Нохчийн г1иллакх а, оьздангалла а.

Бисмиллах1иррохьманиррохьим!

 Башхалла а, адмалла а шайца йолуш г1иллакхаш ду нохчийн къоман.Уьш дерригге а цхьаьна тоьхча - Iадат - олу цуьнах. 1адат - нохчийн къоман дахаран низам ду. Г1иллакхах д1акъасто йиш яц оьздангалла. Г1иллакх а, оьздангалла а цхьаьна хьерчаш ду. Нохчийн г1иллакх - оьздангалла лелоро а, ларъяро а - кегийрхойн дегнашкахь кхиайо НОХЧАЛЛА. НОХЧАЛЛА бохучу дешан чулацам бовзуьйтуш - дуккха а тептарш яздан дезар ду. Доцца  вай аьлча, Аллах1 резавеш ду НОХЧАЛЛА бохучу дашо чулоцург.                                                                               

 - Бусалба дин т1еэцча, Аллах1 резавоцу г1иллакхаш нохчаша д1атесна. Нохчийн г1иллакхаш а, оьздангаллаш а Аллах1а билгалдинчу суннаташна там беш хиларх теша вай. Яханчу заманахь кхечу къаьмнийн лай а, элий а хиллехь, нохчаша и тайпа дахар

къобалдина дац. Аллах1 цхьаъ а веш, г1иллакх - оьздангалла шеца ерг — эла а, иза йоцург — лай а лоруш, б1ешерашкахь баьхна нохчий. Г1иллакх - оьздангалла шеца хиларо хьайбанах къастадо адам, иза доцург  ж1аьлех тарло - алара, вайн къонахий хиллачу дайша.

  Ненахошца, стунцхошца лераме а, г1иллакхе а велахь, рог1ехь шена т1едоьжна г1уллакх кхочуш а дахь - и тайпа стаг тоуьйтуш хилла вайн дикачу дайша. 

  Оьшуш а, пайде а долу х1ума: лелош а, лардеш а, ц1индеш а ца хилча — тиш а ло, адамо диц а до.        

  Вайн дайша, наноша, вежарша, йижарша нохчийн 1адатера г1иллакхаш лелор а, лардар а муха хилла довзуьйтуш, лахахь - ши - кхо масалла даладар бакъхьа хета:

  1.Зуда ялийча, иза дуьххьара х1усамна чуйоккхуш: нускална моз кхаллош а, кара жима к1ант - бер луш а, цуьнан когашка куз я верта тосуш а — г1иллакх ду нохчийн. Нускална моз кхаллоран а, цуьнан кара жима к1ант- бер даларан а маь1на довза хала ду аьлла ца хета.                                                                                                                                       

К1орге йолуш маь1на а, инзаре боккха чулацам а болуш ду, нускална, керлачу х1усамнанна - когашка верта тасар. Цу нохчийн г1иллакхан дозалла а, маь1на а ма дарра довзийта, вай иза йозане дуьллуш къахьегча — дуккха а тептарш яздан коьчалла ю иза.

  Доцца вай аьлча, верта: вайн дайн безам а, нохчийн къоман хазна а ю. Оццул деза, хьоме верта несанна когашка тасар - х1усамненан нохчийн къомо сий - ларам беш хилар ду.

   Шена хьалха тесна верта когашца ца хьошуш, иза лаьттара схьа а эцна, дегош, тамехь д1анисдар, нускало: х1усаман а, доьзалан а, мехкан а сий лардан - ша юкъ йихкина хилар гайтар ду.

  Иштта деза, доккха маь1на а, чулацам а болуш ду - нускалан когашка верта я куз тасар. 

  2.Юьртахь, доккхачу тезетахь дара иза. Сан дейтта шо хир дара цу хенахь. Тезета веара юьртара воцу цхьа жима стаг. Юьртара баккхийнаш бара коьртехь хевшина 1аш. Царна юккъехь хиъна 1аш вара сан да а. И жима стаг тезета т1евогуш, цо салам а далале, хиъна1ачура г1аьттира сан да. Кхиболу баккхийнаш хевшина 1ара. До1а а дина, кхелхинчун верасашка кадам бина ваьлча: тхан дас хьал-де а хеттира цу жимачу стаге, билгалйинчу метте охьа а хаийра иза. Цул т1аьхьий а бен, охьа ца хиира сан да. Геххьа хан яьлча, тезетан дас и жима стаг - хьаша д1авохуьйтуш, цунна т1аьхьа а велира сан да — цуьнга вист а хуьлуш. Нохчийн г1иллакхехь, жиманиг т1евеъча - воккханиг г1оттуш меттиг байна вацара со.                       

