«ЦхьайтталгIа декабрь»
12.12.2010
Написал Ичкериец
К 16-летию начала Русско-Чеченской войны навязанной чеченскому народу Российской империей и еe холуями, в лице так называемой «оппозиции». Зашищая Отечество, в той войне пали лучшие сыны и дочери народа чуть более 2700 героев.
Дала, гIазот къобал дойла церан. АллахIу Акбар!!!
«ЦхьайтталгIа декабрь»
(хьалхе ю)
Сергей Ющенков коьртехь а волуш, Россин муфтий Райнутдинов а, Думера виъ векал а, иштта масех журналист а волуш вовшаха кхетта жима тоба, хьалхарачу декабрехь Нахчийчу ян езаш а йолуш, Россин кеманаша хаддаза Соьлж-ГIалий чу бомбанаш еттара. ГIалан, «Старопромыслован кIоштахь» тоьхначу бомбанаша, маьрша нах лелош йолу автобус ягийра цу тIера адам а лазош. Деа агIора чу а хехкалуш, Джохар вехачу куьпа а туьйхира цара, цу дийнахь бомбанаш. Цу тIелатаро вийнарг вара виъ стаг, лазийнарг исс а волуш. Делкъал тIаьхьа, «Президента дворецан» подвалаш чохь, шовзткъа махкара баьхкина, информационни агенствошкара журналисташна интервью луш пресс-конференци дIаяхьира Джохарас, Россис лелош долу питана Iорадоккхуш.
Моздокехь хье бина и лакхахь хьахийна хьеший, Нахчийчу кхача ахсахьт хьалха, цуьнан хIаваъ паргIата дитара тIелеттачу кеманаша. Цу буса, йийсарехь болчу ткъе цхьанне эскархойн цIераш фамилеш тIехь йолу список елира Джохарас Ющенковга.
Ельцинас, юха а Дудаевна тIедожийра: «15-гIа декабрь кхачале, шайн лаамехь герз охьадилла Россин нуьцкъаллин органашна хьалха» аьлла. ШолгIачу Iуьйранна, Думан векаллин цIарах, Ельцине кехат дахьийтара Ющенковс а: «Бомбанаш еттар сацаде» аьлла. Маскоха шаьш юхадирзича, тIеэцар доьхуш, цу кIела куьйгаш яздинарш бара: С.Ющенков, Э.Памфилова, В.Лысенко, А.Шабад.
Оцу хенахь, пхи де хьалха 3216 соьман мах болуш хилла «доллар», 3262 соьме хьаладаьллера тахана.
4-гIачу декабрехь, Маскоха кхаьчиначу Хасбулатовс а дIакхайкхира: «Шен маслаIатан некъ чекхбаьлла. Цигара хьал, сан Iуналлин кIелара долу, Россино шен эскарш Нахчийчу дохийтуш хилча» аьлла.
5-гIачу декабрехь, Оборонан министр волу инарла Грачев, Маздоке веара Дудаевх кхета Iалашо йолуш. Цу дийнахь, Грачевн хьалхара гIоьнча волу инарла Громовс дIакхайкхира, ша отставке вахаран бахьана. «Нахчийчохь бан кечбиначу тIаманна, ша дуьхьала ву» аьлла хиллера цо. Политически реванш езаш волчу Егор Гайдарас а, цу тIамана бехке беш берш бара: Олег Лобов, Николай Егоров, Олег Сосковец, Сергей Степашин, Павел Грачев. Президентан цIе яккха ца хIоьттира иза. Амма, «Ельцин, цу наха Iехийна лелош ву» бохург билгала даьккхира цо. Цу дийнахь, Нахчийчоьнаца тIом бан кечдеш долу эскарш вовшахатохар чекхделира Владикавказан, Моздокан, Кизляран огIонашкахь дIагуладеш.
6-гIачу декабрехь, Грачевх кхета ваха кечлуш Джохар а волуш, Явлинскес зIе туьйхира цуьнга, «шена Соьлж-ГIала ван бакъо ло» аьлла. Хира болчу харжамашкахь, Россин президент хила гIертачу цунна, и бакъо елира цо. Цу схьаоьхачу нахана, жим-жимма луш и йийсархой дIабалар, цхьа шен Iалашо йолуш дара Джохаран. Шайн политически имедж айъа, схьаоьхуш болчу цу наха, шаьш юхабахача еш йолу пропаганда, Джохаран аьтто боккхуш яра. «Литовски сеймера векалш багIахь, цаьрга ша дIалура ву» аьлла волчу вайтта йийсархойх ворхI салтий, диъ дакъий Явлинскина делира цо. ХIунда аьлча, Россин МИДо литовцин векалш бакъо ца луш, Маскохахь сацорна бахьана долуш. Иза а, Джохаран жима толам бара.
