Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Дийнаволлушехь — велла лара

 

Юьртал арахьа, юьрта чу бог1у некъайисттехь долчу лекха, луьста къаххашна юккъехь, воьжна 1уьллуш хиллера Молнесарт — веллачух тера сурт а х1оттийна. Иза яра, де суьйранга лестина хан.

  Шайн ирзошкахь цхьацца белхаш а бина, говр йоьжначу ворданахь, ц1ехьа бог1уш хиллера цу юьртара зударий. Уьш бара и ворда йоьттина.

Бог1уш, Молнесарт 1уьллучу метте кхаьчча, церан ворда йохна боху. Шайн ворда йоьхча, охьабиссина зударий: цхьаберш, ворда тоя х1иттира, важберш, юьстах а бевла, цхьацца дуьйцуш севцира. Ишттачу меттехь зударша ден дерш а, дуьйцу дерш а билгалдаха ца оьшу аьлла хета.

  Некъайисттехь, къаххашна юккъехь, велла сурт а х1оттийна, 1уьллучу Молнесартана хезаш дара зударша дуьйцург а, девзинера уьш цигахь совцаран бахьана а. Амма, зударшна гуш вацара Молнесарт, къаххаш лекха а, луьста а хиларна. И цигахь вуй а ца хаара царна. Цу кепара х1оьттина хьал а долуш, г1еххьа хан елира.

  Юьстах, вовшашка цхьацца дуьйцуш а, боьлуш а 1ачу зударех цхьамма: «Х1ей, вайн ворда талой шуьга?» - мохь а тухуш, элира боху, вордана гонах хьийзачаьрга.

  Цу зударех, цхьаъ:«Ма г1уллакх ца хуьлу шаьш лелочух! Кху ворданна дан х1ума доцуш хьийза тхо» - олуш, йистхилира боху, шегахь йиш йохар а хаалуш.

  «Вайга талур ю аьлла ца хета шена и ворда. Зударийн болх бац иза. Вайна цхьа борша стаг оьшура. Цо элп а алале, тойийра яра и ворда» -олуш, вордана юххе г1оьртира юьстах лаьттачех цхьа зуда.

  Оцу зударша дуьйцург хезаш а, даг1ертарг хууш а волчу Молнесарта: «Х1ей, зударий, ша ма вара борша - велла вацахьара!»-элира боху, некъайисттерачу кхаххашна юкъехь 1уьллучуьра схьа, мохьтуххуш.

  Лакхахь Молнесарта зударшка аьлларг тидаме а эцна, иза дуста хьовсур вай, нохчийн къомехь долчу хьолаца. Тиша хьал ду тахана  нохчашкахь. Маршоне кховдар доцург, кхин бохуш а, доьхуш а х1ама а доцуш, Мостаг1о, Россис, шегахь ницкъ алсам хиларна: дохийна, даржийна, шен кога к1ел а дерзийна - къиза хьийзош ду нохчийн къам.                                              

  Иштта долчу хьолехь: диканиг дан, вониг духтоха къахьоьгучарна луьйш,  юьртан, къоман юкъарачу г1уллакхана шайгара г1о-накосталла а хилаза, шайн доьзалийн, дог1мийн боцург, кхидолчуьнан бала а боцуш, шайгахь долчух кхачо а йина - цхьа адамаш ду нохчийн къомана юккъехь лелаш. Ахь д1ахеттича: «Шаьш а ду нохчий» -олу, цара.

  И тайпа адамаш билгалдаха гайтина сурт ду, лакхахь - Ша ма вара борша - велла вацахьара-олуш, Молнесарта х1оттийнарг. Тахана нохчийн къомехь долу чолхечу хьолан тидам беш, вай хьесап дича, гучудолу, Дийнадоллушехь - делла адамаш, нохчашна юккъехь алсам хилар. И тайпа  к1илло са долу адамаш, накхаран мозаша шайна юккъера жуккарш санна, билгал а дохуш, церан тептар х1отто деза нохчаша. Адам гулделлачу меттехь, къамел дар дехка деза царна - цаьргара беркат дериг ца хиларна. И деш хилла царна, вайн д1абахана къонахий хиллачу дайша а.

  Дала лардойла вай, цу к1иллойн декъахь хуьлчух!

 

                                                    Умалт

  1. 06. 2016 шо.

Отдел писем