Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Европера Нохчийн Мух1ажарийн Кхеташонан Декъахошкара хаам

 

БисмиллахIир рахьманир рахьийм!

 

    Европера Нохчийн Мух1ажарийн Кхеташонан Декъахошкара хаам.

                          

 

    Европехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а бехачу Нохчийн Мух1ажарийн Кхеташоно, 300 000 сов Даймахкал арахьа бехачу нохчийн лаам кхочушбан 1алашо а йолуш, 22. 02. 2014 шарахь Брюссель  шахьарахь, Нохчийн Мух1ажарийн векаллийн Гулмо еллачу бакъонна т1е а тевжина -г1еххьа белхаш бина.

 

                 Коьрта аладезачу дешан хьалхе.

 

   Вежарий, йижарий! Турпала нохчийн къомо ша дуьненчохь йоккху еххачу хенахь, инзаре яккхий халонаш а ловш, тахане схьакхачийна шен маьрша хила болу лаам. Доккхачу дуьнент1ехь, шеца дуста х1ума доцуш бу, 3-4 б1е шаре бах а белла, нохчаша маьрша а, шайн лаьттан дай а хила мостаг1 Россица   латтош болу къийсам. Кху т1аьххьарчу 24 шарахь, нохчаша маьрша хила латточу къийсамо, мостаг1анна Россина а, дуьнент1ехь долчу къаьмнашна а д1агайтина- нохчийн къам хьаьшна, кагдина ца хилар а, цо маршоне кхача а, нийсо ларъян а д1ахьош болу къийсам сацор ца хилар а.                                                                

   23-25. 11. 1990-чу шарахь къоман Гулмехь (ОКЧН), нохчаша кхайкхийра маршо, дуьненна бовзийтира шайн йозуш йоцу пачхьалкх кхолла болу лаам. Дела дашехь нисбала а, лулахь долчу къаьмнашца тешаме хила а, дуьненан юкъараллийн низам ларда а 1алашо йолуш яра нохчаша маршонна яьккхина и доьналлий г1улч. Дала а, дуьнено а елла бакъо яра нохчийн къам т1екхевдинарг.                                                                                                                                                                                                                                                                                                                     

  1990-1994 шерашкахь, Нохчийн къоман маршонан мостаг1о, «демократан» муьжгийн Россис а, цунна бохкабелла цхьаболчу "нохчаша" а, массо аг1ор беш инзаре боккха эшаме т1е1аткъам боллушехь- жимачу турпала нохчийн къомо хаьржира дуьххьарлера Президент Джохар Дудаев а, Мехкан Парламент а, т1еийцира Конституци а, кхоьллира йозуш йоцу Нохчийн пачхьалкх.

  Ямартлонаш, талораш, харцонаш, кхин а эшаме мел дерг леладарх г1уллакх а ца хилла, 11.12.1994 шарахь луьра, къиза маса т1ом болира «демократан» Россис, шен керла пачхьалкх ЧРИ когах1отто а, ч1аг1ъян а г1ертачу нохчийн къомаца. Шина шаре бахбелира и т1ом. Нохчийн къомо а, цуьнан яхь йолчу к1енташа а, мехкарша а, цхьа барт а болуш, шайн синош ца кхоош мостаг1чунна дуьхьал бинчу

 т1амо, юьхь1аьржа а х1оттош, эшам белира  Россина-х1ара дуьне теш а долуш. 

 «Барт а болуш, бакъонца волчу кхаа стага-юрт яьккхина»-олуш кица ду нохчийн. Хьалха, Делера орца  кхачар а, шолг1а, маршонан новкъахь нохчаша д1ахьош болу къийсам, дуьненан юкъраллин низаман бух т1ехь хилар дуьнено даре дар а, и ши коьрта бахьана дара, дуьххьарлерачу т1амехь нохчашна толам балар а, мостаг1 юьхь1аьржа а х1уттуш, Нохчийчуьра аравалар а.