И сурт дайначу сан дагчохь цакхетам кхоллабелира. Х1унда  г1аьттира - те сан да цу жимачу стаганна хьаьла? - боху хаттар дара хьалха х1уьттуш. Цуьнан бахьана довза лаар дара дагехь сецна. Цу тезетара ц1а вахча, ас дега хаьттира цуьнах дерг.

  - Майртупара ма вара и тезета веана жима стаг. И т1евеъча, сан хьаьлаг1аттар: ненан сий дар а, цуьнан лерам бар а дара. Сан нана Майртуапара ма хилла — олуш, со кхетош, б1аьргех девла хиш а хаалуш, сихха жоп делира сан дас.                      

  Сан нана а яра Майртупара. Дас цу тезетахь далийначу г1иллакхо, цу масалло, кхетийра со: ненахойн бан безачу лерамах а, цаьрца лелодезачу г1иллакхах а.

  Лаа дац: - Ненавешин букъ т1ехьа вижчий а бен, парг1ат наб ца кхетта луралла шена т1ехь долчу к1антана — олуш, нохчийн кица. Ненахошца лелодезаш дуккха а ду г1иллакхаш.Уьш лелор - ненан лерам бар а, сий дар а ду.

3. Х1усаме хьаьший баьхкича, шена сил дукхаеза, хьоме нана цамгарца юй а ца хоуьйтуш, уьш т1е а эцна — царна хьошалла деш хилла нохчийн к1ант, Болат. Хьешашна хьошалла деш, меттиг а боккхий, хьалха чохь, цамгарца меттахь 1уьллу шен нана ган воьдуш хилла иза — цуьнгара хьал довза.

 - Нана, ахь: - Хьаша ларалахь — бохуш, со кхийна хиларна, баьхкинчу хьаьшашна хьо цамгарца юй ца хоуьйтуш, уьш т1е а эцна, царна хьошалла деш ву-кх со - элира боху к1анта, дуьххьара ша нанна т1ех1оьттича.

  - Со х1инца г1олехь ю хьуна. Хьаьший ледар ма биталахь - элира боху нанас к1анте, шегара хала хьал а ца довзуьйтуш.                                                                                                      

  Кхо де - буьйса даьлча, хьаьший д1абаха тохабелира. Юьртахбовллалц, т1аьхьаволуш, хьаьший д1а а хьовсийна, юхавирзина, шен х1усаме кхаьчча — нана кхелхина карийра Болатна. 

  Сихонца шен нана д1аерзо кечамаш бан вуьйлира и нохчийн к1ант. Кхечу юьртахь 1ашволчу шен ненавеше хаийта хьадалча а вахийтира Болатас. Дикачу говрахь маса воьду и хьадалча, Болатан х1усамера шайн говрашкахь ц1абоьлхучу хьаьшашна т1екхиира. Салам - маршалла вовшашка хеттина даьлча, хьадалчо довзийтира: Болатан нана кхелхина хилар а, ша хьошдолу г1уллакх а.

  - Иза - м бакъ дацара. Дукха хан яц, ахь вуьйцу Болатера х1усамехь хьошалг1ахь а 1ийна, тхо вовшех къаьстина - элира, цу хьешех цхьамма.

  - Иза бакъ хилар шеко яц. Ша сиха ву - олуш, говр а човхош, и хьадалча д1авахара.

  Хьешех, воккхачо: - Х1ума хиларан сахьт дац. Хьовса деза вай... - олуш, юхабирзира боху уьш. Бог1учу хьаьшашна, шайна хьошалла динчу Болатеран кертахь - х1оьттина т1езет дайра. Шайн гергарчу стеган, Болатан, нана д1айоллалц, цу тезетахь а 1ийна - ц1ехьа бахара боху и хьеший. Оцу нохчийн г1иллакхо  гойту, мел боккха лерам бо нохчаша хьешан - иза муьлххачу къомах велахь а.