6-гIачу декабрехь Сипсу-ГIалахь вовшахакхеттачу инарлин барт хира бац. Россин президентан цIарах, Грачевс кхийдориг Джохарас къобалдича, цо шен къоманна беш берг тешнабехк а, ямартло а яра. Цо шега бохург дича, хIара Забайкальски округан командующи а хIоттош, цунна инарла-полковник чин а луш, жимма хан ялча, иза Россин Оборанан министран гIоьнча хира волуш гIуллакх дара Джохаре кхийдориг. Ткъа кхо дан дезарг дара: «оппозицино» кхийдош болу некъ къобал беш, цаьрца барт бар; тIеман формированеш дIасхьахоьцуш, герз охьадиллар. Доцца аьлча, хьеначу дахарах, къоман маршо хийца езаш вара, нахчаша харжамашкахь тешам белла волу церан паччахь. Ардангана дуьхьала, ша цхьаъ хIуттуш йолчу берзан амал йолу Дудаев, хударх дуьзначу гуйнах къоман а, шен а маршо хуьйцура йолуш вацара.
Долларан мах, хеццана хьалабоьдуш бара 3292 соьме а кхаьчина.
Грачев юхавирзича, Президентан Совета Безопастано кхеташо гулайира. Дудаевца шен хилла къамел, Грачевс а хьахош; Егоровс «Ермоловн тактика тIеэца еза вай» а бохуш; МИД-ан министр волчу Козыревс: «Цхьа-шина кIирнах, вай Нахчийчохь низам хIотто кхиахь, дуьнено вайна бехк буьллура бац» а олуш; Совбезан йозанча волчу Лобовс, кхечарна гергахь бакъонан тIегIе ларорца долу сурт хIотто некъаш а хьоьхуш, и кхеташо дIаяхьира, Россин президент волчу Ельцинас. Нахчийчоь гола хIоттош, Россин низаме яло Грачевс итт де дехча, исс де бен ца луш, цу буса хан яллачул тIаьхьа, къайлаха долчу керла Указа (Указ № 2160, 9-гIа декабрь 1994 шо) тIе куьг яздира цо. Хьалха арахецначу Указан (Указ № 2137с, 30-гIа ноябрь 1994 шо) метта яздиначо бохург дара: «Пачхьалкхехь болу массо а гIирс, ницкъ тIетаIабай, къилбседакавказехь йолчу бандформированешкара герз схьадаккха» аьлла. «О мероприятиях по восстановлению конституционной законности и правопорядка на территории Чеченской Республики» аьлла арахецначу Указо, иза кхочушдан билгала яккхинера П.С.Грачев коьртехь волуш йолу, «Группа» аьлла, цIе тиллина тоба. Цу юкъа вогIуш вара: Н.Д.Егоров, А.С.Круглов, В.Ф.Ерин, А.С.Куликов, А.И.Николаев, В.Н.Паничев, Б.Н.Пастухов, А.В.Старовойтов, С.В.Степашин, П.П.Ширшов, С.Н.Юшенков. Царна тIедиллинарг дара, Нахчийчоь гола хIоттор, дуьхьало ен ерг хIаллак а веш. Кхечу дашца аьлча, нахчашца тIом болор. Цу буса, палатин спикерш болу Рыбкин, Шумейко схьавалийна, «нахалла доккхура дац» аьлла, цкъа хьалха куьйгаш а яздайтина, и Указ довзийтира царна Ельцинас. Хан ялча, шаьш Кремеле далорна кхеравелла волчу цу шиммо, шайга кхийдориг хIун ду хиъча са паргIата даьлла, Ельцинан и Указ къобалдира. Шайгара, цхьаа новкъарло хирг ца хилар а дIахаийтира цу шиммо.
