Нахалахь дика ц1е йолу къонахчо аьлларг !

Дала доккха дег1 а, яккхий меженаш а, т1аьхьатесча дуккха чалх такхо ницкъ а белла хиллера Б1от1ина. Нахана вовзарехь а, ц1е яккхарехь а, эшарехь а - шел соввелла стаг ца хетара цунна. Амма кхетам а, хьекъал а юьххьера дара Б1от1ехь.

  Адамаш гулделлачу меттехь: - Ма доьналлехь а, г1иллакхе а, нахана оьшуш а, везаш а стаг ву и Диламха! - олуш, наха дуккхаза а Диламхан ц1е йоккхуш хезнера Б1от1ина.

- Шел дег1аца а, г1оранца а, эшарца а сов хиларна йоккху наха цу Диламхан ц1е - боху ойла сецнера цуьнан дагахь.

 - И Диламха газа а, мила ву хааза а 1ийр ма вац со - ша-шега олуш, нигат дира боху Б1от1ас.                                                          

Цул т1аьхьа хан-зама йелира, Б1от1а Диламхана т1е ца нислуш.

  Цхьаьна дийнахь, Б1от1а вехачу юьртахь, стаг велла тезет хиллера х1оьттина. Цу тезетахь Б1от1а а вара, юьртахо д1аверзош дакъа лаца веана.

Дуккха а адам долуш, доккха тезет дара иза. Кхечу ярташкара бог1учу нахаца Диламха а веара  цу тезета - веллачунна до1а а дайта, цуьнан верасашка кадам а бан. До1а а, кадам а бина баьлча, тезетан дас, хаа хьакъдолче, охьахаийра Диламха. Охьахиъначу цунна т1еоьхура нах: маршалла хатта а,  хьал-де хаа а.

  Юьстах лаьттачу Б1от1ина и сурт дайча, хиира, наха ц1е йоккхуш волу Диламха и вуйла.

Диламхана  т1еоьхуш долу адамаш лах а далийтина, цунна т1евахара Б1от1а.

Цо цуьнга салам а делла, маршалла а хоттуш: -Хьоьга  ала цхьа х1ума дара сан, хьан адамаш доцучу метте вала йиш хилча - элира боху, Диламхе, шен доккхачу куьйган беха п1елг вахавезачу метте а хьажош.

  - Иза-м халадоцург ду - олуш, Диламха, ша волчуьра г1оттуш, доккха дег1 а, андий меженаш а йолчу Б1от1ина т1аьххье вахара. Воьдуш и шиъ адамаш доцучу метте  велира.

  Юьстах ваьлча: -Хьо ву-кх шена вийцина Диламха. Нахана ма ч1ог1а дош хета хьо. Хьо воцчохь: хьо хьехош а, вуьйцуш а хуьлу нах. Ахь х1ун дина нахана — оццул вовза а, лерам бан а? Хьо гале шена моттара, хьо Башлам санна ву. Хьо-м ма вац дег1ана зоьртал а, ницкъ болуш а. Сан кисана тарвала а т1ам болуш ма ву хьо-м. Дийцахь суна хьо нахана вовзаран а, везаран а бахьана. И хаа нигат долуш вара со - олуш, къамел дира боху Б1от1ас, Диламхе.

  Б1от1ас къамел дечу хенахь, леррина цуьнга ладуг1уш 1ийначу Диламхана хиира: Б1от1ин кхетам мел бу а, иза х1ун стаг ву а.

 Цо, вела а велла: -Ша ву-кх Диламха. Нахана ша дина х1умма а дац. Хьуна а, хьо санна волчунна а моьтту: дег1ехь ницкъ болуш а, яккхий меженаш йолуш а, зоьртал а ца хилча - стаг нахана вевзаш а, дош хеташ а хила йиш яц. Ледар а боцуш, шайна динарг дуьтур а доцуш — нах буй хууш ву со.

  Амма ахь деллачу хаттарна жоп луш, ала ду сан. Нахалахь сан ц1е дикачу аг1ор йоккхуш хилар а, нахана со вовзар а коьртачех хьалхара бахьана ду  — х1усамнанас сан лерам бар. Х1усамнанас лерича, доьзало а лерира со. Х1усамнанас а, доьзало а лерича: дас-нанас а, йиша-вашас а, ц1ийнан наха а - лерира. Ц1ийнан наха а лерича: куьпахь а, юьртахь а дикачу аг1ор ц1е а йоккхуш - лерам бира сан.

  Юьрто а лерам бича: дехьа-сехьара ярташкахь а, вайн махкахь а везаш а - дош хеташ а т1еийцира наха. Ас нахана х1умма дина а, соьгахь нахехь долчул сов хьуьнар долуш а дац иза. Дела цхьаъ вар а, нохчийн г1иллакх-оьздангалла ларъяр а, нахана, оьшучохь, накъосталла дар а, собаре хилар а ду - нохчочун декхар. Нохчалла ларъеш къахьоьгу ас, сайн дахаран новкъахь. Иштта х1оьттина бахьана ду: со нахана везар а, вовзар а, дош хетар  - олуш, дерзийра Диламхас  шен къамел.                                                                                                                                         

  Диламхас деллачу жоьпах Б1от1а кхеттерий-м хаац. Амма, д1алаца корта болчунна: масалла а, хьехам а бу - Диламхан дахар а, цо Б1от1е дина къамел а.

  - Х1усамнанас а, доьзало а, гайно а воккху стаг дакъаза а, нахала а - олуш, кица ду нохчашна юккъехь лелаш.

 Хийла бакъхьара нохчо ву: вочу х1усамнанас а, доьзало а - ц1е йожийна. Ледар ша велахь а, дикачу х1усамнанас а, доьзало а ц1е ларъешверг а ву нохчашна юккъехь.                                                                                                                                              

  Лакхахь билгалдинарг коьрте а диллина, вай хьесап дича, гучудолу, нохчийн къоман Д1ах1оттамо а, дахаран низамо а (1адато) х1усамнана, сий ойбуш - лаккхарчу т1ег1анахь д1анисъяран бахьана.                                                                                                                                        

  Лаа дац, нохчийн къонахий а, хьекъале а хиллачу дайша: - Доьзал маьрша а, бертахь а, могуш а, токхе а, иманехь а хилар — къоман коьртачех ч1аг1ам бу! — олуш, т1аьхьенна дитина алар.

Вайна хаа деза: ша - шаха х1ума кхачо йолуш хуьлушдоций а, диканиг, Аллах1 резаверг хилийта бахьанаш лелон дезий а.

 Сийлахьчу Аллах1а: барт а, токхе а, иман а, марзо а латтайойла — нохчийн къоман доьзалшкахь! 

 Нохчийн Къанойн Кхеташонан тхьамда - Хучин Ахьмад