Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Бежанаш леш ду, дарба дац

Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь яьржина хьийза дохнан цамгар, нодуляран дерматит, кест-кеста хьаха мехкан 1едалхоша. Амма карийна дац дарба. Махкахь и цамгар бахьанехь дифиците даларал совнаха, дазделла механа жижиг. Ярташкахь тахана ду лелаш дукха даьхний, бежанаш хилла ца 1аш, устаг1ий, гезарий.

 

Iедалан хьостано Iорадаьккхарца, махкахь 10 000 сов бежана нодуляран дерматит олу буьччалгийн цамгар кхетта ду,ткъа цунах делларг эзар сов.

Оцу цамгаро бахархошна дина зенаш хаъал сов хила тарло, стенна аьлча, цхьаъ бен боцу етт беллачунна а,ур-аттал и лаьттах буллуш а Iедало деш гIо цахиларна цхьаболчу долахоша гIара а ца буьйлуш, шаьш хьуламехь къайладоккху делла бежана.

Билггал хаа а хууш, Теркаца Iуьллучу цхьана юьртахь ткъаннашкахь дагарло цу лазаро эгийна бежний.

«Суна билггал хаа а хууш тхан юьртахь цхьана де делла 8 бежана, вукхуьнан 5, кхечуьнан 3, ткъа цхьацца хьайба делларш чот а йоцуш дукха бу».

И къамел динарг ву могIарера вахархо теркхо. Цо дийцарехь и цамгар бахьнехь Iедало леррина кхоьллина орцаллин штаб а ю, цо и цамгар дIаса ца йоржуьйтуш а,делла бежний дIадухкуш а гIо до бохуш кхайкхош делахь а,иза буххера дуьйна шеконе хIума ду, стенна аьлча дукхахйолчу ярташкахь данне а дац могильникаш олу бежнийн кешнаш,бахархоша шаьш ка яьл-яьллаче дIатекхош ду даьхний а.

Цу хьокъехь дуьйцуш ву соьлжагIалин кIоштерчу Органца Iуьллучу цхьана юьртара вахархо.

Вахархо: «И цамгар дIаяьлла хьал ма дац кхузаххьа-м. Кху юьртахь цуьнан бала болуш а,и хIун лазар ду хууш а стагга а вац. Дукха даьхний дала а делла,цомгаш а ду. Махкахошна гIо дан дезаш сурт ду гуш дерг,хIара ма-дарра Iедалехь болчарна ца хоьуьйтуш латтош дуй те аьлла а хета. Эрчо ю.

 

Кхо бIе уьстагI белла меттиг а ю.30-40 белларг а ву. Котамашна а хьаьдда и лазар. Уьш дIаIалашьян даьккхина ор а дац. Арахь охьакхиссина ду. Уьш даа а диъна ур-аттал чагIалкхаш елла масалш а ду. Органан тогIи чу а кхуьссу даьхний. ТIе догIа деъча, лаьтто дIахуьйдина и лазар мичча хена а тIедала тарло…Iалам а вай талхийча, вовшийн лар а ца дича… Вай дахар шадергге даьхнешца доьзна ду.

Стаг велча тIаьхьа е а бежана еза,тIедогIуш гIурбанан денош а ду. Схьаэца бежана хир юй те аьлла сингаттам бу нахехь. Боьхна болх бу. Деллий а хууш юьртахь делларг I5-I6 хьайба ду. Делларг билгал а мА ца волу. Кертахь ор доккхий дIадухкурш а бу,лазар кхеттий ца хаийта,диснарш дIадохкарехь новкъарло ца хилийта….»

Буьччалгийн цамгар бахьнехь даьхнех бевлларш мел дукха белахь а цкъачунна эшам хиллачарна гIодар хьехош а дац Iедалхоша. Хьехош дац бежана жижиг тахана къедалар коьртах а даьлла махкахь дийцаре деш доллушехь. Нохчийчохь уггар дукха даьхний кхобучу аренца Iохкучу ярташкахь карарчу хенахь наггахь доцург бежана жижиг духкуш хаалуш а доцуш, цуьнан къоьлла хIоьттина.

ХIинца схьагучу суьртаца и дилха дохкар кхана,лама,кIира даьлча алсам дер ду ала а дац.ХIинцале масалш ду цомгашчу бежана жижиг даарца доьзна нах лечуьра бевлла а. Царех цхьаъ ву Теркйист кIоштан ЧIулгаюьртара жижиг эцна вахана гIамаршкахь Ставропол мехкан Курскан кIоштехь веха Жамалай. И ву дуьйцуш.

Жамалай: «ЧiулгIа-Юьртара дехьна жижиг бахьнехь ши доьзал лечуьра баьлла гIамаршкахь. Кхаа дийнахь хаза неха санна цамгаро лаьцнер-кх. Чувеъна рицкъанах кхетта ши лулахо а цомгаш хиллера . Со-м хIинца а дика лартIа а ванза ву. Лулахочу н хIусамнана-м Курской дарбанан цIийне а кхачийнера и лазар юха ца долуш. Цуьнан цIийнда леррина юха ЧIулга юьрта вахана мА лийлира и жижиг доьхкинарг гархьама…»

ДIаьвше дилха а диъна шаьш лечуьра довларх дийцинчу Жамалайна хетарехь,гуьйре тIе а еъна шельяллалц къедала тарлуш ду бежана жижиг. Цуьнца дузу цо гIурбанна денош герга мел гIерта а Нохчийчу сихдинна уьстагIий кхийлар

источник