9-гIачу декабрехь, Соьлж-ГIалий чу бомбанаш етташ Россин кеманаш а долуш, Маздоке схьагулалуш бара, ницкъаллин структурин министраш болу Грачев, Ерин, Степашин. Нахана гергахь, уьш цига бахкар хира йолчу «переговорашца» дуьйзина делахь а, баккъала йолу Iалашо, хира болчу тIамана гергахь хилар а, цу тIехь куьйгалла дар а яра. Церан карахь дара цу дийнахь куьг яздина Россин Президентан Указ №2166 «Нахчийчохь а, ХIирин-ГIалгIайн зонехь хиллачу тасадаларша кхоьллина, законехь йоцу тIеман тобанаш дIайохуш, сацор» аьлла. Цу Указо бакъо лора, Нахчийчохь дина ца Iаш, ГIалгIайчохь а таIзар дан, нагахь санна гIалгIайша гIаттам бина гIуллакх нислохь. Нийсса аьлча, «1994-гIачу шеран 12-гIачу декабрехь, Владикавказ-ГIалахь стоьла тIехь барт беш, юкъара галаморзахаллонаш дIаяха реза ду тхо» аьлла, дуьнене дIа а кхайкхина, малхбален, малхбузен, къилбседанан кхаа агIора, шен тIеман эскарш Нахчийчоьна тIеузуш яра, диъ шо хьалха «сверхдержава» ю аьлла, цIе яхана хилла гIазкхийн импери. Исс бIозза кIезга латта долу, цхьа бIе шовзткъа бархIазза кIезга адам долчу Нахчийчоьна «блокада» йиначу деа шарахь, хир хадийна экономика дIа а яккхина, хIинца тIеоьзина бIо, чоьхьарачу гIуллакхан эскарш доцуш, Оборонан министерстван шина мотострелкови, цхьана танкови дивизех лаьтташ бара. Царна гIо деш дара хIаваан кеманаш, даима таллам беш спутникаш а йолуш. Билгала дан деза, цу заманчохь Россин хилла тIеман эскар, цхьа миллион шибIе эзар салт волуш бен ца хилар. Ткъа Нахчийчухула чекхваьлла салт, ахмиллион хира ву, цу «Хьалхарачу тIамехь».
Хьалхара этапехь, Нахчийчу дало кечдина эскарш, кхаа группировках хIоттаделла дара.
I). Моздокан агIонгахь кхоьллиначу «Хьалхара группировкана» тIехь куьйгалла деш вара СКВО (Северо-Кавказски военни округ) командующин хьалхара гIоьнча волу инарла-лейтенант Чилиндин В.М. цуьнан куьйга кIела делла тIеман дакъош хIоттаделла дара пхийтта батальонах (шиъ мотострелкови, цхьаъ танкан батальон, кхоъ парашютно-десантан батальон, Чоьхьарчу эскаран тактически группан исс батальон), Чоьхьарачу эскаран «Спецназан» шина ротах, шина самоходно-артеллерин дивизионах, кхаа артеллерин-зинитни дивизионах, цхьана зинитно-артеллерин дивизионах, цхьана гаубицин батареях, цхьана танкан дуьхьала туху батареях. Цу группировки чубогIу ницкъ бара: 6567 эскархо, 41 танк, 99 БТР, 132 БМП, 54 йоккха топ, минометаш.
Ма-дарра, цу группана чудогIу дакъош цIарца билгала даьхча, уьш дара:
А). Къилбседа-Кавказан тIеман округера (СКВО):
«131-гIачу, Къаьстина йолчу мотострелкови бригадера» цхьанатоьхна отряд.
«19-гIачу мотострелкови дивизионан», «481-гIа зенитно-ракетни полк» яра
«173-гIа, Къаьстина йолчу мобильни бригадан» полкера, шина ротах лаьтта батальон.
«22-гIа, Къаьстина йолчу бригадера» «Спецназан», цхьанатоьхна отряд.
Б). ХIаваан-десантни эскарера:
«106-гIачу, ХIаваан-десантан дивизера», «цхьанатоьхна паращютно-десантан полк».
«56-гIачу, Къаьстина хIаваан-десантан бригадера», «цхьанатоьхна паращютно-десантни батальон».
В). МВД-ан Чоьхьара эскарера:
«59-гIа «ПОН» (Полк Особого Назначения).
«81-гIа «ПОН».
«193-гIа «ОБОН» (Отдельная Бригада Особого Назначения).
