Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

НОХЧОЧО – диц дан йиш йоцург!

Кхайкхаза деанчу паччахьан Россин Iедало бIаьшерашкахь хьийзийра нохчийн къам. Цу Iедало нохчашна тIехь лелийна харцонаш а, къизаллаш а билгалъяьхна къоман бала кхаьчначу хьекъале векалша, шаьш талламаш а бина яздинчу тептаршкахь. И талламаш бовза хала дац тахана хаамийн гIирсашкахь.                                                                             

       Масане нохчех: яхь йолу КIант, ЙоI, доьзалан Да-Нана, бехк-гуьнахь а доцуш, хIаллак ди паччахьан Россин Iедало. Хийла Нохчийчохь юрт ягош а, йохош а талораш дина мостагIо. Инзаре доккха ду паччахьан Россин Iедало нохчийн къоманна дина зен.

I9I7 шарахь: къизалла шеца йолу и паччахьан Iедал а дохош, къаьмнашна паргIатонаш а кхайкхош - Ленин коьртехь волу Большевикийн Iедал хIоьттира Россехь. Цу Iедало кхайкхийначу паргIатонех тешнера нохчех доккхах долу дакъа. Ваша вешийна дуьхьал а хIоттош, луьрачу кхийсамехь цIий а Iанош, и Большевикийн Советан Iедал чIaгIделира Нохчийчохь а, Россин кхечу меттигашкахь а.  

ЧIагIделча, ша кхайкхийна паргIатонаш а йохош: коллективизаци а, кхин а цIераш йолу зераш (эксперименты) дан долийра цо нохчашна а, кхечу къаьмнашна а тIехь. Реза воцург а, дешан да верг а, Делан дош девзарг а, цхьацца цIераш а тохкуш, и нохчийн къоман хазна - хIаллак ян йолийра Советан Iедало. Нохчашна юккъехь цIе ерг: вийна, набахте вахийтина, кхиберш Гитлеран эскаршца тIом беш а болуш, I944 шарахь 23 чиллан беттан дийнахь, дерриг къам, сил дукха безачу Даймахках а доккхуш -сибарех дахийтира цу ямарт,  къизачу Советан Iедало. Мацалло а, цамгарша а ах нохчийн къам хIаллакдира цу хенахь.

Кху тIехьарчу 25 шарахь, дуьненна а гуш, 300 эзар гергга нохчех маьрша адмаш а дайина, царех 42 эзар сов бераш а долуш, «демократан» Росси ю жимачу нохчийн къоманна тIехь къизалла латтош-кхечу тIегIана баьлла тахана а боьдучу тIамехь.

Дохийна, даржийна, гIелдина хьийзош ду нохчийн къам цу ямартчу мостагIо. Амма, мел йоккхачу халонехь шаьш  белахь а, нохчех яхь йолу кIентий а, мехкарий а бу, дуьненна а бале яьллачу Россина дуьхьал маьрша хила кхийсам латтош-шайн гIоране хьаьжжина! Цо гойту, Нохчочо, къар а велла-маршоне боьду некъ тесна буьтург ца хилар.

Тахана хIора Нохчочо шена хьалха хаттар хIотто догIу:«Хьун  да деза- вайн къомехь долу доьхна, чолхе хьал г1оле йолчу т1ег1ана даккха ?»-олуш, . Цу хаттарна жоп лохуш, мел дукха ойла ярх, каро дац хIумма а - вайн къоман барт хилар доцург.

  1. 02. I944 шарахь, бехк-гуьнахь доцуш,Советан 1едоло, дерриг нохчийн къам сил дукха безачу Даймахках даккхар-цул йоккха а, бала баз беш а, къизалла сов йолуш а харцо цахета.

Тахана, герга кхочуш лаьтта къам махкахдаьккхина-I944 шеран 23 чиллан беттан де. И де а, бутт а, шо а-диц дан йиш яц Нохчочо! Нохчаша:«Къоманна  тIе бала боьссина де!»-олуш, билгалдаьккхина иза. 20I6 шаран 23 чиллан беттан дийнахь, 72 шо кхочу нохчийн къоме мостагIо и бала боссийна.    

 

Цу тIе а доьгIна, тхаьш алагIертарг дерзош, цхьа  къастош а воцуш,                               

                                   нохчашка  КХОЙКХУ:

 

        -Тахана, барт а, тешам а боцуш, къам доьхна хьийзачу кху муьрехь, хIора нохчочуьнга доьху собаре хиларе а, нохчийн барт хуьлу агIо лахаре а;

 

           -Вайн къоманна тIехь лелийна харцонаш  йицъелла йоций дуьненна хаийта а, сибарех мацалло, цамгарша дIакхалхиначу вайн дайшна, наношна,  йижаршна, вежаршна, берашна до1анаш да а, уьш дага лаца а Бельгин пачхьалкхехь Гуламехь вовшахкхетаре ;                              

( Гуламехь дакъа лаца бог1учу векалийн регистраци д1айолор ю - 19.02.2016 ш. 17сахьт даьлча, иза чекхъер ю-20. 02. 2016ш. 10 сахьт даьлча.                                        19.  02. 2016ш., суьйранна д1акхоччург, вала веза цига вог1ург шен х1усамера ара). 

Цу вовшахкхетарехь, хан билгал а яьккхина, Европерачу Нохчийн МухIажарийн Кхеташоно шина шарахь бинчу белхан жамI а дийр ду, дIайолчу ханна дан дезарш билга а дохур ду.

       Кхеташонан Декъахоша: кхин а тIе бан беза хаамаш бар а, и вовшахкхетар дIадахьар а-шайна тIелоцу.   

 

Везачу Дала нохчийн къоман барт а бойла, иза маьршачу дахаре а кхачадойла!

         

Европерачу Нохчийн МухIажарийн Къанойн  Кхеташо.

 

  1. 01. 20I6 шо.