Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Стохка Лапанкурехь 11 нохчо вер теллина Ичкерин комиссино

Стохка аьхка Лопота-чΙажахь гуьржийн ницкъахоша 11 нохчо вийча, хиллачу бохаман бухе лерина комиси кхиъалц, шен къоман массо а векалшка, цхьаьнце гамо а ца лелош, собаре хилар дийхира Ичкерин лидера Закаев Ахьмада. ХΙинца, и бохам хилла 9 бутт баьлча, талламаш а берзийна, сацам Ιорабаьккхина комиссино. Цуьнан куьйгалхочуьнга, дозанал арахьа Ичкерин Ιедалан хьалханчин когаметта волчу Ферзаули Ιусманца оцу сацаман хьокъехь къамел дира Маршо Радионо.

 
Ферзаули Iусман, дозанал арахьарчу Ичкерин премьер-министран гIовсФерзаули Iусман, дозанал арахьарчу Ичкерин премьер-министран гIовс
  • Лапанкурехь 11 нохчо вер теллина Ичкерин комиссино

ТЕКСТАН БАРАМ 
 
Юьхьанца, герзаца дар-дацар оьккхуйтуш, гуьржийн ницкъаша вийна, тобанара схьа а ваьлла, шайца барт бан хΙоьттина ши нохчо. Цул тΙаьхьа, массех сахьт даьлча, гонехь кхобучу нахаца маслаΙат дийца валаво, аьлла, кхачийна оцу метте, Лапанкурин хьуьнха, Тбилисехь беха шен доьзал болчу хьажахΙотта веъна волу Австрехь веха Чатаев Ахьмад.
 
Чатаевца шайн цхьаболу накъостийн юьстахбевлла, бертан къамел деш Ιаччохь, тΙом болийна гуьржийн ницкъахоша. Вийна кхин а 9 нохчо.
 
Чатаев Ахьмад тΙаьхьо гуьржийн дозанхошна тΙевахча, цара лаьцна, кхачийра пачхьалкхерчу цхьана набахте. Иза цу чохь сацош, цунна бехке дира цуьнгахь граната хилла хилар.
 
Шина баттахь набахтехь а кхаьбна, Чатаевгахь цхьа а граната а ца хилла, иза шега маслаΙат дар дехча бен а ца кхаьчна Лапанкуре, нохчийн тΙемалошна герга, аьлла бехках хьалхаваьккхира кхело.
 
Ткъа хилларг ма-дарра довзаза дисира гуьржийн президентан Саакашвилин Михаилан гонаша цхьацца кийтарлонаш лелор а, дерг къайленехь кхабар а бахьана долуш.
 
Амма Саакашвилигара Ιедал къуьйсуш волчу премьер-министра Иванишвили Бидзинас а, цуьнан гонаша а дахначу Ιай даржийра, нохчий ерриг а Европера а, Малхбалера а, шаьш царна аьтто бийр бу тΙеман говзалла караерзон а, герзаца Кавказ-Имаратан бΙаьхойх дΙакхета а бохуш, кхайкхина хилла президентан гоно Гуьржийчу, амма тешнабехкаца байъина, аьлла.
 
Политикехь мостагΙалла лелочу Саакашвилин а, Иванишвилин а агΙонаша мухха дийцахь а хилларг, Ичкерин цΙарах шен талламаш бина яьлла премьер-министран Закаев Ахьмадан когаметта волу Ферзаули Ιусман хьалха а лаьтташ болх беш хилла комисси.
 
Цо шен дΙахьедарехь бакъдо, Саакашвилин гоно дерриг а дуьнентΙера бΙе сов нохчо Гуьржийчу дΙа а гулвина, делла дош кхочуш а ца деш, кхаьбна хилар, цул тΙаьхьа 3-4 бутт баьлча, царех дукхахберш Европе а, Малбале а юхабирзина хилар. Ткъа тешнабехк бина, Иванишвили Бидзинан агΙончаша ма-баххара, Лапанкури-юьртахь.
 
Нохчех Лопота-чΙажахь хиллачух а, цунна гонаха лелачух а дуьйцуш, комиссин болх интернетехула Ιорабаьккхинчу  Ферзаули Ιусмана иштта къамел дира Маршо Радиоца.
 
Ферзаули: «Оха массо а агΙор теллина хилларг. Талламш беш  а бара дукха нах. Хилларг ду Саакашвилин Ιедало тешнабехк бар. Дукха заманахь дуьйна гергарлонашкахь долчу гуьржийн а, нохчийн къоман юкъа цим тосуш хΙума а ду иза. Делахь а, вайн цкъачунна дан хΙума дац, вайн мохк Оьрсийчоьнан кога кΙел бу тахана. Цундела оха тхайн талламаш а, тоьшаллаш а Европан, дуьненюкъарчу а организацешка дΙакхачор ду. Беллачийн гергарчара а дан догΙу оьшшу аьрзнаш Европан кхеле, масала».
 
Ферзаулин комиссино билгалдоккху Кавказ-Имаратан тобанаш юза Гуьржийчу нохчий кхайкхинарг Умаров Доккин ваша Ахьмад хилла хилар. Комиссин дΙахьедаро билгалйоху ша Умаров Ахьмад оьрсийн ФСБ-ца а, гуьржийн къайлахчу сервисца а зΙенашкахь хила тарлуш башхаллаш.
 
Мухха а делахь, вийначу 11 нохчашна юкъахь вацара Умаров Ахьмад. Вац иза хΙинца, гарехь, Гуьржийчохь а.
 
Ткъа муха ду гуьржийн политикийн жоп, тергоне оьций цара Ичкерин комиссина хетарг а хаьттира Маршо Радионо Ферзаули Ιусмане.
 
Ферзаули: «Гуьржийн Ιедале тхан комиссино хΙеттехь дахьийтира кехат, тхаьшца цхьана талламаш бар доьхуш. Амма цара цхьа а жоп ца делира. Уьш гарехь, бовланза бу хилларг теллина. Оха кхидΙа а доьхур ду цаьрга хилларг таллар а, бехке болучарна таΙзар дар а. Вйана кхочург цхьаъ бен дац – дуьнанюкъарчу кхелахошка, политикашка и гΙуллакх даккхар».
 
Гуьржийн премьер-министра Иванишвили Бидзина масех кΙира хьалха хьахош карлаяьккхира Лопотахь Саакашвилин ницкъаша нохчашца лелийначу харцонан тема. Ιедал толлуш ду и бохам, амма иза шен болх бина баллалц са а тоьхна, шен сацамаш бийр бу шен агΙоно, элира цо.
 
Ичкерин сацам болуш бу, Соьлж-ГΙалех дерг аьлча, цуьнгахьа ду имаратхой алссам мел хΙаллакьхуьлу а – цо цхьа а дош а ца аьлла байъинчийн хьокъехь, довзанза дуьсу гуьржийн  пачхьалкхо аьндерг а.
 
Оцу кхаа а агΙонаша сацамаш мухха а бинехь а, бахь а, духийла дац шина къома юкъара гергарло, аьлла хета Паьнказарчу нохчашна а, кхетамчохь мел волчу гуьржийчунна а.

 Radio Marsho