«6-гIа «Спецназан» отряд».
«451-гIа «ПОН».
II). Владикавказ-ГIалан агIонгара тIеоьзначу эскарна коьртехь лаьтташ вара, хIаваан-десантан эскаран командующин гIоьнча волу инарла-лейтенант Чиндаров А.А. цуьнан куьйга кIела делла тIеман дакъоша кхоьллина «ШолгIа группировкан» ницкъ хIоттабелла бара: 11батальонах (цхьаъ мотострелкови батальон, танкан батальон, паращютно-десантан батальон, Чоьхьарачу эскаран пхиъ батальон), цхьаъ ша лела йоккха тоьпин (самоходни) дивизион, шиъ йоккха тоьпин дивизион, шиъ къастийна зенитни дивизион. Цу группировкана чубогIу ницкъ бара: 3915 эскархо, 34 танк, 67 БТР, 98 БМП, 62 йоккха топ, минометаш, 14 бера болу кема (вертелет).
Цу группировки чудогIу дакъош цIарца билгала даьхча, уьш дара:
А). Къилбседа-Кавказан тIеман округера (СКВО):
«19-гIа, мотострелковера цхьанатоьхна отряд».
«19-гIа мотострелкови дивизионан» 3/481 терахь долу «зенитно-ракетни полк».
«42-гIа АК» чуйогIу 1/933 терахь долу «къаьстина зенитно-ракетни полк».
Б). ХIаваан-десантни эскарера:
«76-гIа хIаваан-десантан дивизин» «цхьанатоьхна полк»
«21-гIа къаьстина хIаваан-десантан бригадан» «цхьанатоьхна батальон».
В). МВД-ан Чоьхьарачу эскарера:
«46-гIа «ПОН» (Полк Особого Назначения).
«7-гIа «Спецназан» отряд».
«47-гIа «ПОН» (Полк Особого Назначения).
III). «КхоалгIа группировка» вовшаха тоьхана яра Кизляр-ГIалан агIонгахь. Цунна куьйгалла деш вара, 8-гIа гвардейски АК командир волу инарла-лейтенант Л.Я. Рохлин. Цу группировкан ницкъ хIоттабелла бара: бархI батальонах, шена чуйогIуш шиъ мотострелкови батальон а, ялх МВД-ан Чоьхьарачу эскаран батальонаш а йолуш. Иштта цу юкъа йогIуш яра: цхьаъ зенитни дивизион, цхьа зенитно-артеллерин дивизион, шиъ къаьстана йолу зенитни дивизион, кхоъ гаубицан-артеллерин батарея, цхьаъ ракетно-артеллерин батарея. Цу дакъошна чубогIу ницкъ бара: 4053 .скархо, 7 танк, 162 БТР, 28 йоккха топ, минометаш, 16 бера болу кема (вертелет).
Дуьххьара, тIом болочу дийнахь, Нахчийчоьнна тIеоьзина тIеман ницкъ берриге а лерича, цу юкъахь гIоьналлин ницкъаш а ца лоруш, иза бара: 34 батальон, царех пхиъ мотострелкови батальон, шиъ танкан батальон, ворхI паращютно-десантан батальон, МВД-ан Чоьхьарачу эскарера 20 батальон. Цул совнаха, йиъ йоккха тоьпин дивизион, кхоъ зинитно-ракетни дивизион, шиъ танкашна туху йоккха тоьпин батарея, шиъ гаубицан батарея, цхьаъ реактивни батарея. Цу дакъош чубогIу ницкъ лаьтташ бара: 23 эзар 800 .скархо (19 эзар эскархо – тIеман эскар. 4.7 эзар МВД-ан Чоьхьара эскар.), 80 танк, 208 БТР/БМП, 182 йоккха топ, минометаш, 90 бера болу кеманаш (вертелет), цу юкъахь 47 тIамана леррина вертолеташ а долуш.
Цул совнаха, цу тIеман дакъошна хьалха хIоттийна Iалашо кхочуш ярца аьтто боккхуш кхоьллина яра, «ХIаван-тIеман ницкъаш» юккъера билгала яккхина группировка а, цуьнан коьрта бух кхоьллинарг яра фронтан авиацин дакъош: «4-гIа тIеман авиацин» а, «16-гIа тIеман авиацин» а, иштта «4-гIачу тIеман летчикаш Iаморан а, юхаIаморан а Юкъ», «929-гIа зеран коьрта Юкъ», «802-гIа Iамор лелочу авиацин полкан» дакъош а.
