Оккупация Чеченской Республики Ичкерия войсками Российской Федерации продолжается

 

Вход


Каталони. Маршо я Сепаратизм?

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Нохчийн "Маршо" санна хьошийла дац каталонхойн "Индепендизм"

«Мохк цхьаннех а бозуш бац», дIакхайкхийна Барселоно

Каталонин парламентан доккхахчу декъо шайн мохк бозушбацарх деклараци арахецна шинарийн сарахь. Резайоцчу Мадридо хаттар дина Барселоне: хаийта, хIун бохург ду «цаязар»?

Жоп метрополе дIа ца хьажийнехь а, документах лаьцна дуьйцучу Каталонин куьйгалхоша хаъал гайтина цуьнан маьIна.

Каталонин парламентехь (иштта Iедалехь а) дукхалла карахь латточу фракцех 72 депутато къобалйина маршонан деклараци.

Буха куьйгаш яздинчийн декъахь волчу Каталонин министрийн кабинетан лидеро Пучдемон Карлеса ша парламенте бинчу кхайкхамехь ца боху, мохк сихха дIакъаста беза Испанех. Мелхо а, «Каталони маьршаяла еза, амма сихъяла мегар дац», аьлла.

Оцу дIахьедаро гIеххьа сапаргIатъяьккхина Барселонерчу сепаратизман хьуно сингаттаме йожийна йолу Мадрид. Иза хIинца тешайоьлла шен ницкъ баккха дезар цахиларх барселонхошна дуьхьал.

Цкъачунна Каталонин ерриг а парламентан декъашхошна хьалха кхоже яккхаза ю Деклараци. Цундела олийла дац иза юридикан документ ду. Амма гена дац парламенто Деклараци къобалъян а – дукхахболу депутаташ бу Каталонех пачхьалкхаллехьа.

Цу тIе, кху беттан хьалхарчу дийнахь, Мадрид мел духьаллаьттинехь а, хиллачу референдумо гайтина мехкан лаам – 5,4 миллион харжамхочух 2,28 миллион стаг вахна кхаж таса, царех 90 процентна лаьа Каталони маьршайолийла.

«Каталонин индепендизм»

Шен къам а, шен мотт а болу мохк дуккхаза а гIиртина Испанех дIакъаста. 150 шо хьалха дуьйна а. ТIаьххьарчу бIе шерачохь маршонан болам айбира каталонхоша Испанин Iедалехь Франко Франсиско волуш. Амма ийшира.

1979 шарахь елла Каталонина автономи, цул тIаьхьа бакъо яьлла лела махкахь каталонин маттана а.

« Индепендизман» (мехкан маршонан) болам рогIехь марсабаьлла Каталонехь иттех шо хьалха. Иштта, кхул хьалха а хIиттийна цигахь маршонан хьокъехь референдумаш.

Башхалла юй Кавказерчуй, Каталонерчуй сепаратизмна юкъахь?

Маршо Радион хаттарна жоп луш ву Оьрсийчуьра политик, «Малхбаленан харжам» («Западный выбор») партин куьйгалхо Боровой Константин.

- ХIун башхалла го хьуна нохчийн, каталонхойн сепаратизмна юкъахь?

- Башхалла дера ю, цхьанхьа хирг демократин пачхьалкхехь хуьлуш хилар, вукханхьа – авторитаран пачхьалкхехь.

Уггаре йоккха башхалла ю, цхьаьнхьа политикашна юкъахь дискусси йоьдуш хилар, вукханхьа – репресси. Авторитарин пачхьалкхан карара гIирс кхин бу.

Нохчийн Республикехь тахана лаьттарг – репрессийн, колониалан режим ю. Вуно луьра. Иза тоъал маьрша йолчу Каталонерчу режимца юстар нийса дац.

Каталонехь цунна паргIатъяла кхочуш йолу бакъо муха чекхъяккха еза ду къуьйсург.

Ткъа Оьрсийчохь набахтийн, Iазапдаран, кхелан чоьнел арайолуш яц и бакъо.

