Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Къилбаседа Кавказ: кIиранан бIаьрла хиламаш

fuller

МР: Кремло шайн мехкашна дай, халкъашка а ца хоттуш, цхьана  а тайпа харжамаш а ца беш, хΙиттор бу бохучунна лерг таΙΙийна Къилбаседа Кавказерчу хьаькамех цхьаберш Ιачу юкъанна оршот дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана къамел дира, ша-м лууш вара халкъана хΙун хета, цуьнца дагавала, цунна мила товш ву харжамийн гΙоьнца хьажа, аьлла.
 
Фуллер: "Хила тарло, Кадыров ша иштта дечу дΙахьедарца Евкуров Юнус-Бекний, шений юккъехь башхаллаш юйла гайта гΙерташ. КΙира хьалха гΙалгΙайн лидеро аьлларг, Кадыровс бохучуьнца дуьстича, нийсса бΙостанехьа дара – мехкийн дай хΙиттор Оьрсийчоьнан президентан карахь хила догΙу, элира цо. Я тарло, Кадыровна ша къомана баккъал а веза а веза, цо ша цΙенчу харжамашкахь юха а хоржур а вара, аьлла хеташ хила. Шех къам кхоьру, цундела иза ша ца харжа даьхьар дац аьлла хеташ хила а мега цунна.

Нагахь санна Кадыровна шеко а йоцуш хаа лаахь, Нохчийчохь маьрша харжамаш дΙабаьхьча хΙун жамΙ хир дара ас хьажар доьху цуьнга Маршо Радионо шен веб-сайта тΙехь нахана хетарг толлуш хΙиттийначу харжамашка-хаттаме".
 
МР: Билгалдоккху оха, сайто кху деношкахь нахе, аш мила хоржур вара маьршачу харжамашкахь президент, аьлла, хΙоттийнарг хаттар бен а дац, цуьнан жамΙаш дохкийла дац бакъболчу харжамашна герга. Делахь а цо гойту, тахана нохчий маьрша хилча, хΙун хир дара Кадыровх а, цуьнан Ιедалх а.

Радион хаттамо кхоже виллина яхначу хенашкахь президентан харжамашкахь дакъалаьцна а, президент хила хьакъ ву аьлла а нахана хеташ хилла пхи стаг. Закаев Ахьмад, Кадыров Рамзан, Хасбулатов Руслан, Удугов Мовлади, Сайдулаев Малик  Карарчу ханна интернетехула шайн  лаам къадийначу 400 стага бина шайн къастам .

Кхоже бехкинчех цхьанненна а тосур бацара ша кхаж аьллачийн ю 30 процент.

Закаев Ахьмад президент хоржур вара бохурш бу 55 процент.

5, 5 процент ю Хасбулатовн.

5 проценте ца кхоччуш кхаьжнаш бу Сайдулаев Маликехьа.

ВоьлгΙачу метте вуьллу наха Удугов – 3, 5 сов оьккхуш процент.

ТΙаьххьара ву пхеаннах Кадыров, цуьнгахьа бац жоп деллачаралахь 2,5 процент нах бен, аьлча 400 бΙеннах 11 стаг.


Комментаторна Фуллер Элизабетна хетарехь, Закаев Ахьмадехьа хаттамехь алсам дакъалаьцнарш хилар дозу и стаг нохчийн къоман маршонан вастаца вузуш хиларца а, маршонехьа болу церан сатийсам лагΙбелла а бацарца.


Хасбулатовс тоьллачу кепехь, дов а доцуш, дΙахьор яра Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш, Нохчийчоь цо дика дΙаиэйийр яра оьрсийн пачхьалкхах аьлла хетачух тера ду цунна кхаьжнаш лучарна.

Ткъа кхаа проценте кхаьчна воцчу Кадыровх лаьцна-м дийца а хьашт дац, боху Маршо Радион комментатора.

Фуллер: «Хаа лаар-кха, Путина къобал бой те Кадыровс шена маьрша харжамаш хуьлийла лаьара, аьлла,къадийна лаам!  Нагахь санна Путина иза магош делахь, теша лаьа оцу харжамашка арахьара, масала, ОБСЕ-ра, Европан Кхеташонера, кхечу континенташкара тергамчаш кхойкхур а бу бохучух. Баьхкича и тайпа тергамхой, уьш цхьаммо а чехор а бац, Кадыров нахана билггал мел веза а гур ду бохучух теша а лаара суна. Бакъду, дагара ца долу, 2003-чу шарахь Нохчийчохь президентан харжамийн моттаргΙанаш дΙайоьлхуш цхьана нохчийн жимчу стага аьлларг. «90 процент адамашна ца лаьа Кадыров Ахьмад-Хьажа президент хуьлийла, амма вайна хууш ду-кх иза бен оцу дарже хаор воцийла!»-бохура шен децΙера хьал девзачо».


МР: ГΙалгΙайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанаш къасторах доьзна гΙуллакх кху кΙирнах юха а айдаро гойту Кадыров Рамзан ша леринарг охьадилла дагахь воцийла.
 
 
Фуллер: «Оцу юкъанна, Кадыров юха ца ваьлла шен Евкуров Юнус-Бекца нохчийн, гΙалгΙайн мехкийн дозанаш тΙехула даьллачу девнах. Шинарий дийнахь парламентан спикера Абдурахманов Дукхвахас довзийтира Кадыровна доза къастош лелачу дийцаршкара хьал.  ГΙалгΙайн агΙоно саботаже даьккхина и гΙуллакх – охьаховшуш бац шеца дийцарш дан, бохура Абдурахмановс. Ткъа Кадыровс дΙахьедира, ша омра делла нохчийн Ιедална дозанашка билгалонаш хΙиттон, аьлла».
 
МР: Комментатора Фуллер Элизабетас ма-баххара дан а долчух тера ду хьал. Еарий дийнахь шен 90 агΙонах лаьтта белхан жамΙийн, Ιалашоний дΙахьедар деш, багах а ца даьккхира Евкуров Юнус-Бека дозанех дерг. Дуьйцуш а доцуш, дийцаре деш а доцуш, кΙелдΙашхула беш бу цуьнан агΙоно доза, шен хьесапашца а дустуш, тΙечΙагΙар.

Radiomarsho.com