Цу фронтан авиаци юкъайлгIуш яра: кхоъ авиадивизи, шена юкъахь
«10-гIа, бомбанаш туху авиадивизион», «16-гIа истребительни авиадивизин», «1-гIа, штурмовой авиадивизион» а йолуш.
Шиъ «Къастийна полк» - «11-гIа, Къаьстина таллам бо полк», «535-гIа Къаьстина авиаполк», цхьаъ «Къаьстина тIеман эскадрилин РЭБ».
«47-гIа, Къаьстина талламан авиаполкан» ницкъан дакъош.
«899-гIа, Къаьстина штурмовой авиаполк»
«968-гIа, Истребительни авиаполк».
«5-гIа, Къаьстина гена нека до эскадрили»
Дерриге а, Нахчийчохь тIом бан кечдина а, тIемаш беш а 515 хIаван кема дара, шайна юкъахь долуш:
Кхузткъе шийтта кема дара, «Су-24» олург. И кеманаш гIовту аэродромаш яра: «Морозовск» олу аэродром – 21 кема; аэр «Ейск» - 22 кема; аэр «Краснодар» - 12 кема; аэр «Мариновка» - 18 кема.
Доьзткъе пхиъ кема дара «Су-25» олург. И кеманаш гIовту аэродромаш яра: аэр. «Бутурлиновка» - 26 кема; аэр. «Моздок» - 8 кема; аэр. «Буденновск» - 37 кема; аэр. «Краснодар» - 6 кема; аэр. «Ахтубинск» - 4 кема; аэр. «Липецк» - 4 кема.
Шовзткъе ткъеессана кема, «Миг-29» олург дара. ( аэр. «Зерноград» - 27 кема; аэр «Приморско-Ахтарск» - 21 кема).
Ткъе кхойтта кема, «Су-24мр» олург дара. (аэр. «Мариновка» - 12 кема; аэр. «Шаталово» - 12 кема; аэр. «Буденновск» - 7 кема; аэр. «Моздок» - 2 кема).
Ткъе пхийтта, «Миг-25рб» олу кеманаш гIовтуш хилла аэродром яра, «Шаталово».
Цул совнаха, гена лела «дальни авиацин» кхоъ авиаполк яра, «Ту-22мЗ» олу кеманаш долуш. Уьш гIовтту аэродроаш яра: «Сольцы» (840 тбап); «Шайкова» (52 тбап, 326 тбад); «Белая» (1225 тбап, 31 тбад).
ТIекхочуш дара, 1994-гIачу шеран 11-гIа декабарь. Россин Президенто ша хьалха куьг яздина Указ (Указ №2137, 30-гIа ноябрехь 1994 шо) дIадоккхуш, керла Указ №2169 арахийцира цо, «Закон а, низам а, юкъараллин кхерамазалла Нахчийн республикахь лелорца дуьйзина Указ» аьлла. Цо куьг яздиначул тIаьхьа, официал йолуш Iуьйранна 8 сахьт даьлчи бен, вай лакхахь билгала даьхна хилла эскарш, Нахчийчоьнан доза хадо бакъо йолуш ца хиллехь а, цуьнан дукхаха долу дакъоша Нахчийн мехкан доза хадийна дикка хан яра. Цуьнан хьалхара дакъош Теркан дехьара а, цхьацца йолчу меттехь сехьара а еса аренаш дIалоьцуш, хIайт-аьлла хьийзара. Кхаа агIора доза хадийначу цу бIонна еш йолу дуьхьалонан чIагIалле хьаьжжина, и бIо чIагIбеш чукхуьйлачу кхин дакъоша, де дийне мел долу и бIо стоммабеш хира ду. Цул тIаьхьа догIура долчу ткъайха дийнахь, цхьана Соьлж-ГIалана гонахьа тIеоьзина эскаран барам хира бу: 37972 эскархо, 230 танк, 454 БМП/БТР, 388 йоккха топ, минометаш. Цхьана «Буденновск» олучу аэродромера де-буьйсанан юкъахь 60-зза, хIаваэ хьалаайъалуш кеманаш а долуш, кхин кIезга болх беш Моздокера, Краснодарера, Ростовера, Ейскера, Морозовкера, Мариновкера, Ахтубинскара аэродромаш а яцара. Юкъарчу барамехь 250-500 кила кIелаоьхкина 