Оккупация Чеченской Республики Ичкерия войсками Российской Федерации продолжается

 

Вход


Яндарбиев Зеламха. Сингаттам

Скачать шаблоны для cms Joomla 3 бесплатно.
Зелёные шаблоны джумла.

Меллаша гIушлакхе баьлла, тийна Iа, таьIна Iа малх. Нохчийчоь, хьо йоцчу ваьлча, ма гIийла хетта-кха нах. ХIорда тIехь кхозий, малх, боьдий, гIаьттинаъ валале хьо, карабо, дIабуза боьдуш, дерриг де шеца дIахьош. Нохчийчоь, суна ма гина хьан Iуьйре, хьан делкъе, де. Суьйре а, буьйсаъ ларйина… Ткъа кхузахь-м дац буьйсаъ, деъ… Хан кхузахь – ерриг цхьа зама, хIорд санна, цхьатерра дIа… Нах бу, комаьрша, балл тамаш, амма мохк - дог доцуш цхьа . Гой хьуна, дош аьлла валале, делкъе а схьахIоьтти тIе. Нохчийчоь, сайн деган баланех хьоьга кхин дуьйцур дуй те?..

Источник: radiomarsho.com