Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Гелдганхо Азман

Нохчийн къоман г1иллакх-оьздангалла! Х1ун ю иза? Х1ун алара вайн дикачу дайша нохчийн г1иллакх-оьздангаллех лаьцна?

  «Г1иллакх-оьздангалла шен заманахь Ялсаманахь хилла. Делан лаамца цу чуьра араяьлла иза. Шен хан т1екхаьчча, юха а, Ялсамана чуерза езаш ю г1иллакх-оьздангалла.                                                                                                                  

  Вайн сийдолу Мухьамад (с. а. с.) дуьненчохь волу хан хилла и. Цуьнга цхьаьна бусалба стага хеттинера боху: «Ма доккха ни1мат а, хазна а ю г1илакх-оздангалла! Шеца г1иллакх-оьздангалла йолу Делан лай кхелхича, жоьжаг1атан ц1аро вагор вуй-те?» -аьлла.

  «Дуьненчохь хан йоккхуш, шен дег1аца а, сица аг1иллакх-оьздангалла йолуш, иза лелош хан яьккхина волу Делан лай кхелхича, жоьжаг1атан ц1аро вагийна иза - аьлла, шена хезча. Тешар вацара ша цуьнах — и шен б1аьргашна ца гича!» - олуш, жоп делла хиллера боху Элчано (с. а. с.).

  Г1иллакх-оьздангалла шеца йоцу стаг а, зуда а- ж1аьлех тарло. Г1иллакхо кийрахь болу ша а башабо, зуламна бина шед а босту. Г1иллакх-оьздангалла д1акхехьа а, лело а къонахалла оьшу» - иза а, кхин а алара вайн дайша, г1иллакх-оьздангаллех дош олуш.

  Нохчийн къомо: шен яхь йолчу к1ентийн а, мехкарийн а куьгашца, дегнашца, коьртера ойланашца, маттаца, х1ума дарца, дитарца, бер санна, 1алашъеш, лелош-вайга схьакхачийна нохчийн г1иллакх-оьздангалла.

  И нохчяийн г1иллакх-оьздангалла, вайн д1абаханчу дайша, наноша, йижарша, важарша муха ларъеш, лелош хилла гойтуш, масаллийна, цхьа дийцар довзийта лаьа лахахь-бакъдолчунна т1ера схьаэцана долу.

  Гелдганхо Азман, ша кхиъна яьлча, нехан йоьдург санна, кхечу юьрта маре яхана хиллера - шен кхин д1а долу дахар нисдан.  Валид яра Азманан х1усамден ц1е.Иза хилла ду, 90 шо хьалха. Нохчийн г1иллакх-оьздангалла езаш а, лелочу а х1усамера яра Азман. Кегийнаш шайн дахар нисда г1ерташ, ши-кхо шо делира. Валидера доьзалехь, цхьа шо сов хан йолуш, к1ант а вара кхуьуш.

  Шега ала х1ума ца дуьтуш дара, Азмана марзахошца лелош долу несалла. Марзахошна езаш а, цара лерамбеш а яра иза. Цхьаьна дийнахь, шен г1уллакхе, Гелдгана веъна хиллера Азманан х1усамда, Валид, шен говрахь.

  Вайн нохчийн г1иллакх-оьздангалла ю, х1усамда, шен х1усамнана йина, кхиъначу юьртахь, говрара воьссина, цуьнан юьхь а лаьцна — г1аш ваха дезаш. Иза ду, динна юьртаца невцо лелон деза г1иллакх,  х1самнана йинчу а, кхиъначу юьртара иза вацахь. Даьхьна г1уллакх чеккх а даьлла, ц1ехьавоьду гелдганхойн нуц, Валид, юьртах а валале, шен говра хиъна хиллера.

  Юьртахваллалц говра хаа йиш йоцу нохчийн г1иллакх, невцалла, шен х1усамдас, Валида, дохийна - аьлла, хабар кхаьчна хиллера Азманан лере, жимма хан яьлча. Шена хезнарг бакъ ду я дац хьожуш, таллам бира Азмана-ган везарг гуш а, хатта дезарг хоттуш а. Х1усамда, Валид, шен юьртахошца г1иллакхах вохар бакъдеш, тоьшаллаш карийра цунна. Шен ненаца а, цу хьокъехь, дагаелира Азман.

  Кхоччуш, таллам бина яьлча: «Сан юьртахошца, говрара воьссина, невцалла ца лелош — нохчийн г1иллакх-оьздангаллех воьхна меттиг ялийна ахь. Кхин г1иллакх доцчу хьоьца, цхьаьна тховк1ел ца яххал, доьналла ду шегахь. Йитал ша, бусалба дино ма бохху»-Валиде а олуш, цуьнга ша йита а йитийтина, шен ден ц1а еара боху къонах Азман, шен шо сов долу к1ант а витина.

  Валидан а, Азманан а к1ант Мохьмад, т1еххьалц, вехира. Иза дагавог1у суна, йишик1анталла лелош,  вайн да-нана долче вог1уш хилла дела.

  Лакхахь, бакъ а долуш, хиллачунна т1ера схьаэцна, вай йозане диллинчу  дийцаран чулацамо гойту: боккхачу лерамца нохчийн г1иллакх-оьздангалла вайн дайша, наноша, йижарша, вашарша лелийна, ларйина хилар а, г1иллакх-оьздангалла тергалъеш воцург нахана осала хетар а.

  Нохчийн къоман геннара схьадог1у дахар, лай а, эла а воцуш хиларан  коьртачех бахьана, г1иллакх-оьздангалла шохчаша вовшашца лелор а, мел яккхий халонаш къомана т1ех1иттарх, г1иллакх-оьздангалла 1алашъяр а, д1а ца тасар а ду - аьлла, вай ч1аг1делча — и ч1аг1ам бохо да хир вацара.

   Г1иллакх - оьздангалла лелоро, ларъяро, д1а ца тасаро нохчашна юккъехь:

         - лерамаш а ч1аг1бина, марзо а латтийна;

         - лай а, эла а воцу дахар а нисдина;

         - т1ехьенехь яхь а, собар а кхиийна;

         - гергарлонаш ца хоьдуьйтуш, уьш дийна а латтийна  ... .

Доцца вай аьлча, ц1енойн бух ч1аг1бо цемент санна, нохчийн къоман ч1аг1ам бу г1иллакх-оьздангалла.

  Тахана, нохчийн къоманна т1ех1оьттина кху халачу муьрехь, нохчашна юккъехь г1еллуш ду г1иллакх - оьздангалла лелор, иза лардар. И бахьна а долуш, нохчийн къоманна хуьлуш бу боккха эшам.

  Массо а нохчо, къаьсттина баккхинаш, вайн дайша вовшахдиттина, лелийна, лардина нохчийн г1иллакх-оьздангалла, и вайн къоман хазна, 1алашъя, денъя дикхарилахь ву- йайна т1аьхье хила ца лаахь. Вай кхойккху нохчашка цу т1ехь само яре!

   Везачу Дала г1иллакх-оьздангаллех хер ма дойла нохчийн къам!

 

                                        Хучин Ахьмад-Берлин шахьар.

 

  1. 11. 2014 шо.