Женевехь йирзина марш. Амма некъ-м бац болулуш бен

«Бакъонан а, Нийсонан а толамехьа» цIе а йолуш, бахначу беттан 6-чу дийнахь бакъоларъярхочо Ибрагимов Сайд-Эмина йолийна марш йирзина Нохчийчоьнан Ичкерин Маршонан Дийнахь – пIераскана, Женевехь.

Ибрагимовца цхьаьна Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Женеверчу хIусаме петици чуяла йолчу Iалашонца гIаш Страсбургера некъ барна а (400 чаккхарма гергга), гIашлошна гIодарна а Ичкерин дозанал арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада лараман тоьшаллаш дала сацамбинчу жигархошлахь ю хIара цIерш: нохчий - Арцуев Муслим, Шершаев Беслана, Кехарсаев Аслан, Кехарсаев Адам, Бекмурзаев Ризван, Адамов Ислам, Адамов Рустам, Адамов Хьасан, Шовхалан Адам, Алдамов Аслан, Гашаева Зайнап, Адамов Хаважи, Кураев Мохьмад, Кехарсаев Беслан, Арцуев Аслан, Бекмурзиев Амирхан, Дунаева Разет, Ибрагимов ИбахIим, францхо - Тельер Иван, азербайджанхо - Мамишев Лачин. Марш ерзош, митинг хIоттийра маршан декъашхоша а, царан агIончаша а. Шаьш чуеллачу петицин маьIница а догIуш, нохчаша а, церан некъ къобалбечу кхечу къаьмнийн векалша а декхарейира Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организаци Оьрсийчоьно нохчийн къоманна дуьхьал дина тIеман зуламаш талла а, церан, дуьненаюкъарчу низамашца а догIуш, хьакъ доллу мах хадон а.

Хааман бух: radiomarsho.com