Оццул йоккха ю башхалла.

Каталонхойн «индепендизманний», абхазойн, хIирийн, гIирмахойн, нохчийн «сепаратизманний» хIун ду юкъара, стенца ю башхаллаш, хаьттира Маршо Радионо Ичкерин лидере Закаев Ахьмаде а. Дерриг а цхьаъ ду, амма меттигаш а, къаьмнийн амалш а шайн-шайн ю, бохура Лондонерчу политико.

- Доккхачу декъанна, дешнаш ма дуй уьш, «индепендизм» аьлча а, «сепаратизм» аьлча а, «маршоне йолу бакъо» аьлла билгалдаьккхича а.

Дуьненаюкъарчу бакъоно магош йолу паргIато схьаэца тору хьал пачхьалкхашкахь лаьттачу хьоле хьаьжжина билгалйоккху. Каталонера хьал Абхазерчуьнца, Къилба ХIирийчуьрчуьнца, ГIирмерчуьнца, Нохчийчуьрчуьнца дуста диллича, нохчаша 400 шарахь схьабохьу шайн къийсам.

«Пачхьалкх кхоллар», маршо» бохучу кхетамашна тIера дIадаьлла Нохчийчохь долу хьал. ХIунда аьлча, нохчаша маршо лехар церан кхерамзаллица доьзна ду. Цхьана пачхьалкхо ца дина Оьрсийчоьно динарг – маршонехьа гIерта къам хIалладар.

Цундела йоккха башхалла ю оцу «сепаратизман» кепашца. Оьрсийчоьнна ша Нохчийчуьра хьал дерзийна яьлла аьлла хета. Кадыров охьа а хаийна, Нохчийчоь азаллехь Оьрсийчоьнах кхин къаьстар а йоцуш, цхьа пачхьалкх ю, ши къам ду, цуьнга бахийтарх, луъург дийца маршо яларх, Нохчийчохь хьал дирзина дац.

Нохчий шайн кханенан тIаьхьалонах, кхерамзаллах тешаш бац, тоьшийла а дац - Нохчийчуьра хьал шина стеган, Путинанний, Кадыровнний, юкъаметтигех доьзна бен лаьтташ а дац.

Европан Бертан пачхьалкхийн шайн башхалла ю. Испани маьрша мохк бу. Каталонхой Испанех къаста гIертарх, Европан Берта юкъара бовла лууш бац. Юкъаметтигаш царна хуур ду къасто.

Иштта, кеп карийначул тIаьхьа Кавказ а къаьсталур ю шен маршонца. Оьрсийчоьно тIамца, цIийца шорбина шен мохк. Къиза къаьстина, йоьхна дIагIур ю Оьрсийчоь.

- Хьан кхетамехь, пачхьалкх Каталонино йохош ю аьлла, Мадрино Барселонана тIе бомбанаш еттар яц-кх?!

- Дера еттар яц цкъа а цкъа а-м. Я бомбанаш а еттар яц, я цIий а Iанор дац. Рефередуман дийнахь шен полици шога хьаьвзарна а йоккхаеш яц Мадрид. Иштаниг Европехь чекх а дер дац, чекхдолуьйтур а дац.

Оцу юкъанна…

Чехин президенто Земан Милоша деношкахь Европан парламентан ассамблеян депутаташца къамел деш дIахьедина, Оьрсийчоьнехьа ГIирма ерзар – хилла даьлларг ду, Украинана ахча а делла, проблема Кремло яста езара, аьлла.

Оьрсийчоьно ГIирма яккхар бахьана долуш, цунна дуьхьал санкцеш латточу пачхьалкхех цхьаьннан лидер волчу Земана иштта алар ца тайначаралахь бу шен Чехин а куьйгалхой – масала, премьер министро Соботка Богуслава аьлла шайн президентан позици йогIуш яц Чехин арахьарчу политикаца.

Делахь а Европехь гуш ю башхалла: цхьаъ ду ницкъаша нехан мохк баккхар, кхин ду и мохк шен лаамехь бовбала гIертар.

radiomarsho.com