12-8 бомбанаш а йолуш тIелетачу кеманаша, Нахчийчоь огуш яра къинхетам боцуш. ГIазкхаша шаьш даре деш 1725 латта тIера объекташ йохийра, цу юкъахь тIамца юьйзина 305 объект бен йоцуш. «Су-24» олу фронтовой бомбордировщикаш дара тIетаьIIина болх беш. Цхьа бIе ворхI дийнахь 2300 тIеман айъадалар чIагIдеш долу терахь дара, хьамталлин йозано гойтург. Байъана, эккхачу бомба-ракетин барам бара: 5870 бомба, 36300 ракеташ, тIех нийса туху 30 бомба, «ХIаваъ-ТIехуле» олу 36 онда ракета, 1060 гIоьналлин герз цу юкъахь йолуш 1039 «САБ», 19 «АГИТАБ», 8 «ФОТАБ». Нахчийн махкана евзира, дуьнено тоха магийна йоцу «мехин», «шарикан», «фосфаран», «дискан», «кIоргалла йолу» бомбанаш. Цхьа атомни чуко йолу герз доцург, шена арсеналехь долу керла герз а, зен деза герз а дара, Нахчийчоьнна тIетухуш. Официал йолу тIом бола а балале, деаначу, 29-гIа ноябрь тIера, 10-гIа декабре кхаччалца деаначу цу цхьайтта дийнахь, дуьненна гергахь «оппазизин хIаваан кеманаш ду» а бохуш, кхайкхоза бечу тIеман аьттонаца Нахчийчоьнан аэродромашна тIелеташ, Iамор (учебни) долуш хилла кеманаш дохийра Россин ВВСо. Цу цхьайтта дийнахь, Нахчийчу тохар дан лерина 196-зза кема айъар дира гIазкхаша, царех 125-зза тIамаца тIелатар а деш.
Амма, шайн мохк ларбан хIиттина нахчийн къонахой кхерора болуш дацара, и тIехдаьккхина деш долу таIзар. Къилбседа агIора, дуьхьало еш долу нахчийн тIеман дакъоша, Россин паччахьна шен инарлаша делла дош дохадайтира. 20-гIачу декабрехь къилбседехьара чугIерта цуьнан бIо, Соьлж-ГIалина итт чакхарма гена йолу Керла-Юрт дIа а лоцуш, «Долинск-Первомайск-Петропавловск» олучу зилаца дIачIагIбелла бен бацара. ГIазкхийн эскарш, цу дозанца сацийнера сийлахьчу нахчаша.
29-гIачу ноябрехь, Дуьненанюкъара информационни гIирсин журналисташ бара, паччахьан цIа дуьззина лелаш, Джохарна тIекхача са тийсар долуш. Амма тахана, Джохарас тIеэцинарг БИ-БИ-СИ кореспонденташший, Ичкерин, ГIалгIайчуьра журналисташший бен бацара. Цо дIакхайкхира: «Бакъ долу нахчийн Iедал дохо, герз карахь йийсар бина гIазкхийн зуламхой, Россино шайн эскархой бу аьлла тIе ца эцахь, кхузткъе шийтта сахьт даьлча, царна тоьпаш тухара ю» аьлла.
Цу дийнахь Соьлж-ГIаличохь дIасхьабаьржина, Хасбулатовн цIарах кхайкхам а бара: «Бераш, зударий арадаха. Тахана, кеманаша бомбанаш тухура ю ГIалий чу» аьлла. Дудаевна ультиматум хIотто, кечам беш Маскоха а йолуш, кхо сахьт итт минот яллера, БИ-БИ-СИ-н кореспондент волчу ингалсхочо, Джохаре дина хаттар а долуш, «Су-27» олучу ялх кемано, Дворецана цхьа бIе метар сов генахь лаьттачу Банкана а, Минфинана а бомбанаш тухуш. Чохь болу журналисташ а, кореспонденташ а цIаьнкъа охьаийгира. Джохаран дегI ларориш цунна тIехьаьвдира. Амма, нахчийн къоман паччахье, бIаьрга негIар ца тохийтара, корин куьзганаш а дохош чукхеттачу тулгIено.
