ТОЛАМАН 1УЬЙРЕ !

Кху Дуьнено а вайха дог диллинера .
Нохчий т1амехь эшна аьлла.
Вайха ледарниш а цараха тешнера.
Юьстаха бовла бахьана даьлла.

Хьалхалчарна доьвзаш дацара.
Доьналлехь долу и жима къам.
Шолг1аниш д1ахедийна бара.
Шайн Маршонах бойъуш чам.

Амма царна хууш дацара.
Цу Т1емалойн Яхь, деган хьал.
Маршо йоцург хьашт а дацара
Цу Г1азотехь шайна лоьхуш Ял.

Вайн шахьаршчохь мостаг1 вара .
Г1аьпнаш йоьг1на ч1аг1велла 1аш.
И г1аьпнаш йохо кечлуш бара.
Къонахий ламанан к1ажошкахь.

Ткъа шо хьалха цу аьхка 1урахь.
Ялхолг1ачу дийнахь август баттахь.
Цу шайн Ден Дайн ,шира ч1ир екха.
Барх1 ах б1аь К1ант г1алийчу вог1у.
Летта вала йа Толам баккха.
Цаьрца дуста хьуьнар ца дог1у.

Цара дера-диллийтира цаьрга. Цу 1азапан боккхачу б1онне.
Хатта мегар ду царех хьаьнгга.
Т1аккха вер хьо ц1еначу ойлане.

Муха кагбира мостаг1чуьн букъ ?
Цу эзарнийн ницкъаш хьоьшуш.
Муха лайра аша и халан дукъ ?
Цхьа к1еззиг шаьш бен тешаш доцуш .

Аллах1 Вара Ша,тхан г1о динарг.
Тхан до1ийна жоп делла Верг.
Жима тоба Котта йоккхуш Верг.
Маршонан чам баржийна Верг .

Седарчашлахь лепа и бутт санна.
Цара даржира вайн къоман Сий.
Массо къаьмнийн шаьш Са айъина.
Дала хьостуш цуьнца вай а зий.

Аллах1-Дала шу декъал дойла.
Тхан лераме Турпал-Къонахой.
Маршо йоцуш вай дал ма лойла.
Махкахь доцуш вайн Маьрша той...

Аьрсбин Абу-Бакр 06.08.16 шо.