НОХЧАШКА КХАЙКХАМ!

Бисмиллах1иррохьманиррохьим

НОХЧАШКА КХАЙКХАМ!

«Маршо еза тхуна!» - алар доцург, бохуш а, доьхуш а кхин х1умма а доцуш, кху т1аьххьарчу 2-3 б1ешарахь, шегахь ницкъ алсамхиларе терра, Россин империс къиза хьийзош ду жима нохчийн къам.

Цу еххачу заманахь, нохчийн маршонан мостаг1о, Россис, багахь цхьаъ а дуьйцуш, к1елд1ахула лелош ямартло а, мекарло а, къизалла а йолуш, вайн къоманна т1ехь даза а, лелоза а дисина дац х1умма а.

Изза бахьана а долуш, мостаг1о, кху т1аьххьарчу 25 шарахь, шиъ маса къиза т1ом а би, нуьцкъалла шен 1едал а х1отти нохчашна т1е.

Россис шен лаам чекхбаккха Нохчийчохь х1оттийначу 1едална к1ел ца совца арабевла, цхьаберш а, цу 1едалан харцо ца лалуш, вайна ма хаъара, кхиберш а, Даймахкара, тахана а, арабуьйлуш нохчий бу, х1ара дуьне ма-дду баьржина, шайна тховк1ело а, напха а, парг1ат 1ар-дахар а лоьхуш.

Европера а, кхийолчу а пачхьалкхийн 1едалша: «Х1ун бахьана ду, шу шайн Даймахках къастар?» - аьлла, шайга хаттар дича, 90% нохчаша далошдолу бахьанаш вай дийца ца оьшу. Вайна хаьа, Нохчо, шен Даймахках атта къаьстарвоцийла.

Нохчийн къоманна т1ехь лелочу харцонах дош ала а, иза йийца а, ц1ахь, Даймахкахь иза дан йишйоций, уьшлара пхьидашна а хуьш ду. Вай лакхахь билгалдина бахьанаш а долуш, Даймахкара ара а бевла, Европехь а, кхечанхьа а д1атарбеллачу нохчийн терахь - 300 б1е эзарал а совделла. Тахана а бу арабуьйлуш нохчий, шайн Даймохк а битина.

Царна юккъехь бу, Россис нохчийн къоманна т1ехь лелийна а, лелошйолу а харцо, Дуьненаюкъара адмийн а, къаьмнийн а бакъонаш ларъян декхарийлахь йолчу урхаллашка дакхачо а, мостаг1е жоп далийта а къахьоьгурш. Царех цхьаъ ву Ибрагимов Сайд - Эмин а.

Амма, Даймахкал арабевлачу нохчашна юккъехь бу: «Политика а ма хьехае, Ичкери байракх а ма ийба, митинге ара а ма довла, тхан сурт а ма даккха. Иза дича тхан ц1адаха йиш а хир яц, ц1ахь долчу 1едало гергарнаш а хьийзор бу...» - бохуш, шайна доьша а, тховк1ело а хилча тоуьйтурш. И тайпа ойланаш ерш к1езиг бац, Даймахкал арабевлачу нохчашна юккъехь.

Иштта долчу адмана далийна ду: « Ловзо ч1ург а, баа хьокхум а хирболуш бац!» - олуш, нохчийн къоманна юккъехь, тахана а, лелаш долу кица.

Оцу тайпана ойланаш а, лаам а болчу «нохчаша», къоман яхь йолчу к1енташа а, мехкарша а мостаг1анна, Россина дуьхьал, къам маршоне кхачо, тахана а, латточу луьра къийсамна еш йолу новкъарло - йийцина вер а вац. Амма, царна д1ахаийта лаьа, бакъо тоьлуш а, харцо оьшуш а - кхане йог1ург хилар!

Ала, дийца дуккха а долуш, къаьсттина, Даймахкал арахьа 1ар-дахар долчу нохчашка алаг1ертарг дерзадо кхайкхам барца:

 

1.«Митинге ара а ма довла, Ичкери байракх а ма ийба, политика а

ма йийца» - бохуш волу «нохчи», нохчийн къоман мостаг1ан

хьер хьийзош йолчу ч1ургана хи т1едуьттучех ларар; 

  1. Маршо езаш болчу нохчашка, «Машар а, бакъо а адмана» ц1е

йолу Дуьненаюкъара Ассоциаци куьгалхочо Ибрагимов Сайд-

Эминас болиначу боламан ( и болам бовза таро ю хаамийн

г1ирсашкахь), шайн г1оране хьаьжжина, г1о лацар;

  1. Б1ешерашкахь, шайгара доьналла гайтарца, къизачу мостаг1анна

дуьхьал х1уьттуш, эзарнашкахь яхь йолу нохчийн к1енташа а,

мехкарша а, нохчийн къам маьрша дахийта, д1аделла мерзачу

синойн дуьхьа, осаллин а, к1иллойн а ойланаш д1а а яхе, х1ора

Нохчочо шен кийрахь а, коьртехь а маршоне йолу ойла, болат

санна ч1аг1ъяре кхойкху.

Везачу Аллах1а нохчийн къоман барт а бойла, иза маршоне а кхачадойла!

 

Европехь а, кхечанхьа а д1атарбеллачу Нохчийн

Мух1ажарийн Ассамблеи Къанойн Кхеташо.

  1. 08. 2016 ш.