  Йохийна Соьлжа  г1ала а, ярташ а, эзарнашкахь г1азотехь кхелхина яхь йолу к1ентий а, мехкарий а, дайина маьрша адмаш а, бераш а, докъаза байнарш а, чолакх биснарш а, бисина зудрий а, байлахь дисина бераш а, кхин дуккха а даккхий зенаш хиллера жимачу нохчийн къомана цу дуьххьарлерачу т1амехь. Доцца аьлча, боккха мах д1абеллера нохчийн къомо хьалхарчу т1амехь-шен маршо а, пачхьалкх а ларъеш.

  И т1ом чекх а баьлла, шолг1а т1ом болабаллалц а, шолг1а т1ом болабелча, таханлера де т1екхаччалц а  Нохчийчохь а, нохчашна т1ехь а, нохчашна юккъехь а хилларш, лелларш, х1инца дерш а-дийцина а, дагардина а вер вац.

  Тахана нохчийн къомехь долу хьал а, вай кхаьчна меттиг тидаме а оьцуш, цуьнан хьесап дича, гуш ду-иза цхьа а воккхаве йиш йоцуш хилар. Хьекъал а, 1илма а, собар а долу стаг, цхьа х1ума (иза доккха, я жима делахь а) дан дезаш хала киртиг шена т1ех1оьттича, хиллачийн а, леллачийн а ойла еш хуьлу-пайдехь дерг дан масалла лохуш. Х1ума дале эшаме а, толаме а дерг лохуш хьесап до- хьекъал шен коьртехь долчо.  

   Халачу хьолехь, тахана а, шайн ницкъе хьаьжжина, маьрша хила къийсам латтош бу нохчийн яхь йолу к1ентий, мехкарий Даймехкан хьаннашкахь а, арахь а. Яханчу хенахь дийлинчу г1алатийн хьесап а деш, цигара масалла а оьцуш, хьалха д1аг1ерта декхарийлахь долу нохчийн къам, тахана а, барт бохийна хьийзадо цхьаболчу "нохчаша". «Ша-ша ву нохчийн къам нийсачу новкъа дуьгург а, Дела дашехь нийса а»-бохуш, шайн-шайний тобанаш а кхоьллина хьийза уьш. Нохчийн къомо а, я цуьнан дукхах долчу декъо а бакъо  елла вац цу тобанийн куьгалхойх-цхьа а.                                                   

   «Барт боцучу меттехь, Дела къинхетаме са туьйсила к1еззиг ю. Т1аккха, Делера къинхетам к1еззиг хирболчу белхе, вай муха г1ертар ду?» Цу тобанийн куьгалхоша  лелочо гойту, къомах уьш дог лозуш ца хилар а, мог1рера нохчий царна цхьа чот ца хетар а. Къоманна цхьа пайдехь дерг дан г1ертарг а ца вуьту цара-цунна луьйш, иза сийсаз ван г1ерташ.

   "Шен ц1енна генна а ваьлла, деза даккхий къамелаш дарх стага, я моттарг1анаш лелаярх воцург хила г1ерташ, эххара а-ц1а ваха ца деза цуьнан? Ша вина, кхиъначу меттехь, ц1ахь, гучуболу-нохчочун мах!"-аьлла, кхетам болчо.

Ц1ераш а ца йохуш, къоман дай хилаг1ертачаьрга д1ахаийта лаьа- нохчийн къам шул сема, собаре, кхетаме дуйла а, аша лелочун мах хадо цунна хуурдуйла а.                                                                                                        

    Мостаг1о, Россис, шегахь г1ор алсам хиларе терра,

лелош йолчу харцонашка болу хьажам артбеш, дуьненан юкъаралле вайн къомехьа букъ тохийтина  нохчийн къоман барт бохош кхоллаеллачу тобанийн коьртехьболчара. Жима,Турпала Нохчийн къомехь, цхьа а эшам бац тахана, дуьненна хьалха корта та1о - барт а боьхна вай хьийзар доцург.                                                                                                     

   Шега къоман бала балхош цхьа нохчо т1екхевдича: «Нохчий, барт бац шун. Шу санна бакъо йолуш къам дац кху дуьненчохь.

