Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

80 шо хьалха мацаллех бевдда украинхой тIелаьцнера нохчаша

memorial

ХIокху деношкахь Украинехь кхин цкъа а дагалоьцур бу, ялта дIадилларан план а, балхана тIера юртбахамхой кулакаш а бахьане хIоттийна, коммунистийн Iедалша хIаллакьбина миллионаш шайн махкахой. Сводный отряд олу, революци эккхале хIумма йоцуш хиллачу нахех-коммунистех вовшахтоьхна тобанаш араяьхнера, нехан хIусамашкара ялташ, даьхни а схьадаккха. Ялта-лелорхой, Украинин букъа даьIахк яра. Иза йуорца, еххачу ханна къам юхадаьккхира шен кхиамехь. 
 
80 шо хьалха украинхошна тIехь йинарг геноцид яра бохучунна тIехь лаьтта украинхой. Советан пачхьалкхан арахаш караэцначу Оьрсийчоьно тIе ца дуьту иза. Аьлча а, къера ца хуьлу, боьлхуш лаьтташехь, охьа эгаш белла миллионаш украинхой баларна бехке Советан Iедал дара, бохучунна.
ХIеттахь, Нохчийчохь а йолийнера, коллективизаци олу процесс. Колхозаш, совхозаш йохкуш, бахархошкара схьадаьккхинарг бухе дилла Iалашо яра болшевикийн Iедалийн. Дийца-м, хаза дийцара, «массо цхьатерра вехар ву», бохуш. Иза хиллера, массо цхьатерра къен а, мацалла вала воллуш а хир ву бохург.
 
Иштта, масех гали чохь хаьчкIаш карийна нохчий, шайн доьзалшций Сибрех хьовсийна – историкийн хьесапехь, эзар нохчийн доьзал - хало хьоьгуш шаьш нохчий а болуш, царна тIекхечира, мацаллий, гIелоннийй ирахь ца латтало украинхой. Уьш новкъахь бала а белла. Нохчийчохь хIара агIо теллина а яц. ХIора а нохчийн эвлахь украинхойн бераш кхиийна дуккха а доьзалшкахь. Амма тоьшаллаш лаха волавелча тIеделира цхьа бакъдерг – Оьрсийчоьно а, цо Нохчийчохь дIахIитточу, шена муьтIахьчу Iедалша а дечу урхалло къамелаш доца дан Iамийна нохчий.
 
Вуьшта-м, тIевеънарг тIеоьцуш, гIо-накъосталла деш а, шайга гIо ца далахь и далур дерг лохуш а, хIинццалц схьабаьхкина нохчий.
 
Нохчийчохь тIемаш буьйлабаллалц, шайн юьртара цхьа нах, мацаллех бевдда украинхойн тIаьхье юй ца хиъгнера шена бохуш дийцира Маршо радиога, лор волчу ИсмаьIала.
 
 ИсмаьIал: "Нохчийчохь хьалхара тIом болабелча бен эвлахь ваьхна вац со. ГIала бомбанашца дIашаръйица бен ца вахара (дех йисинчу керта). Цхьана кIантана гIо оьшуш хилла, цуьнга хьажа кхайкхинера со, лор хиларе терра. Белхтой-эвлахь дара иза. Цо цецваьлларг хIун дара, тхан туька йолчу туьпах бехаш, ша берриш а, кIайн месаш йолу нах бара. Ша санна шера нохчийн мотт буьйцу цара.

Цец а ваьлла, аса хаьттира, шу стенгара ду? ТIаккха цара дийцир-кх соьга, тхо шун юьрта даьхкина дукха хан ю. Мацаллах бевдда баьхкинчу украинхойн тIаьхье ю иза. Нохчийн гIиллакхаш, оьздангалла а вайчарел а чIогIа дуй те аьлла, лелош нах бу уьш. ХIинца а цу эвлахь болуш бу уьш."

Украинехь а, Нохчийчохь а хIоттийна хиллачу мацаллех а, украинера зударша шайн бераш мацалла ца далийта нохчийн доьзалшкахь дитарх а лаьцна дехха къамел хир ду кIиран дийнахь, суьйранлерчу программехь. Ткъа тахана, аса шун тидаме юьллу, нохчийн, украинхойн гергарлонан кхин цхьа агIо.
Нохчийчохь хьалхара тIом болон Москохо беш кечам болуш, гIалара цхьаболу бахархой эвланашка дIабахнера. Дуккха гIалахь бисинера.
И хан а дагалоьцу, гIалахь лоьран декхарш кхочушдеш, вехха Iийначу ИсмаьIала.

ИсмаьIал: Иза чIогIа тамашийна хIума дара. Журналистан цхьа тоьшалла а долуш, президента гIалин чохь вара со. ТIехьаьжча лекха хетахь а, чуьра ученаш чIогIа лоха яра. Цкъа цхьана дийнахь, садовш дара, неI схьайиллина, цхьа стаг чоьхьа велира.

ХIетахь, тIом хир бу-баций, цкъа а хир дац аьлларг хуьлуш, сингаттаме зама яра. Инзаре йоккха... ла ИлахIа ИллалахI - адам ду те и я хIун ю те, аьлла, хьежа волавелира со. Iаламат доккха дегI долу стаг, неI сагIа йолчехь корта охьатаIийна, чоьхьавели. ГIаьххьачул кхера а веллера со.

Со бен учахь цхьа вацара. ГIарт-гIарт-гIарт-нехь, тата доккхуш, суна тIевогIуш вара иза. ДIахьаьжча, адам дара. Цунна тIаьххье кхин ши-кхоъ веа, жимма Iийна, кхин пхи-ялх стаг веа. 

Iаламат даккхий догIмаш долуш бара уьш, ши метр сов ала йиш йолуш. ЧIогIа ницкъ болуш, зоьртала бераш дара уьш. Уна Унсо организацера бара уьш. Украинера баьхкина хиллера. Тхо къамеле девлча - хIунда даьхкина, лаа даьхкиний бохуш - шаьш москаляшца тIом бан даьхкина, элира. Цара гIазакхех "москалиш" олу.

ГIазакхий кхуза схьабагIахь, шаьш уьш отур ма бу. Тахана-кхана схьаван везаш кхин а I000 стаг а ву бахара цара. Цкъачунна ши бIе бен вац шаьш, элира цара. Дуьххьара цигахь гира суна уьш.

Кхин цхьа зудабер девзира суна тIаьхьуо, Света цIе йолуш. Барам боцуш, хаза йоI яра. ТIеманлойн командир яра. ГIазакхийн караяханчул тIаьхьа, цара къиза йийна хиллера. Нохчочуьнгахь марехь хиллера. Иза а вийнера." 

Источник: radiomarsho.com