехь цIийндас шен хIусамнана йийна ирча зулам.
Амма цкъа етта а йиттина, ен дагахь корехула ара а кхоьссина шен хIусамнана, цул тIаьхьа корехула арахьаьжча иза цIийх юьзна Iуьллуш гича муьлха а могIарера адам цу мIаьргонехь кхераделла я ша динчух инзарваьлла, я дохковаьлла Iадор а доцуш, мелхо а, бухахь лаьттахь цIийлахь Iуьллу шен зуда дийна юйла кхеттча, бакъчу синкхетамчохь а волуш, урс эцна тIаьхьа охьа а воьссина, шозза логах урс хьаькхна, иза дIаер боккъал а цецвоккхуш талор ду.
Тамаша а бац тIаккха массо а аьлча санна немцойн хаамийн гIирсашкахь и зулам дийцаре дар а, рогIерчу нохчийн къомахчу талорхочун цIе криминалан хаамашкахула чекхйалар а.
И талор динарг 31 шо долу нохчийн къомах жимстаг ву бохуш чIагIдо немцойн полицино. Оршот сарахь и зулам дина волу стаг лаьцна, Котбус гIалин набахтехь воллуш ву. Цо шен зуда еран бахьана ша Iедалхошка дуьйцучу хенахь аьлла, полицин векалша чIагIдарехь, шен шеконаш яра шен хIусамнана шена ямарт ю бохучунна, ша цунах тешаш вацара, аьлла.
Оцу сохьта социалан машанашкахула а, ватсаппехула а дIасалела дуьйладелира цул тIаьхьа цу стеган а, цо йийначу цуьнан хIусамненан а, церан пхеа беран а сарташ. Цу сарташна тIехь гуш ю вуно гIайгIане юхь-сибат долу къона зуда, тоьллачу дегIехь а йолуш, химара олуш долу духар доьхна дIакъовлаелла а йолуш.
Салафийн Iадатехь мекх даьшна, еха маж йолуш гуш ву цуьнан чаьлтача шех хилла волу хIусамда а. Уггаре а доккхачуьнан иттех шо а хир доцу кегийра пхи бер а. И пхи бер ден-ненан дов даьллачу хенахь а, цул тIаьхьа дас нанна еттачу хенахь а, цо иза корехула аракхуссучу хенахь а дерриге а гуш чохь хилла, Iедалхоша дийцарехь.
ХIинца уьш Германерчу Зенфтенберг гIалин берашна Iуналла даран хуькматан долахь ду, царна хилла йолу шок яйъян гIерташ цаьрца болх беш психологаш а бу, N24 цIе йолчу немцойн хаамийн агенталло бечу хаамца.
Цу юкъана Европехь бехачу вайнахалахь шуьйрачу дийцаре даьккхина Германехь хилла бохам. Ватсаппехула вистхилла и стаг а, цо йийна хIусамнана а дикка бевзаш хилла волу, Германехь церан лулахь Iина цхьа нохчо.
Цо тоьшалла до, и йийнарг вуно оьзда стаг а яра, дика нана а яра, цхьанна а кепара цу стаго цунна дуьхьал тоьттуш хилла шеконаш бух болуш хила йиш а яц, ткъа и зуда шена муьтIахь яцара бохург иза йийначо шена тIера бехк Iедалхошна хьалха байбархьама аьлла хила мега бохуш.
Кху деношкахь Европерчу масех пачхьалкхехь бехаш болу вайнах декъа а болуш, масийтаза маьттаза криминале хилам баьлла. Маршо радионо хьалхехьо хьахийна ма-хиллара, Австрехь цхьана кхиазхойн тобано йиттина лоьрийн цIийна кхачийна I4 шо долу меттигера цхьа йоI. Белгехь шина нохчочо шайн 10-12 шераш долчу берийн дов бахьана долуш вовше вийна. Германехь и лакхахь хьахийна зулам дина хIусамдас шен пхеа берийн нанна.
ХIун ду -те и тайпа зуламаш аренца бехачу нохчашлахь даржаран бахьана? Цхьа тамашийна къизаллин вирус ю иза вайнахалахь яьржаш? Я тIеман тIаьхь-тIаьхьа гучуюьйлуш йолу травмаш ю уьш?
Я цу зуламех цецбевллачу цхьаболчу нохчаша ма-аллара, боккъал а Европехь дар дайна хиларо а, беш болх а, хьоьгуш къа а доцуш Iедалан чотах атта дуьне дааро хьерадаьккхина -те адам? ДIадала йиш юй-те и саннарг къомана юккъера, Маршо радион цхьаьна ладогIархочо ма-аллара, Европехь деш-дуьтуш доцуш Iаш болу нах массо а лаьхкина буракийн гектараш лелон арабахахь?
Я цу хиламан орамаш коIргеха а, чолхеха а ду-те? Австрехь вехачу яздархочо Хачукаев Сайд- Мохьмада и массо а хIума ша-ша а, гулахь а ду бохуш дийцира Маршо радионе, карарчу муьрехь аренца бехачу нохчашлахь иштта маьттазлонаш яржарна бехке.
Хачукаев Сайд-Мохьмад: „И ирча кхаъ хезча дуьйна схьа дилла меттиг а доцуш, халонга даьлла тхуна. Амма цу хиламийн шен бахьанаш ду. И бахьанаш дуьйцуш оха, баккхийчара, мохь бетта дукха хан ю. Вайн адам цомгуш ду, вай массо а къам лахар долуш ду, хIунда аьлча вай шина тIамехь лайнарг инзаре къизалла а, бала а бу.
И баланаш а, къизалла а лар йоцуш дIа ца долу, иза диц ца ло, вайх цхьаццаболчарна иза дицдан лаахь а. ДегIана а ца дицло, иэесана а ца дицло. Вай хIара хьал хийца ца гIортахь, вешана а, нахана а пайденна доцуш, вайн къам дарна кхерам бу, вайн вешан мостагIашна луург а доккхуш“.
Цу юкъана, Германехь йийначу зудчуьн а, цуьнан чаьлтачан-хIусамден а пхеа берана доладан церан гергарниш лохуш бу кху деношкахь Бранденбург лаьтта тIехь бехаш болу вайнах. Карарчу хенахь берийн хьашташца йолчу хьукмато Iуналла деш долу пхи бер ден я ненан агIор гергар нах схьакарбахь, церан Iуналле дIадала там бу Iедало.