И кадраш, дуьненахула чекхъевлира, нахчийн урханчан сий ойъуш.
ТулгIено Iункара тоьхна цхьацца болу телевизионни гIирсаш метта балийча, велакъежначу Джохарас: «ХIара, хьалхара хаам бен бац. Сан дашах тешалаш, кестта, керла Кавказски тIом болалура бу шуна» элира.
Цхьана снарядаца, ши танк йохийна волу гIалгIайн кIант хестош, дегIах гранаташ йоьхкуш, Дела цIарца мостагIачуьнан танкашна кIелакхиссабелла, гIеметтахIоттаза долчу берин сий деш. Шен ницкъаца, цу кIенташна ниIмат деллачу АллахIан хастам беш. И дерриге а Iаламат, Цуьнан къинхетамах дузуш, нена маттахь халкъе вистхилара, цу халкъо хаьржина волу Президент. Телевизоро гойтуш яра ягийна а, йогуш а йолу танканаш, гIазкхийн йийсархой, цхьаберш кортош охкийна а болуш, бехказа бовла гIерташ къамелаш деш болу къоман ямартхой а. Цкъа, Хасбулатовс йина митингаш а, цуьнан кхайкхамаш а гойти, шолгIа Россин хьаькамаша, парламентераша Думехь дуьйцу хабарш а хазадой, тIаккха гIалий чохь цара динарг гойтура телевизаро. Цу тешаллашка хьовсуш болучу нахана гучаделира, хIара зулам мичхьа кечдина ду а, бакъболу зуламдай муьлш бу а. ХIинца, халкъан шеко яцара, шаьш хаьржиначу паччахьах. Уьш тешаш бацара хIинца, «нахчий къам хIаллакдан ваийтина ву иза» бохучух. Вовшаха а бетталуш, ярташкара Соьлж-ГIала охьаоьхуш яра «ополченин» тобанаш. Йолчу автомат, шалго топ, уьш йоцучу шаьлта схьаоьций а, тIом бан кечлуш дара нахчийн къоман доккхаха долу дакъа.
Петр-I-чуьнан, Ермоловн, НКВД-ан къинхетам, шайн дайшкара бевзина болу кхузаманан нахчий, дика хууш а, цхьаберш девзуш а бара, гIазкхий кху махка хьаьлхича, мискачу адаме кхочура долу дакъа. Цуьндела, халкъах цхьа дакъа Дагестане а, ГIалгIайн махка дIадоьдуш дара «беженцаш» хилла. Иштта, ГIалахь беха нахчий а, ярташкарчу шайн гергара нахехь дIатаралуш бара. Амма, Соьлж-ГIалахь веха шибIе эзар гIазкхий, ваха меттиг йоцуш, оьгIаза бахначу нахчаша бекхам барна а кхоьруш, тийна Iаш бара, «гIазкхийн эскар ГIалий чудеача, паргIата девра ду тхо» боху ойла дагачохь а йолуш. Амма уьш тешара бацара, «церан Iожалла, шайн гIазкхийн карах хира ю» аьлча. ГIалийчохь вийначу цхьана нахчийчуьнца вийнарг хира ву итт гIазкхий, шайн гIазкхийн эскархойн карах.
Шайца цхьаьна хьалакхиъначу, бехк боцучу цу нахах, гIазкхийн Iедалца йолу шайн оьгIазло, кхарех акха кечбелла бацара нахчий. Дуккху а гIазкхий, шайца ярташка хьалабигара, тIамах боевдда боьлхачу нахчаша. ХIинца, кеманаша бомбанаш етташ лазийна болу гIазкхий а, нахчий а къастам боцуш, цхьаттерра лоралла лелош бара, нахчийн хирургаш а.1995-гIа шеран 29-гIачу январехь, Киров поселкехь шена бевзаш хиллачу оьрсех хилларг хаа, къайлаха цига ваханачу Исламана карора бац уьш. Амма цу нехан, минометан снарядо хьакхолга тIекхаччалца ког баьккхина волу лулара гIазкхий а, цуьнан доьзал а Хьалха-МартантIе кхачора бу цо. Иза, хира йолчу тIеман историн цхьа цIинцIолг бен яц.
(тIаьхье ю:)
С.Асламбеков
|