Аша, иза, кху 3-4 б1е шарахь, маьрша хила д1ахьош болчу къийсамехь-дуьненна а  хаийтина. Шайлахь цкъа къастам бейша, шайна оьшург билгал а доккхуш»-олу, муьлххачу а политико. Иза харц а дац церан. Нохчийн къоман барт бохош долу х1ума сацо г1ортар т1едужу, нохчо волчунна- иза къоманна зене хиларна.

  Нохчийн къомо кху т1аьхьарчу 24-а шарахь мостаг1чунна дуьхьал маьрша  хила латточу луьра къийсаман новкъахь хилла толамаш а, вайгара дийлина г1алаташ тидаме а оьцуш, Нохчийн Мух1ажарийн Кхеташонан Декъахоша, хаамаийн г1ирсех пайда а оьцуш, хаттарш а деш, дийцарш а, дагадовларш а д1адаьхьна ЧРИ Парламентан куьгалхо ву ша бохучу Сараляпов Жалавдица а, ЧРИ Президиума куьгалхо ву ша бохучу Идигов Ахьъядаца а, Нохчийн Парламентан декъашхо волчу Исханов Хьуьсейнца а, ЧРИ Кабинет Министрин Куьгалхо волчу Закаев Ахьмадца а. Цхьайолчу метте Дела дуьхьа доьлхуш, нохчашца юьхьдухьал къамелаш а дина. Царна юккъехь бу бусалба дин девзарш а, яздархой а, политикаш а, мог1рера нохчий а.

  Нохчийн Мух1ажарийн Кхеташонан Декъахоша 3-4 баттахь динарг а, лелийнарг а маршонна юкъ йихкина къахьогуш болу нохчий цхьаьна хорша нисло  аг1о лахар ду.    

 

                           Коьрта дош алар

 

   Лакхахь аьлларш а, алаза дуккха дерш а тидаме оьцуш, Европехь болчу Нохчийн Мух1ажарийн Кхеташонан Декъахоша т1е а эцна, ч1аг1бина -лахахь болу сацам:

 

  1. НохчийнМух1ажарийн Кхеташонан Декъахоша                 

  билгалдоккху: Европехь цхьаболчунохчаша

  кхоьллинчу тобанаша а, церан вовшашна луьйш

  бартбацаро а къомо маьрша хила бечу

  къийсамна- боккха эшам беш хилар.                                                                                         

            

  2.Кхоллаеллачу тобанийн куьгалхоша маршонан

  новкъахь динчу а, дан леранчу г1уллакхийн а,

  дуьненан юккъера урхаллашца, бевзаш болчу

  политикашца хилла, х1инца йолу церан

  юкъметтигаш а, низамехь хилар а, кхин дерг а, и 

  дерриг а тидаме оьцуш, вай хьесап дича,ЧРИ

  Кабинетан  Министрийн куьгалхочо Закаев

  Ахьмада а, цуьнца болчу накъосташа а, вайн къам

  маршонехьа кхачо хьоьгуш долу къа, нохчашна

  пайдехь хирг хилар ч1аг1до оха.               

 

з. "Д. Джахарас а, М. Асланас а (Дала г1азот

   къобалдойла церан), чолхечу т1еман хьоле

   хьаьжжина, Парламент а, кхин а йолу ЧРИ

   пачхьалкхан урхаллаш а болх бан йиш йолуш  

   ца хиларна, шен хенахь, кхоьллира Нохчийн къоман

   Лаккхара урхалла (ГКО). Цу шимма а, хиллачу

   бахьанашца шена т1е декхар доьжначу 1абдул-

   Хьалима а (Дала г1азот къобал дойла цуьнан), цу

  Лаккхара урхаллин (ГКО-н) низам а лардеш,

  д1абаьхьира маршоне болу къийсаман мур. Вайна 

  девзачу бахьнашца, цу Лаккхара урхаллин (ГКО-н)

   болх сецна бу. 