 Лакхахь, доцца олуш, 1адато нохчийн къоман дахарехь д1алоцу меттиг а йовзуьйтуш, цу 1адатан цхьадолу г1иллакхаш билгалдехи вай, къонахий хиллачу дайша, наноша, йижарша, вежарша уьш лелор а, лардар а муха хилла хоуьйтуш.

  Тахана нохчийн къомехь долу чолхе хьал тидаме а оьцуш: - 1адатера г1иллакхаш  нохчаша лелор а, лардар а муьлхачу т1ег1анахь а, барамехь а ду? - олуш, хаттар                           

х1оттийча. Цу хаттарна бакъонца долу жоп лохуш вай къахьегча, гучудолу, нохчаша цхьадолу 1адатера г1иллакхаш д1атосуш хилар. Халахетар а, чамбар а хуьлу, нохчийн г1иллакх - оьздангаллийца (1адатца) ца дог1у х1уманаш нохчашна юккъехь оьгуш хааделча.

  Воккхачун лерам бар г1елделла. Божаршна а, зударшна а юккъехь эвхьазлонаш алсамъевлла. Хаамийн г1ирсашкахь нохчий хаало вовшашна луьйш а, меттаза дерш дуьйцуш а, лелош а. Кхечарна хьалха дас-нанас бер караэцар а, иза хьастар а, керла зуда ялийна жима стаг дена, кхиболчу баккхийчарна гучувийлар а, жиманиг воккхачунна хьалха хиъна 1ар а, кхидерш а лелош - нохчийн 1адатера  г1иллакхаш лар ца до цхьаболчу кекгийрхоша. Вайн къонахий хиллачу дайша стеган а, зудчун а мах хадош: Аллх1аца йолу юкъаметтиг ларъяр а, г1иллакх - оьздангалла хилар а коьрте оьцуш хиллехь, х1инца нохчаша, дукхахьолахь - сом хиларца хадабо адаман мах.                                                                                                                                                                

 - Муьлххачу а адамна, корта охьа а ца та1ош, б1аьргашна чу хьажа йиш хилар — и бу коьртачех къонахчун бахам — алара вайн дикачу дайша, кегийрхошна хьехам беш. Вайна  гуш ду тахана нохчашна юккъехь оьгу дастаме х1уманаш.

 Диканиг вочух къасто коьрте хьекъал а доссале, ненан шура балдашна т1ехь якъа а ялаза, кегийрхой бу яккхий мажош а йитина лелаш. Нохчийн г1иллакхехь (1адатехь) маж йитар, стага: Далла а, нахана а хьалха - шена т1е  инзаре доккха жоьпалла т1елацар ду. Цундела Нохчочо, Дела резавоцурш ца дан ч1аг1о а, нигат а дой бен — атта ютуш ца хилла маж. Ледарлонаш шегара юьлуьйтучу стага маж йитича: - Маж-м газанан а хуьлу - олу нохчаша.                                                                                      

 Далла гергахь къилахь доцу, вайн дайша лелийна а, лардина а 1адатаре г1иллакхаш, пусар дар а доцуш, нохчийн кегирхоша д1атийсар, вайга хаьттича - къоманна боккха эшам бу. И г1иллакхаш ца лардар — нохчийн къоман орам бакъабар а, ч1аг1ам  г1елбар а ду.

 Къоман г1иллакх - оьздангалла (1адат) лелор а, лардар а нохчашна юккъехь тахана г1ийла хиларан бахьанаш дукха ду. И бахьанаш билгалдахар кхечарна а дитина, ала лаьа, мел яккхий халонаш шайна т1ех1иттарх: дин а, мотт а, нохчийн г1иллакх - оьздангалла а (1адат) - вайн къонахий хиллачу дайша, наноша, вежарша, йижарша лардина хилар. Деши санна ц1ена, адамалла шайца йолу нохчийн г1иллакхаш, оьздангаллаш вай ца лелош а, лар ца еш а, д1атасахь, доцца вай аьлча - яйна т1аьхье хир ю вайх.

  Алаг1ертарг дерзош, вежаршка, йижаршка кхойкху: Делан дош а, нохчийн мотт а, г1иллакх - оьздангалла а т1аьхьенна йовзуьйтуш - къахьегаре а, само яре а.

Къанойн Кхеташонан тхьамда - Хучин Ахьмад. 

Источник: qaanuoy.com