Связаться с нами, E-mail адрес: info@thechechenpress.com

Кхоьру со 1ожаллех, дуьненах санна..

Кхоьру со 1ожаллех, дуьненах санна..
Сан кхерам сов болу х1ора а денна...
Х1ун эцна г1ур ву те цу Далла герга?
Т1аьхь-т1аьхьа ас цуьнан ч1ог1а йо
терго...

Гергарнаш г1ур бу д1а, со каш чохь
Вуьтуш...
Г1ур вуй те сайх ала хаза дош дуьтуш?
Хиллий те даггара Далла беш хастам?
Хала ду суна цу ойланех къастта...
Лелла те дуьненах со 1еха велла?
Я хила г1иртина дуьненан эла?
Куралла йоьссиний теша сан даг чу?
Х1ун эцна г1ур ву те цу шийла каш
чу???

Комаьрша хиллий те? Хиллий те оьзда?
Ойланаш хиллий те динаца йоьзна?
Кхечуьнга во деъча, 1енадеш б1аьрхиш,
Лазамах дуьззина хиллий те б1аьргаш?
Биний те ден-ненан доггаха ларам?
Хиллий те къастадеш хьанал,я хьарам?

Буьйсанна ца вуьжуш, 1амал еш г1ийла,
Хила ца лаарна сайн х1усам шийла....
Багара долу дош шатайпа долуш,
Иманах дуьззина кийрахь дог долуш,
Г1иллакхе, оьзда а нагахь со хиллехь,
Оьшуш дац диканех аса дог дилла!!!
Кхоьру со 1ожаллех, кхоьру со ч1ог1а....
Собарца лайнехь а муьлхха а бохам...
Ницкъ хир буй теша соьх Ялсмане яккха?
Ойланаш ца вуьту парг1ат са даккха...
Сан цкъа а ца хилла ойланаш 1аьржа...
Тахана и ала ма ву со маьрша...

Массо а адамаш Делан дуьхь дезаш,
Ваьхна со даима, х1инцаъ ву вехаш!..
Ткъа кхана х1ун хир ду хууш ву Дела,
Адамийн, маликийн массеран эла...
Хьо хьажа и хьайна хилийта реза,
Кхана цун хьалха вай х1итта ма деза!
Ца оьшу цхьа тайпа дуьненан бахам,
Дуьне д1адаьлча а хир ма ду дахар!!!
Лаьар-кха цу Далла везна лай хила,
Шийлачу х1усамехь парг1ата 1илла...

Тахана веха со, ткъа мелла?-хаац...
Вехар ву ,са оьцу мулкулмотт даллалц!
1ожалла лазамза хила а тар ло,
Хьаьрчар соьх шурула к1айн долу
марчо!!!
Де дийне мел долу зуьйш ду вай Дала,
Хьо холчу х1оьттича бай бо цо бала,
Ткъа вайна г1о эшча-и дагавог1у,
Орцаха валахьа вай цуьнга боху!!!
Хазхетар хилича, х1оьттичи тезет,
1ожална герга верг да воьлча весет,
Хиларах дуьненчохь хьо х1уммаъ доцуш,
Хилалахь цу Далла хастам бу бохуш!!!

Дехар ду я к1еззиг, я дехар шортта,
Къоналло 1ехийча, къежбелча корта,
Дуьненан ойланаш еза д1а лахка,
Дезар ду цкъа мацца вайна каш а
даккха!!!
Хир ма ду и готта ,хир ду и 1аьржа,
Дуьненчохь ма хуьллу буса са держаш,
Хьо хьаста, хьо те ван хир ма вац цхьа а,
Дуьненчу юха хьо воьрзур вац цкъа а!!!

Кхоьру со 1ожаллех, кхоьру со ч1ог1а,
Амма ца оьшу со собарах воха...
Кхолламан некъа т1ехь ца веллехь тилла,
Йиш хир са х1усамехь парг1ата 1илла!!!

Автор неизвестный