      Шеко а йоцуш, цигара схьа ду, маршонна юкъ  

   йихкинчу нохчашна юккъехь тобанаш кхоллаялар

   бахьна"-элира, ЧРИ Парламентан депутат волчу

   Исханов Хьуьсайнас, Нохчийн Мухьажарийн

   Кхеташонан Декъахошца шен хиллачу къамелехь.                                                                                                           

   Цу хьокъехь, Нохчийн Мух1ажарийн Кхеташонан

   Декъахоша, лакхахь Хьусайна аьлларг тидаме а

   оьцуш, (ГКО) ц1е йолу ЧРИ Лаккхара урхалла метта

   х1оттор, Нохчийн къомо маьрша хила д1ахьош

   болчу къийсамна пайдехь хирду  аьлла хета тхуна.                                      

                                                                                      

 4.ЧРИ Парламентан а, Лаккхара урхаллин (ГКО-н) а

   декъашхо волчу Исханов Хьуьсейне, низам тергал   

   а деш, и урхалла меттах1оттор кховдадо

   Мух1ажарийн Кхеташоно. Тахана  маршонан

   новкъахь къахьоьгуш болу Парламентан а,

   Правительствон а декъашхой, иштта, кхин болу

   жигархой а оцу меттах1оттош йолчу Лакхарчу

   урхаллин (ГКО-н) декъашхой бар пайдехь хир ду

   аьлла хета тхуна.                                                                                                                                                                                         

             

  5. Т1аьхьарчу хенахь Украинехь а, дуьненчохь а   

   х1оьттина сурт тидаме а оьцуш, нохчийн къомехь

   тахана долу чолхе хьал д1а а гойтуш, Европехь  

   болчу Нохчийн Мух1ажарийн Кхеташонан

   Декъахоша бина сацам а бовзуьйтуш, дуьненан

   юкъраллийн урхаллашка (ООН, ОБСЕ, ЕС)

   хьакъ долу хаам бар- Кхеташонан

   куьйгалхочунна Хачукаев Сайд- Мохьмадана                     

   т1едуьллу.                                                                                          

                            

                                  Дерзоран дош.

      

   Европерачу НохчийнМух1ажарийн Кхеташонан Декъахоша  д1ахоуьйту, лакхахь шаьш бина сацам нохчех цхьа а хьаьлаваккха а, охьаваккха а 1алашо йолуш бина ца хилар а, маршо езаш болчу нохчийн барт хуьлу аг1о кхечу кепара гуш ца хилар а.

   "Харцо тоьлуш йоьду, бакълуьйш болу нах 1ад 1аьш хилча. Амма, церан 1ад 1ан йиш-м яц!"-шен хенахь аьлла боху Турпал 1елас (Дела реза хуьлда цунна).                                                                                         

    Тахана, нохчийн къомехь долчу чолхечу хьоло, бакъо ца ло Нохчочунна, бехказлонаш а лоьхуш-тийна- те1на юьстах латта. Цкъа а ца эшначу кепара, кху муьрехь, нохчийн къомана барт оьшу. И барт хир бац, бакълуьйш болу нах бийшина 1аьхкича.

  Европехь Кхоллаеллачу НохчийнМух1ажарийн Кхеташонан Декъахоша д1ахоуьйту: шаьш бакъо езаш хилар а, бакъо гучаяьлча цуьнан накъостий хирдуйла а. Бакъ лен ойла йолчу нохчашка:

      - хьалха, Делан дуьхьа;                                                          

      - шолг1а, г1азотехь кхелханчу к1ентийн,   

        мехкарийн дуьхьа;                                                                          

      - церан дай-нанойн, йижарийн, вежарийн,

        дисанчу байн дуьхьа, и. д1. кх.- кхойкху.        

   Шаьш цкъа а бакъонна накъостий хир делахь, тахана, жимчу турпала нохчийн къоманна йоьхна, чолхе еанчу заманчохь, бакъдерг а олуш-Европехь кхоьллинчу Нохчийн Мух1ажарийн Кхеташонан Декъахойн накъостий хилар.                                                  

   Дерриг хуург Дела ву! Цо бакъонна т1ехь нисдойла нохчийн къам!

   Лакхахь билгалбина сацам а, аларш а, къобал а дина, т1еэцна, Европерачу Нохчийн Мух1ажарийн Кхеташонан Декъахоша.

 

   15. 10. 2014 шо.

Источник Хааман